ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тулера вахархочунна гIуда тоьхна Ичкерин символикаца видео йаржорна


Ичкерин байракх, гайтаман сурт
Ичкерин байракх, гайтаман сурт

Ичкерин билгалонаш тӀехь видео дӀайазйарна цхьа эзар ах эзар сом гӀуда тоьхна кхело Тулан вахархочунна Азизов Арсенна. Экстремистийн символаш гайтарх лаьцна административан артиклца бехкевина иза, хаамбина ОВД-Инфо агенталло.

Талламхойн версица, "ВКонтактерчу" шен агӀонехь цо зорбане йаьккхина хилла Оьрсийчохь террорхойн йу аьлла дӀакхайкхийначу Нохчийн Ичкерия республикин символика гойту видео. Кхелехь Азизовс дӀахьедира, шена ца хаьара цу видео тӀехь дихкина хӀума хилар, йаздо "АиФ-Тула" гIирсо. Бехк тӀе а эцна, шен агӀон тӀера видео дӀайаьккхина цо.

Кхелан сацам цкъачунна низаман ницкъе баьлла бац, цунна латкъам бан мегаш бу.

• Марсхьокху-баттахь Волгоградан мехкан Николаевскан кӀоштан кхело бехкевира Ломакин Сергей экстремистийн символаш гайтарна, мессенджерехь Ичкерин а, Украинин гӀаттамхойн эскаран а байракх йолу сурт хӀоттийна хиллера цо.

• Соьлжа-ГӀаларчу Висаитовскан кӀоштан кхело меттигерчу вахархочун Умалатов Хьусейнан бехк тIечIагIбира, Ичкерин бардан Муцураев Тимуран илли бахьана долуш экстремистийн материалаш йаржорна аьлла. Оьрсийчохь йихкина композици зорбане йаккхарна лаххара таIзар дира цунна - эзар сом гӀуда.

• Пятигорскан гӀалин кхело бехке озийра меттигера вахархо Василенко Олег экстремистийн материалаш йаржорна. 2002-чу шарахь "Цхьааллин Оьрсийчоь" партино харжамаш хилале хьалха кхайкхийна манифест йаржийнера цо социалан машанехь. Ткъа цуьнан текст Оьрсийчохь экстремистийн хилар къобалдина, йихкинера.

• Оьрсийчоьнан юстицин министраллан экстремистийн материалийн официалан реестрехь карарчу хенахь 4517 текст, видеош, аудиош а йу, уьш зорбане йахарна административан жоьпалла тӀедожош ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG