Соьлжа-ГIалахь меттигерчу йоIаца уьйр хиларх шеко йолуш тIевеана стагана йиттина, хетарехь белхаш дан веана хилла иза. ТIейогIучу хенахь и саннарг далахь вуьйр ву аьлла кхерамаш тийсина цунна.
Йетташ йаьккхина видео зорбане йаьккхина ЧП/Чечня телеграм-канало. Цхьана роликехь йетташ гойту – леташ верг цхьа стаг ву, цуьнга хьоьжуш лаьтташ йу божарийн тоба.
Кхечу видео тIехь, цIийх йуьзна йуьхь йолуш, вортанна тIера лаьцна иза латточу стага ву мохь бетта: "Нацизм йац кхузахь, массаьрца а ларам бу, массаьрца а вежаралла а ду, амма цхьаъ нохчий йоIана тIевогIий, аса АллахIаца дуй буу, изза хир ду – хIара-м данне а доцург ду". Видео тIехь –гонах бу масех иттаннашкахь нах, царех цхьаммо кхерамаш туьйсу вуьйр ву бохуш.
Националистийн пропагандийн Readovka телеграм-каналан хаамашца, зен хилларг, хетарехь, Таджикистанера веана белхан мигрант ву. Хууш дац, меттигерчу йоIаца цуьнан уьйраш хилла, йа цуьнан "коча оьхуш" хилла иза.
Официалерчу органаша хиллачу инцидентех хаам бина бац.
- Нохчийн йукъараллехь тIе йоьцуш дац гIалгIай боцурш, зудчо кхечу къаьмнийн векалшца йукъаметтигаш лелор а, маре йахар а.
- Охан-баттахь Петарбургерчу стенд-ап-комедин Абу ГӀазалех Нидалан концерт дӀайаьлча, нохчийн мехкарех лаьцна йина забар бахьана долуш къинтӀера вала дийзира хьовсархойх цхьаьннан.
- Стохка марсхьокху-баттахь Петарбургехь нохчийн полисхоша лачкъийна, Нохчийчу дӀайигира республикан йахархо Сулейманова Седа. Гезгамашийн-беттан 4-чу дийнахь дуьйна цхьа а информаци йац цуьнан кхолламах лаьцна. Седин везаро, оьрсийн къомах вочлу Кудрявцев Станислава, бусалба дин тӀеэцнера, амма йоӀаца цхьаьнакхетар дан аьтто ца баьлла цуьнан. Бакъонашларъярхошна хетарехь, иза "сий лардеш" йийна хила тарло.