ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн йоьIарий кхечу цIерашца баханера Париже – "Агентство"


Кадыров Рамзан шен доьзалца. Кадыровца йоьзначу инстаграм-аккаунтера эцна сурт.
Кадыров Рамзан шен доьзалца. Кадыровца йоьзначу инстаграм-аккаунтера эцна сурт.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоьIарий Хеда (ХутIмат), Карина а (Хадижат), Табарик а 2017-чу шарахь Париже бахара "Мусаева" фамилица долу паспорташца, и хиъна "Агентство" зорбанан гIирсана. Оцу фамилица Кадыровн зудчун Меднин Москвахь хIусамаш йу.

Кадыровн йоьIарий бахарх хиъна Оьрсийчоьнан доза хадийначерах болу хаамаш кара кхаьчча. Цу йуккъехь йу 2017-чу шеран товбеца-беттан 12-хь Кадыров Рамзанан долара кеманца Соьлжа-ГIалара Париже бахначерах йолу информаци.

Пассажирашлахь бу – шайн цIераш а, ден цIе а, дуьненчу бевлла хенаш а билггал йерш йазйина пасдокументаш тIехь фамили "Мусаева" йу йазйина церан. Цу хенахь кхуьий йоI кхиазхо йара. "Агентство" зорбан хаамашца и документаш хIинца а лелаш ду.

Ишта кеман тIехь йара Кадыров Рамзанан шолгIа зуда лору Хазуева Фатима а, цу хенахь пхиъ шо долуш хилла Кадыровн йоI Iашура а. Цуьнан паспорт "Хазуева" фамилица делла ду, официалехь иза Кадырова Меднин йоI йу аьлла ду, цо шен ден фамили а йу лелош. Кадыровх талламаш бинчу "Проект" зорбано чIагIо йо, Iашуран бакъ йолу нана Хазуева Фатима йу бохуш.

2021-чу шарахь "Проекто" шен таллам арахийцира, цу тIехь боху Кадырова Меднина а, Хазуева Фатимина а долахь болу чу-ара ца баккхалун бахам 800 миллион соьмана бу, Ткъа Мусаева аьлла ден фамили лелочу Меднин активаш а, "Мусаева" фамилица дIайазйина йу.

  • 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Японин санкцин тептаре йаьккхира Ахмадова Аминат, Кадыров Рамзанан зударех цхьаъ йолуш санна. Цигахь хьахийра цуьнан шолгӀа зуда лоруш йолу Хазуева Фатима а. Гезгамашин-баттахь Кадырова Медни а, Хазуева Фатима а, Ахмадова Аминат а юкъайаьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептаре.
  • ХӀинца Нохчийчоьнан куьйгалхочун секретариатан куьйгалхочун гӀовсан даржехь йу Кадырова Хеди (ХутIмат), республикехь могашалла Ӏалашъярна тӀехь терго латтош йу иза. Цуьнан майра Садулаев Лом-Ӏели Нохчийчоьнан территориальни могашаллин страхованин фондан директоран хьалхара гӀовс ву.Кадырова Карина (Хадижат) Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, Ӏедалан а администрацин куьйгалхочун хьалхара гӀовс йу, ткъа могашаллин министр ву цуьнан майра Алханов Адам. Официалехь Кадырова Табарикан долахь йу 12 коммерцин компани. Цуьнан майра Висмурадов Рамзан Нохчийчуьрчу кегийрхойн гӀуллакхашкахула йолчу министраллан куьйгалла деш ву.
  • 2020-чу шарахь чиллан-баттахь Кадыровн йоккхах йолчу йоӀа Ӏайшата Парижехь йовзийтира 2009-чу шарахь Кадырова Меднис кхоьллинчу Firdaws модан цӀийнан коллекци. Ӏайшат цуьнан куьйгалхо хилира 2017-чу шарахь шен 17 шо долуш, 2020-чу шарахь Ӏедалан балха йаххалца куьйгалла дира цу организацин, хӀинца иза цхьаъ бен йоцу модан цӀийнан кхоьллинарг йьсуш ю. Амеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, Японин а санкцийн тептаршлахь йу Кадырова Ӏайшат. Цул сов, Ӏамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеш кхайкхийра Firdaws модель цӀенна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG