ТIекхочийла долу линкаш

 
Нурмагомедов Хьабибера 80 миллион гергга йасакхан декхар схьадаккха буьйлабелла кхелан пурстоьпаш
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов Хьабибера 80 миллион гергга йасакхан декхар схьадаккха буьйлабелла кхелан пурстоьпаш


Нурмагомедов Хабиб
Нурмагомедов Хабиб

Кхелан пурстоьпийн Федералан сервисан базехь йу Дагестанерчу UFC-н чемпион хиллачу Нурмагомедов Хьабибан йасакхийн инспекцина хьалха 79,4 миллион соьман барамехь гулделла декхарш такха дезарх информаци. Хьалхо хаам бинера, Хьабибан йасакхан декхарийн берриг а барам 297 миллион бу аьлла.

Низам кхочушдаран процесс схьайиллина товбеца-беттан 5-чу дийнахь, базера хааман терго йина Mash телеграм-канало. Ресурсан информацица, спортхочунна дихкина ду пачхьалкхера аравалар.

Товбеца-беттан 1-чу дийнахь гучуделира Нурмагомедовн банкан чоьташ дӀакъовларх – Кавказ.Реалии сайто тӀечӀагӀбира цуьнан йасакхийн декхаран берриг барам. Федералан йасакхийн сервисо бинчу хаамца, декхарш дӀадаларан дехарш кхочушдарехь негативан баланс кхаьчна 79 миллион соьме – иза нисло ала мегар ду йиллинчу кхочушдаран процессан махца.

Стигалкъекъа-баттахь Mash канало хаам бира Eagle Fighting Championship-н а, "Дешар, спорт, социалан инициативаш кхиоран Фондан" а банкан чоьташ дIакъовларх лаьцна - ший а структура кхоьллина йара Нурмагомедовс.

Оццу хенахь UFC-н экс-чемпион шеко йолуш вара йасакхийн сервисна хьалха 300 миллион сов декхарш хиларх. Талламаш баран бахьана, официалан боцчу хаамашца, Нурмагомедовс кхоьллинчу юридикан наха "Туркойчуьрчу отелашкахь а, Iарбойн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь стартапашка" а инвестицеш йар дара.

Кавказ.Реалии сайта тӀехь анализ йира UFC-н чемпион лаьттинчун бизнесан гӀуллакхийн: гучудаьлларг ду цо Оьрсийчохь шен спортан карьера йерзийначул тӀаьхьа кхоьллинчу компанех дукхахйерш болх беш цахилар.

  • Хьалхо Оьрсийчохь критика йан буьйлабелира Нурмагомедов Хьабибана. И доьзна дара Американ экс-президентаца Трамп Дональдца цхьаьнакхетар хиллачул тӀаьхьа а, ишта Дагестанерчу спортхочун Цхьаьнатоьхначу Ӏаьрбийн Эмиратийн паспорт ду аьлла хаамаш баьржинчул тӀаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG