Краснодаран мехкан Северский кӀоштан кхело СИЗО хьажийна Нохчийчуьра вахархо. Краснодаран мехкан Афипский йуьртахь гезгамашин-беттан 8-чу буса хиллачу девнан хьокъехь бехктакхаман гӀуллакхехула карарчу хенахь каравеанарг и цхьаъ ву.
ГӀуллакхан материалаш тӀехь гуш ду, шеко йолу стаг а, кхин нах а Афипскийн культурин цӀенна уллохь болчу хенахь цхьацца къовсамаш хиллачул тIаьхьа вовшах летар. Мийрашца, буйнашца йиттина цара, хаам бо кӀоштан кхелан пресс-гӀуллакххоша.
Бехкехетачун цIе ца йаьккхина. Бехкзуламан гIуллакх айдина харцахьа лелар аьллачу артиклехула.
Кху деношкахь дийца даьккхира, летта 12 стаг административан бехкаца лаьцна витарх шина дийнера ворхI дийне кхаччалц. Царлахь цхьаъ меттигера вахархо ву, бисинарш кхечу регионашкара тIебаьхкина нах хилла. Верриг а лаьцнарг ву оцу латарехь дакъалаьцна 54 стаг, шайна юкъахь, тӀечӀагӀбазчу хаамашца, гӀалгIазакхийн йукъараллин атаман, "Оьрсийн Юкъараллин" декъашхо Головко Роман а ву.
Афипский эвлара культурин цIенна уллохь летта и нах, бахьана хилла, меттигерчу бахархоша чIагIдарехь, "тIебаьхкинчийн лелар", цара "массо а Iадош бара, летара уьш". Зорбанан гIирсийн хаамашца, буьйцурш хила тарлуш бу Афипский НПЗ-хь болх беш болу Нохчийчуьра бахархой.
Регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хаамашца, дов доладелла кега-мерса дахаран хьелашца доьзначу къамела тIехула, хетарехь йоI бахьанехь.
Хьалхо "Ахмат" спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис Анапехь летта Нохчийчура схьаваьлла ши стаг лацарх лаьцна элира, "къоман билгалонца леррина тIаьхьабовлар ду". Гезгамашин-беттан 3-чу буса меттигерчу клубана уллехь йиттинера шина аниматорна – ГӀебартойн-Балкхаройчохь лецна тӀелатар динарш, хулиганалла лелорна бехке а бина, СИЗО хьажийна уьш.
- Товбеца-баттахь Краснодаран мехкан Кореновск гӀалахь масех иттаннашкахь меттигерчу бахархоша марш дӀайаьхьира, "Русские, вперед", "Слава России" аьлла. Бахьана хилира, акци хIоттайале хьалха курдойн диаспорин векалшца хилла конфликт. Курдашца хиллачу конфликтехь дакъалоцуш бара "Северный человек" а, "Русская община" йукъараллийн декъашхой.
- Националистийн "Оьрсийн Йукъаралла" координаторна а, роман къоман векалшна а йукъахь хилла конфликт Волгоградан кӀоштахь йийцарейен хӀинца масех кӀира ду. Меттигерчу Ӏедалша йуьртахь "дерриг а тийна ду" бохуш чӀагӀдечу заманчохь бахархоша саццаза доьху ромийн доьзалш арабахар. Кавказ.Реалии сайто дийцира, дахаран хьелашца йоьзна хиллачу конфликтах къаьмнашна йукъара дов муха хилира а, хьал кхин а тIе ца талхийта, Iедалхоша дечух лаьцна а.
- Къилбаседа Оьрсийчохь мигранташ а, кегий къаьмнаш йукъахь лелхаш долчу девнашкахь кест-кеста йуьйцуш йу "Русская община". Дукха хан йоццуш кхоьллина, маса кхуьуш йолу Ӏедална гӀортор йечу националистийн тобанийн маша бу иза. Кавказ.Реалии сайто теллира цо хӀун леладо а, иза муха къаьста кхечу националистийн цхьаьнакхетараллашна юкъахь а, "Оьрсийн Юкъаралла" хIунда гӀарайаьлла а.