ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна пайдехьа ду? "ТӀеман корреспондентийн" а, "Ахматан" командиран а юкъаметтигаш стенна телхаш ю?


Нохчин республикан куьгалхо Рамзан Кадыров а Апти Алаудинов
Нохчин республикан куьгалхо Рамзан Кадыров а Апти Алаудинов

Бутт сов хан яьлла Курскан кӀоштан доза дохийна, хӀинца а Украинин герзахойн ницкъийн Ӏуналлехь дуьсуш ду цу кӀоштан цхьа дакъа. Оцу хенахь хаалуш телхина Z - юкъаралла тобанан а, "Ахмат" спецназ командиран Алаудинов Аптин а юкъаметтиг. Курск агӀор долчу хьолах лаьцна тӀеман министраллан цхьаъ бен воцу бохург санна спикер хилла дӀахӀоьттина Апти Алаудинов. "ТӀеман корреспонденташа" хаддаза критика йо цунна, цул совнах - шаьш къинтӀера дахар а тIедожош. ХӀун бахьана ду теллина "Кавказ.Реалии" сайто.

Алаудиновна а, тӀеман агӀончашна юкъахь резадацар кхолладелла марсхьокху-беттан 6-чохь Украинин эскарша операци йолийначу юьххехь дуьйна, Коьрта бахьана - кхоллайелла шеконаш "Ахмат" эскархойн лаьттина хиллачу меттигах. Оьрсийчоьнан доза духор "чолхе хьал дац", "попкорн эцна, мостагӀ муха хӀаллакво" хьовса аьлла Кадыровн лакхарчу даржехь волчу хьаькамо шен видеотIехь. Билггал мичахь дӀаязйина цо и видео, хууш дац. Амма шолгӀачу дийнахь бен Курскан кӀошта ца кхаьчна нохчийн инарла, цо мукӀарло дира, хьал шена моьттучул а "шуьйрох" хилла аьлла.

Юьхьанца Алаудинов реза ца хилира "Ахматан" эскарш дозанехь хилла йа ца хилла бохург къасто, амма жигара харцдора, Нохчийчуьра эскархоша Украинин герзахошна дуьхьало ца йина боху информаци. ТӀаккха инарлас мукӀарло дира, Украинин эскархой шайн позицешна уллехула чекхбевлла хиларх, амма тӀаьхьо дӀахьедан долийра, доза дуохийначул тӀаьхьа "Ахмат" Курскан кӀошта хьажийна хиларх а, мостагӀа цара сацийна бохуш.

ТӀеман корреспондентас Котенок Юрийс, цуьнан агIоне йазвелла ву 400 эзар сов стаг, йаздина, Украинерчу операцин хьалхарчу деношкахь шена ца хезна "Тикток- эскарш" хьахош (и ник Кадыровн дакъошна хьалха 2022-чу шарахь дуьйна йелла хилла тӀеман -кеп хIиттош видеош йина бохуш). Котенока дийцарехь, Курскан кӀоштан доза лардинарш бу дозанхой а, меттигерчу бахархойн тобанаш а.

Z-блогеро Романов Владимира дӀахьедина, дозанца йолчу Белгород кӀоштахь "Ахматан" эскархой "салтийн букъа тӀехьа" лаьтташ бу аьлла. Дукха хан йале, видео тIехь Алаудиновга къинтӀера вала аьлла дехар дина цо - Алаудинов Аптица "ма -дарра а, деха а, къамел" динчул тӀаьхьа.

Алаудиновс кест-кеста дуьйцу Курскан кӀоштахь "Ахмат" ницкъхойн а, кхечу Оьрсийчоьнан эскарийн кхиамех лаьцна. Масала, цо дийцира "контроль йоцу хьалхагIертар" сацорх а, "Украинин Герзахойн ницкъашна блокировка" чекхйаларх а лаьцна марсхьокху-беттан 11-чу а, 13-чу а, 14-чу а, 15-чу а деношкахь.

ХӀун башхалла ю хӀинцалера Алаудиновна а, тӀом болалуш хиллачу Кадыровна а юкъахь?

Марсхьокху- беттан 22-чохь "тӀеман корреспондентана" пачхьалкхан "Россия 1" каналан белхахочуьнца Сладков Александрца хиллачу къамелехь Алаудиновс юха а дӀакхайкхийра кIоштара хьал "гIоле" хилар. Гезгамашин-беттан 4-чу дийнахь, Курскан кIоштахь тӀемаш бечу 30-чу дийнахь, цо буьззина толам дӀакхайкхийра: "Оха хӀинцале а толам баьккхина СВО-хь ("леррина тӀеман операци" олу Оьрсичохь - Билгалдаккхар). Ткъа хIинца, вайн декхар ду, вай дерриге а цхьа доьзал хилийта".

И хIун толам хӀун бу, ца дийцира Алаудиновс. Хетарехь, цо бохург "Оьрсийчоьнан юкъараллин цхьаалла" йара, тӀом болабелчхьана дуьйна пропагандисташа хаддаза дӀахьедарш деш ма-хиллара. Амма цу дӀахьедаран критика йира тӀеман агӀончашна юкъахь.

Масала, Котенок Юрийс беламна хьахийра толаман де харжар, ткъа шен цӀе ца йоккхуш волчу оьрсийн эскархочо юха а билгалдаьккхира Кадыровн наха оцу тӀамехь шеконе "дакъалацарх": "ХӀинца леррина операци чекхъяьллачул тӀаьхьа, ... "Ахматан" эскар Росгвардина юкъахь, тӀеман аренгахь дуьххьара гучадала мега", - аьлла, далийна цуьнан дешнаш ФедералПресс сайта тӀехь.

Кавказ.Реалии редакцица къамел дина Украинера тIеман аналист (Оьрсийчоьнан репрессивни низамаш бахьана долуш шен цӀе ца йовзийта), цец ца волу Алаудиновн къамелах..

"ХӀун башхалла ю хӀинца Алаудиновна а, тӀом болалучу йукъаанна хиллачу Кадыровна а юкъахь? Рамзана ша Киев схьайокхар ю бохуш дийцира, цул тIахьа Польша а. Масийттаза дIакхайкхийра, Мариуполь схьайаькхина бохуш? Шадерг харц хилла. Цу хенахь гучуйевлла дуьххьарлера мемаш кадыровхойх лаьцна йара. Цхьаъ кхечуьнца хийцира. Пост дӀайелла, пост схьаецна", - аьлла къамелхочо.

Туьйранчхой бу, кхи хIумма а дац

Гезгмашан-беттан 4-чохь Украинина тӀелатарехь дакъалаьцначарна "гуманитаран гӀо" гулдеш волчу кхечу тӀеман корреспонденто Хайруллина тIедожийра Алаудиновга ша къинтӀевахькха веза аьлла. Жимма хьалха блогеро дӀахьедира, Оьрсийчоь Украинел а хьалха йу арахоьцучу дронийн терахьца аьлла. Ткъа Алаудиновс тIаьхьо дIахьедира, Украинин эскарша "дийнахь а, буса а" лелош йолу "инзаре дукха дронаш" бахьана долуш, Оьрсийчоьнан эскаршна "чӀогӀа хала" ду , ткъа Хайруллин "туйранча" ву бохуш.

"Вай эскарна дискредитаци йеш ду шу? Массанхьа а, массо а официалан тӀегӀанехь дуьйцуш ду, вай тоьлаш хилар. Массо а агIор, аьто мел бу, сан сий къовсар ду ас. Шу сан цIе сийсазйахкха гIерташ ду"- элира Хайруллина жоп а луш.

Хууш дац Алаудиновс къинтӀера валар дехна, йа ца дехна блогерера. ХIара хаам зорбане боккхучу хенахь цхьа а керла хууш хIума дац.

Алаудиновн политикан а, имиджийн а йозалла лахлур ю, Кадыровна пайдехь ду иза

Ӏедалехьа болчу тӀеман блогершца цу кепарчу конфликташкахь нохчийн инарлин позици цхьаъ ю: цо шен дӀахьедаршна реза боцурш берриш а бехке бо Украинин эскарна болх беш хиларна, наггахь сийсаза къамел деш . Масала, мархьокху-беттан 15-чохь Алаудиновс шен къамелехь, тӀаьхьо и видео дӀайаккхира цо, "Операция Z" телеграм-канал тешнабехк болх беш ю аьлла дIакхайкхира: "Хьо санначара соьга хеттарш дан ца деза. Хьо санна йолу нIаьна йац соьга хаттарш дан хакъ".

Редакцин аьтто ца баьлла "Операция- Z" канал а, хьалхара пост а каро. Ӏедалехь болчу блогершна тӀе а тевжаш, Медузас йаздо, вай дуьцург Операция-Z каналан кепаш йеш йолу юкъараллин агӀо ю "Оьрсийчоьнан гуьйренан тӀеман корреспонденташ" цIе йолу.

Алаудиновс критикана ишта реакци йар тӀеман министралло шен билгалъяьккхина Iалашонца реза ца хиларца, йоьзна хила мега, боху политолога Айсин Руслана. Цунна хетарехь, нохчийн инарла леррина хьалха хӀоттийна Курскан хьолан коьрта спикер санна, нагахь санна цхьаъ нис ца лахь, массо а эшам-бехкаш цунна тӀебахийтархьама.

"Сан кхетарехь, Алаудинов башха кийча вацара оцу тӀелатаран йерриг а негативан агӀо шена тӀеэца. Цо чаккхе а йоцуш, цхьана ца догIуш, тамашийна дӀахьедарш до, масала, кеста Курскан кӀошта маьрша йохкхур ю бохуш. Амма аьлларг цхьа хӀумма а хуьлуш дац. Хила тарло, цунна оьшуш дерг "эфирехь гайта, оптимистийн дӀахьедарш дан "а. Амма, ша шена "ор доккхуш" ву иза, дешнаш а, дийриги а цхьана а ца догIуш", боху Айсина.

Цуьнца цхьаьна, юкъараллин аренгахь "Ахматан" инарлан цу кепара эшам хиларо, тӀеман куьйгалхошна пайде хилла а ца Ӏаш, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а пайда хила мега, аьлла хета политологна.

"Оьрсичохь дуьйцуш ду Алаудинов Кадырован метта кандидат хиларх лаьцна. Курскан кIоштахь хилларш а гайтира Алаудинов тӀех сов хьалаваьлла хилар. Цуьнан политикан а, имиджан а йозалла лахлур ю, Кадыровна пайдехьа ду иза. Иштта хьал хилчиа, Кремалана кхин цхьа а хир вац гӀортор йан. МухIа хира ю Оьрсичоь Путин дIаваьлча, иза дохкха хаттар ду, ткъа Нохчийчоь коьртачу элементех цхьаъ ю и уравнени йерзорехь", - аьлла, дерзийра къамелхочо.

Кхин тайпа дог-ойла ю политологан Жаворонков Сергейн, тӀеман министраллехь Украинин эскар тӀелатар хьокъехь Алаудинов коьрта "спикер" харжар, иза даржехь лакхаваккхар санна лору цо.

"Кадыровна кланера нах хьалха а даржехь лакхабехира: Алханов Руслан "Э" центран директоран гӀоьнча хилла (Экстремизмца къийсам латторан коьрта урхалла - Билгалдаккхар), Эдельгериев Руслан - президентан экологин гӀоьнча, Закриев Якъубна, конфискаци йина "Данон" компани дIайелла. Амма Кадыровн ницкъ алсам бу бохург дац и, амма цо гойту Кадыров уллерчу накъостех цхьаъ хилар", - билгалдоккху къамелхочо.

Шина а политологан барт бу цхьана хӀуманна тӀехь: нагахь санна, "тӀеман коорресплнденташца" конфликт кхин дIа а марсайала йоалахь, цунах цхьаммо а жоьпалла хьур дац.

"ТӀеман корреспондентех" а, "волонтерех" а дукхахберш тӀеман министралло а, кхи йолу структураша а лелош бу. Iедало цаьрга саца аьлла омар дина делахь, совцар болуш бу, уьш набахте бахийта оьшуш дац. Военкораш Iемийна бу, дIасаца аьлча совца - тешна ву Жаворонков.

Ткъа Алаудиновх дерг аьлча, эххар а цунна хиндерг, боху Айсин Руслана, кхечу дарже дехьаваккхар оццу таронашца, йа Нохчийчу йухаверзар.

  • Кадыров Рамзанан могушалла кхин тIе а чIагIъйелла йогIучу йукъанна Оьрсийчоьнан президентан администрацихь цуьнан метта хIоттон верг хIинцале а билгалваьккхина, чIагIдо "Новая газета Европа" хьасто. РогIера Нохчийчоьнан куьйгалхо хила тарло аьлла, дукха хан йоццуш тIеман министраллехь лаккхара дарж деллачу "Ахмат" спецназан командиран Алаудинов Аптин цIе йаьккхина цара. Кавказ.Реалиин редакцино листира мел бакъ долуш хета Алаудинов посткадыровн республикин куьйгалхочун дарже "хьалхататтар".
  • Кадыров Рамзана дIахьедина, ша хIора кхаа баттахь "капремонтах" чекхволу, хIора ахшо мел дели "йоккха ремонт" а йо ша аьлла. Кавказ.Реалиис хеттарш динчу политологшна хетарехь, нохчийн куьйгалхочо йух-йуха и дуьйцуш, шен цамгарх а, шен метта цхаъ лохуш ву бохуш даьржина хабарш сацо гIерта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG