ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризмехь дакъалаьцна аьлла шеконаш йолу ГӀалгӀайчуьра вахархо лаьцна Швецехь.


Швецера полици, гайтаман сурт
Швецера полици, гайтаман сурт

Швецехь арахьарчу Ӏедалийн дехарца лаьцна 41 шо долу ГӀалгӀайчуьра схьаваьлла стаг – Европерчу цхьана пачхьалкхехь терроризмехь дакъалоцуш ву аьлла шеко кхоллайелла цунах. Амма стенна иза бехке веш ву, хоуьйтуш дац. Иза лаца европахойн ордер арахецнера, ткъа Швецин Iедало араваккха сацам бира, амма пачхьалкх билгалйаьккхина йац.

Швецерчу ТВ4 телеканалан сайто дийцарехь, Оьрсийчуьра ведда иза, ФСБ-но ша тидаме эцний накъосташкахула хиъча. Мисаре а вахана, цул тӀаьхьа ГӀирме дӀавахара иза, ткъа 2014-чу шарахь Оьрсийчоьно ГӀирма дӀалаьцначул тӀаьхьа Запорожьехь ваха дӀатарвеллера иза. 2016-чу шарахь ФСБ-н дехарца лаьцнера иза Украинан кхерамазаллин сервисо, амма цул тӀаьхьа маьршаваьккхира - ГӀирмерчу гIезалойн Меджлисан куьйгалхочо Чубаров Рефата тоьшалла а дина.

Оьрсийчоьно террорхойн леринчу "Хизб ут-Тахрир" организацица и стаг воьзна лору Оьрсийчоьно.

Цкъачунна хууш дац, маца, муха кхаьчна, и цIе йовзуьйтуш воцу стаг, Швеци. Билгалдаьккхина ду, иза лоцучу хенахь махках ваккха сацам бина хилар. Адвокато дӀахьедина, шен клиенто харцдо ша цхьана а низамехь доцчу гӀуллакхехь дакъалаьцна ву бохург аьлла.

2014-чу шарахь Оьрсийчоьно ГӀирма дӀалаьцначул тӀаьхьа, бӀе сов гIезалонна дуьхьал даьккхира бехктакхаман гӀуллакх динан "Хизб-ут-Тахрир" боламехь дакъалацарна. Царах иттанашна набахтехь йаккха хенаш туьйхира, ткъа бисинарш кхел хиларе хьоьжуш бу. Оьрсийчохь 2003-чу шарахь дуьйна бихкина бу "Хизб-ут-Тахрир" болам. Украинан а, дукхахйолчу Европерчу пачхьалкхийн а территори тӀехь низамехь лерина йу иза. Цу боламан декъашхой цкъа а хаабелла бац терроран тӀелатарш кечдеш.

  • Товбеца -баттахь Бельгерчу прокуратуро дӀахьедира, "Исламан пачхьалкх" шех олучу ОвхIанистанерчу "Вилаят Хорасан" гарана йукъахь дакъалаьцна аьлла шеконаш хиларна Нохчийчуьра кхо стаг лаьцна бохуш. Царна бехке дуьллуш ду теракт кечйар, йа кхочушдар.
  • Иштта товбеца-баттахь Венехь шена тӀе куьг даьхьна 40 шо долчу Дагестанера схьаваьллачу стага – иза Оьрсийчу дӀахьажон масех сахьт дисинчу хенахь хилла и. Австрин Ӏедалан шеконаш кхоллайелла иза "Вилаят Хорасанехь" дакъалоцуш хиларх, амма тоъал тоьшаллаш гулдина дацара цара бехк кховдо.
  • Стигалкъега -баттахь Францин чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло дӀахьедира нохчийн орамаш долу жима стаг лацарх лаьцна. Олимпиада дӀайоьдуш Сен-Этьен гӀалахь дӀайахьа леринчу футболан матчехь "исламхойн дог-ойланца" тӀелатар дан дагахь хилла иза боху.
  • Цул тӀаьхьа бутт баьлча, Страсбургехь а, Бас-Ринан департаментехь а массийта нохчийн кегий нах лийцира – амма меттигерчу тIегIанехь гIарадалаза дисинера и полицин ницкъаш бахьана долуш. Кавказ.Реалиин редакцино къамел дина лецначех цхьаьнца, цуьнгара хиира хӀинца Францехь нохчийн диаспорица хуьлуш дерг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG