Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан чоьхьара го а кӀира гергга хан йу Кремльна 500 метр герга йолчу Вайлдберрис-ан офисехь герзаш деттарх лаьцна бист ца хуьлуш. Цу герз деттарехь дакъалецира Къилбаседа Кавказера бахархоша, царна юккъера ГIалгIайчуьра ши стаг вийна. Герз детта бахьана хилла Вайлдберрис компани кхоьллинчу Ким Татьянина (Бакальчук) а, цуьнан майрачунна Владиславна а юкъахь даьлла дов. Кадыровс хьалхо гӀортор йира йу аьллера тӀаьххьарчунна, цо дӀахьедира, "зуда доьзале юхаерзо йезаш йу" аьлла.
Гезгамашан-беттан 18-чохь делкъал тӀаьхьа Москвахь "Романов двор" олучу бизнес-центрехь Вайлдберрисс-ан офисе чу вала гIоьртира маркетплейсан долахо Бакальчук Владислав, хIинца а и кхоьллинчу Бакальчук Татьянин цIийнда ву иза. Цуьнца цхьаьна хилла шайца герз долуш ММА-ан латархой а, Нохчийчуьра прокурор хилла Эльмурзаев Анас а.
Офисан кхерамзаллин белхахошца дов даьллачу хенахь, вовшашна герзаш диттина цу метехь 2 стаг вийна, ткъа 7 стаг лазийна. Хиллачун хьокъехь компанехь дӀакхайкхийра, рейдеран дӀалаца гӀортар кхиаме ца хилла аьлла, ткъа Бакальчука кхин верси дӀакхайкхийра – ша дийцаршка вогIуш вара "коллегашца" цхьаьна, ткъа кхерамазаллин урхалло герз детта долийра аьлла.
Цу инцидентехь бийинарш бу ГӀалгӀайчуьра схьабевлла нах, 42 шо долу Алмазов Адам а, 28 шо долу Эльмурзиев Ислам-Бек а. Магасан мэр хиллачу Цечоев Беслана дIахьедар дира, царех хьалхарниг ГӀалгӀайчоьнан экс-президентан, хӀинца тӀеман министран гӀовс волчу Евкуров Юнус-Бекан кхерамзаллин декъехь болх беш вара аьлла. ДоттагӀаша дийцарехь, тӀаьххьарчу хенахь наггахь бен зӀене ца волу Алмазов шен бевзачаьрца, царна хууш а ца хилла иза Москвахь вуйла.
Эльмурзиев Ислам-Бек маьрша латарехь спортан говзанча вара, ММА-ан латаршкахь дакъалоцуш; 2013-чу шарахь шен дай баьхначу Долаково (Долаха-Юьртахь) хи чу воьжна ши стаг кӀелхьарваьккхира цо, хӀетахь 17 шо долчу кегийчу тобанан декъашхочунна Эльмурзиев Ислам-Бека, МЧС-н урхаллин мидал а йелира. 2015-чу шарахь цунна йелира Оьрсийчоьнан спортан мастер цӀе. 2020-чу шеран товбеца-баттахь цо схьайиллира Москвахь "Фотон" кхерамазаллин шен долахь йолу организаци. ХӀинца а болх беш йу иза, амма 2021-чу шеран чиллин -баттахь дуьйна цуьнан долахо Князева Ксения йазйина йу.
"Кхо шо гергга хан йу Эльмурзиев Ислам спортца цхьа а уьйр йоцуш волу, турнирашкахь дакъалоцуш воцу дукха хан йу. ГӀалгӀайчохь вина ву иза, амма шен дерриге аьлча санна дахар Новосибирскехь даьккхина, къовсамашкахь Новосибирскера спортан тобан векал санна, шен орамаш диц а ца деш", - аьлла дийцира ГӀалгӀайчоьнан спортан министралло Оьрсийчоьнан "Комсомольская правда" зорбане.
Ким Татьянас (Бакальчук) байинчу нехан гергарчарна хьажийна къамел дира, "уьш турпалхой бу, карахь герз а доцуш, догIмаш ца кхоош, тоьпашна дуьхьал бевлла, бӀеннаш адамийн дахар къелхьара даьхна" аьлла. Компанино дош делла доьзалшна гӀо дийр ду аьлла.
Гезгмашин-беттан 20-чохь сарахь чартеран кеманца ГӀалгӀайчу кхачийра Алмазовн а, Эльмурзиевн а декъий, тезета баьхкинера бӀеннаш нах. Цхьаболчу меттигерчу бахархоша хетарехь кадыровхоша кегийрхой байар нохчийн куьйгалхочун гонан гӀалгӀашка йолу мостагӀалла санна лору.
"Цара керла дозанаш [Нохчичоьнна а, ГӀалгӀайчоьнна а юкъахь] къобалдинчул тӀаьхьа, тхан иштта а жимачу республиках дакъа дӀа а хадийна, маьршачу протестийн декъашхошна луьра таӀзарш динчул тӀаьхьа, гӀалгӀашна хIетахь шайца нийсо ца лелайар а, нохчийн куьйгалхойн шайца мостагIалла ду аьлла хета", -дийцира Кавказ.Реалиин сайте, шен цӀе йаккха ца лууш волчу республикера вахархочо.
Лаьцна, дӀахецна
Оьрсийчоьнан Талламан комитето хаам бира стаг верна а, стаг вен гӀортарна а, бакъо йоцуш герз лелорна а, бехктакхаман гӀуллакхаш долорах лаьцна. Урхалло бинчу хаамца, герз диттина лазийначарна юкъахь ву ши структурийн белхахо а. Дов хиллачу меттехь, 30 стаг лаьцна, царех цхьаболчара дуьхьало а йина хиллера.
Лаьцначарна юкъахь хилла Бакальчук Владислав а, цуьнга а, герзаш деттарехь дакъалаьцначу кхин а 6 стагана а бехкаш кховдийна.
"Стаг верна бехкевар абсурде хIума ду, хӀунда аьлча, Владислав Сергеевич а, цуьнан накъостий а хьалххе барт бинчу цхьаьнакхетаре бахана бара, корпорацин дов дерзо", - аьлла, дӀахьедира Вайлдберрис-ан кхоллархочун адвокаташа.
Хиллачунна йокха резонанс йаьлла, бехкталламхойн шеконаш йу кхи а доккхачарех зуламаш дина хила тарло аьлла, царна догIуш долу таӀзар 20 шаре кхаччалц хила мегаш ду, дукхахьолахь цу кепара бехкаш делахь, кхелаша бехкеберш СИЗО дӀахьажош бу таллам дӀахьочу ханна. Амма Бакальчук дукха хан йалале маьрша велира. Цуьнан адвокаташа дийцарехь, талламхошна цуьнан цхьа а бехк ца карийна. Амма цу хьокъехь долу хаттар "хӀинца а дуьззина дӀакъевлина дац", йаздо "Коммерсанто", ницкъаллийн структурашкара хьосташна тӀе а тевжаш.
Бакальчукца цхьаьна хиллачу Нохчийчуьра спортхойн а, ницкъахойн а иштта аьтто ца баьлла. Москварчу Басманан кхело лаьцна Соьлжа-ГӀалара схьаваьлла, тхэквондон дуьненан а, Европан а чемпион, кикбоксингехь спортан говзанча, "Ахмат" клубан латархо, "Ахмат-1" ОМОН-ан жигара декъашхо а волу Чичаев Ӏумар.
Чичаевна дIасавалар доьхкуш, кхеле схьавалавале, хила тарлучу тӀехдовларшна дуьхьало йан кхеле кхаьчера ОМОН-ан автобус, цара ерриг а гӀишло теллинера, ши гӀат дӀалаьцнера, дийцира цигахь хиллачу журналисташа. Ша нохчийн кхерамзаллин белхахо, спортхо кхелехь шен коьртана чов йина хиларна корта бинтаца дӀа а бихкина Iаш вара, шен куьг лазийначу кийра тIе а диллина, и бахьана долуш хьала гӀаьттина, вистхила де а дацара цуьнгахь.
"Важные истории" зорбанан гӀирсо дийцарехь, лецначех цхьаннан Коноплев Игоран долахь йу 28 гӀалахь а, кхаа пачхьалкхехь а болх бечу Travelers Coffee цӀе йолчу кофейнийн акцеш. Цуьнан бакъйолу цӀе Балатбаев Идрис йу, иза Нохчийчуьра ву, оцу цӀарца ву иза телефонан зӀенашкахь журналисташна гучуваьлла а. Кхечу лаьцначу Сайфулаев Арсена оццу телефонан номерца Коноплев санна онлайн-сервисашкахь регистраци йеш хилла, билгалдоккху "Кавказский узел" ресурсо.
Москвахь Коноплевца цхьана петар чохь дӀаязвина хилла Рабуев Бекхан, йаздо "Важные рассказы". Зорбано дийцарехь, цуьнан цӀе гучуйолу Немцов Борис верах лаьцначу гӀуллакхехь, кхелехь иза Талламан комитетан урхаллан белхахо ву аьлла дуйцу. ХӀинца Рабуев хӀун лелош ву, хууш дац.
Верриг а Москвахь юккъехь герзаш деттарна гIуллакхехь лаьцна 14- стаг. Кхин а 19 лаьцначунна 15 денна административан хан тоьхна – уьш бехке бина низамхоша аьлларг кхочуш ца дарна.
Вист ца хилар - реза хиларан билгало?
Герзаш деттар БакальчукгIеран доьзална юкъахь мангалан-баттахь дуьйна лаьтташ долу дов нуьцкъала дӀадерзо гӀортар ду. Цул тӀаьхьа хиира Wildberries туька арахьара рекламан Russ операторца цхьаьнакхетарх лаьцна, аналисташна юкъахь хеттарш кхоллало – шина компанин активан башхалла Iаламат йоккха йу, ткъа цхьаьнакхетарца Ким Татьянас (Бакальчук) шен бахаман доккхаха долу дакъа дӀало. Цхьана версица, и барт хилла боху, туька кхоьллинчунна а, Russ компанин коьрта директорна Мирзоян Робертана а йукхахь безаман юкъаметтигаш хилар бахьана долуш . Цу компанин пайда оьцург ву боху Дагестанера сенатор а, Кремльца гергарло лелош волу коьрта бизнесхо Керимов Сулейман, ткъа и цхьаьнакхетар шен лаамехь къобалдина боху президенто Путин Владимира.
Тoвбеца-баттахь компанийн акцин 1% бен долахь йоцчу Бакальчук Владислава орца дехнера Кадыров Рамзане. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Вайлдберрис а, Русс а цхьаьнакхетарх "рейдерийн дӀалацар" ду аьлла, дIахьедар дира. Цул тӀаьхьа Москвахь "коьрта гIулкхан къасториг" цIе йолчу республикерчу Пачхьалкхан Думан депутатана Делимханов Адамна тӀедиллира цу гIулкхана тӀеӀаткъам бар.
Кадыровна тӀеӀаткъам бийр бу йа демонстрацин кепехь таӀзар дийр ду аьлла шеконаш йу. Иза хIинца а ву Путинан тешаме гӀашло
Вайлдберрис-ан офисехь герз диттинчул тӀаьхьа Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно дош ца алар, Керимовца хиллачу конфронтацехь эшна хилар билгало йац, боху нохчийн оппозицин жигархочо Янгулбаев Абубакара. Лаккхара инциденташ хиллачул тӀаьхьа тийналла латтор лору цо кадыровхойн куьг яздаран стиль – цу кепара хилира оппозицин политик Немцов Борис вийначул тӀаьхьа а, "хьоме ваша" хиллачу Пригожин Евгенийс гӀаттам бинчул тӀаьхьа а.
"Иштта леладо Кадыровс хӀоразза а, ша шена лаамца лела йиш хилча, йа куьйгалло реза хиларе са ца тохалуш, деш дерг -чIогIа радикалан кепехь до. Вайлдберрис офисехь хилларг, схьахетарехь ма аьлла ца нисделла, церан плане хьажийна", - бохуш, кхетадо къамел деш волчо.
Кадыровн виста цахиларо гойту, тешна ву Янгульбаев, иза цу девнехь дакъалаьцна хиларан. Цунна хетарехь, "рейдеран-дIалецарш" Нохчийчоьнан куьйгалхочун амалехь ду, амма, кху девнехь гӀалате хилла иза, хӀунда аьлча, дуьхьалонча, бизнесехь керла стаг вац, Путинан гонера, вуно чIогIа хьал долуш сенатор Керимов Сулейман хилла дера.
"Кадыровн дуьхьалонча а ву кавказхо, иза кхеташ вара, ша хьанца "гӀуллакх" лелош ву. Дуьхьало йан кечам бина хилла цо. Хетарехь, Кремло нахана хьалха бехк боккхар бац, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна, гIалаташ динехь а, хьалха а хилла хIума дац иза. Дукха хьолахь, ткъа могӀарера кхочушдархой бехке хир бу, коьртехь лаьтташ къайла а боьвла, чоьхьарчу девне дерзор ду", - билгалдоккху Янгульбаевс
"Кадыровн куьйгах хIума тоьхна Кремло" - дIахьедар дина Прагера политолого, Карлан цӀарахчу университетан юкъараллин Ӏилманийн факультетан белхахочо Дубровский Дмитрийс.
"Куьйгалхошна баккъалла а ца тайнарг, Вайлдберрисс-ан девнех Нохчийчоьнан куьйгалхо пайда эца гӀортар дац, амма ду, Кремлана гергахь, Москвана юккъехь, контроль латтон йиш йоцу хьал нисдалар ду. 90-х шерашкара хьолан массал санна, иза нийсса дуьхьал ду пропагандехь "Путинан зама синпаргIат йу", дуьйцучарна" - боху Дубровскийс.
Эксперто дIахьедар до: нагахь санна герз деттар а, ши стаг вер а ца хиллехь, офтс схьайаккхар тапъаьлла нисделла хиллехь, Кремлан хьежам кхечу кепара хир бара.
"Гуш ду куьйгалла хьенан агӀор ду, амма хетарехь, Кадыровна тӀеӀаткъам бар йа гуча кепара таӀзар хир дац. Иза хIинца а вуьсуш ву Путинан тешаме "салти", шена билгалйаьккхину майданехь ца хилла иза. Суна хетарехь, талламо шен берриг а ницкъаш дӀахьур бу бехктакхаман гӀуллакх жимчу зуламе дерзо, цу тӀехь цхьаболу зуламхой кхечу зуламхошна тӀелетта аьлла. Мила ву уьш цига дӀахьажийнарг "ца хууш" дуьсар ду", - аьлла, йерзийра политолого Кавказ.Реалиин журналистана йелла комментарий.
Хила тарло вай кхидӀа а оцу хиларан теш хила
Украинан агӀор тӀом беш йолчу Шайх Мансуран цӀарахчу Ичкерин батальонан пресс-секретарьна, блогерна Белокиев Исламна цу конфликтехь Кремлана аьттонаш гира. Цуьнан гарехь, Москвахь кхоьру кавказхой цхьаьнакхетарна а, дуьхьалонан акцеш йолайаларна а, цундела, герзаш детташ хилларг, шайе ма-хуьлла тедан хьовсур бу.
"Ша дов а, ши стаг вер а, шалха тӀеоьцу Къилбаседа Кавказехь. Цхьаболчу нахана гуш дерг "Кадыровн наха гӀалгӀашна тӀелатар дар". Амма, кхи болу наха, ший а агIо бехке йо, хIунда аьлча, хилларг политикан "беснаш" тоьхна, криминалан къийсам бу, Кавказан къаьмнийн хьашташца цхьа а уьйр йоцуш", - тидам тӀебохуьйту къамелхочо.
Белокиев ца-хIоьттира герзаш деттаран хьокъехь Кадыровн вист ца хилар эшам бу ала.
"Кадыров эшна аьлла ца хета суна. Цуьнан агӀончаша ши гӀаролхо вер, хьал мелла а галадоккху, амма хӀара Оьрсийчоь йу – стаг вен а, цул тӀаьхьа Олимпехь латта а, хӀумма а доцург ду, нагахь санна пачхьалкхан ницкъ хьуна тӀехьа лаьтташ белахь. Цундела, вай теш хила тарло и дов генадаларан", - аьлла, дерзийра Белокиевс шен къамел.
ТӀелатар дан масех де хьалха социалан машанашкахь Къилбаседа Кавказан агIонашкахь, жигара дийцаре дира депутато Делимхановс Керимовна а, цуьнан Пачхьалкхан Думерчу накъостана Курбанов Ризванна а чIир дIакхайкхор. Цунах лаьцна хаам бира Одессерчу гӀалин кхеташонан экс-депутато, Оьрсийнчоьнан агIоне ваьлла блогеро Дмитриев Олега. Цу хьостано дийцарехь, конфликтан бахьана хилла БакальчукгIеран бизнесан гIуллакх.
Хьалхо Кавказ.Реалии сайта тӀехь дийцира, Кадыров Рамзанан тайпанан декъашхоша кандидаташкахула Украинин дӀалаьцначу территорешкахь бахамаш а, латтанаш а муха дӀалоьцу. Царна юкъахь йу Мариуполера металлургин Ильичан цIарах комбинат, Донецкан кӀоштахь уггаре а йоккха индустрин комбинат йу иза. Иштта, Къилбаседа Кавказерчу элиташа Ӏуналла до Оьрсийчохь бизнес сацийначу кхечу пачхьалкхийн компанийн активашна тӀехь. Цу кепара, Кадыров Рамзанан вешин кӀантана Закриев Якъубана кхаьчна Оьрсийчоьнан Danone, ткъа ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан куьйгалхо хилла волу Каноков Арсен McDonald’s а, Starbucks а, OBI а компанийн декъшо хилла дӀахӀоьттира.
- Керимов Сулейман Дербентера схьаваьлла ву, бизнесхо а, Федерацин Кхеташонан декъашхо а, Пачхьалкхан Думан депутат ву иза. Оьрсийчохь уггаре а хьал долчу стагах иссалгӀа меттиг дӀалоцуш ву, Форбс зорбано Керомовн бахам - 14,5 миллиард долларе кхочуш лору. Американ а, Евробертан а, Британин а, Керлачу Зеландин а санкцийн тепртарехь ву иза. Иштта а Европан а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а санкцеш кхайкхийна Керимовн йоӀана Гульнарина а, ХIинжа-ГIалара аэропортан долахочунна, цуьнан кӀантана СаӀидна а, сенаторан коьрта финансийн юкъарло лелош волчу цуьнан йишин кӀантана Гаджиев Нариманна а дуьхьал. Иштта санкцийн тептаре йазбира Америко, Британино Керимовн хӀусамнана а, кхин цхьа йоӀ а.
- Оьрсийчоьнан федералан телеканалаша тергал ца дина Вайлдберис компанин Москварчу офисехь герз деттар, иштта хьахийна дац, Кадыровн наха цу йукъехь дакъалацар а, хьалхо Бакальчук Владислава шен гIуллакхехь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга орца дехна хилар а.