ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн доттагI Загер Дирк дагалоцуш...


Загер Дирк.
Загер Дирк.

Европерачу Оьрсийчоь йовзархошна юккъехь башха меттиг дIалоцуш вара немцойн цIеяххана волу тележурналист Загер Дирк. Хьалхара тIом дIаболабалле дуьйна схьа ДегIастанахь сих-сиха хуьлуш хилла волчу цуьнан репортажашкара девзара немцошна Нохчийчуьрчу тIемийн къизаллех лаьцна а, маьршачу наха цигахь токхуш хиллачу баланех лаьцна а. 73 шо долу Загер Дирк кхелхина кху деношкахь.

Нохчийчуьра а, Оьрсийчуьра а хьал уггаре а дика девзачех немцойн журналист вара Загер Дирк. 1990-гIа шераш дуьйладеллачу муьрехь, Нохчийчоь ша йозуш ца хилар дIа а кхайкхийна, маршонан некъа тIехь хьалхара гIулчаш яхайолаелча дуьйна схьа кест-кеста ДегIаста кхочуш а, цигахь лаьттачух а, цигара хьал машаречу юкъараллин кхиарера дукха хан ялале, Оьрсийчоьнан эскарша тIелатарш дIадолийначул тIаьхьа, тIаме дерзарх а, юха цул тIаьхьа, тIеман жигара мур дIабирзинчул тIаьхьа, цигахь хIоьттина тамашийначу хьолах лаьцна а дуьйцура цуо шен вуно говзачу, похIмаллечу репортажашкахь.

Ткъо шо герга хан яьккхира Загер Диркас немцойн коьртачу ЦДФ телеканалан Москохарчу корреспондентийн бюрон хьаькаман болх беш Оьрсийчоьхь. Масех шо хьалха Загеран Москохарчу репортажаш бахьана олуш цунна вуно лераме ХIанс - Йоахим Фридрихан цIарах долу совгIат лучу хенахь жюрино билгалдаьккхира, „Загер ша журналист болх бан волавелча дуьйна схьа цкъа а Iевелла вацара, адамалла хьоьшуш долу хьал шена гича, цунна йистах ваьлла, бен ца хеташ“, аьлла.

Иштта ван а вара иза. Кху тIаьхьарчу пхи-ялх шарахь жигарчу журналистикера дIа а ваьлла, пенсехь вара Загер. Амма садоIуш вацара. Юх-юха а дакъалоцура цуо Нохчийчуьра тIемаш критике бечу цхьаьнакхетараллашкахь, конференцешкахь, ур-атталла митингашкахь а. Ши эзарлаха шераш дуьйладелча дуьйна схьа Нохчийчуьрчу мухIажарийн тулгIе Германе кхача йолаелча даима а цу мухIажаршна немцойн махкахь политикан я гуманитаран тховкIело ялийта къахоьгура цуо.

Дукха бу немцойн коьртачу шахьарахь Берлинехь а, Загер вехаш хиллачу Потсдамехь а и журналист юккъехIоттар а, иза тIехIоттар а бахьана долуш Германехь баха бисса аьтто Iедалша белла болу вайнехан мухIажарш.

Амма мухIажарш хилла а ца Iа. Дуккхаъ бара Загерна ша Нохчийчу репортажаш ян оьхучу шерашкахь бевзина а, цуо хIетахь дуьйна гергарлонаш лелош а хилла вайн махкахой. Царех цхьа доьзал, - Шуьйтарчу СаиевгIеран берг, - ши шо хьалха Нохчийчуьра Германехь бехачу шайн гергарчу нахе хьошалгIа баха Iалашонца тохабелча, Москохарчу немцойн консулатехь дацаре жоп деллера царна, кест-кеста нохчаша визанаш яха гIоьртича шаьш луш ма-хиллара.

Схьахетарехь, и доьзал Германехь тховкIело а ехна, бисарна кхоьруш. И хьал шена хаа ма хиънехь, оцу сохьта юккъегIоьртинчу Загера шена Москохахь вевзаш мел волу стаг ира-кара а хIоттийна, консулатерчу немцойн хьукматхошца а уьйре а ваьлла, визанаш яьхнера царна.

Саиева Хадишатас дуьйцу шен доьзалан немцойн журналистаца тассадела хиллачу гергарлонех лаьцна.

Саиева Хадишт: „вуно халонга даьлла тхуна и Дирк велла аьлла хазар. Хьалхара тIом болчу хенахь тхан доьзалехь хилла вара иза. Цхьа тамашийна ша-тайпа доьналла долуш а, майра а, къинхетаме а, ларам болуш стаг вара. Цул тIаьхьа цкъаъ-шозза а тхан хIусамехь хиллера иза, тхан чIогIа гергар стаг а хиллера цунах. Мацах цкъа тхо Германе тхайн гергара нах болчу хьошалгIа даза тохаделча, векалтехь визанаш ца луш хьовзира тхо.

Иза шена хиъча, Диркас , - оха-м цуьнга иза хьаха а ца динера, - Москохахь шен болуш болу хьеший меттах а баьхна, тхуна и визанаш ехира цуо. Цул совнаха, тхо Германе дIакхаьчча, тхуна дуьхьал а веана, тхо тхаьш доьлхуче дIа а кхетийна, тхуна чIогIа хьошалла дира цуо.

ХIетахь цул шозлахчу дийнахь лоьрийн цIийна охьавижа везаш ша цомгуш волшехь. Кериста велахь а, оьзда а, дика стаг а вара иза. Нохчийн къам дезаш а, лоруш а стаг вара, вайх дош хеташ а вара. Нохчийн къоман дика доттагI вара Дирк, хIинца и доттагI вайн къоман дIа а ваьлла“.

Загер Дирк вевзаш волу тележурналист хилла ца Iаш, дуккхаъчу Оьрсийчоьнах лаьцначу киншкийн автор вара. Цуьнан тIаьхьарлерачу киншкин цIе „ Оьрсийчоь - эккха кечделла лаьтта зоька“ аьлла гочйан мегар дара.

„Шен шира авторитаран режим юхаметтахIоттийна Оьрсийчоьно“, - бохуш яздора Загер Дирка, немцойн уггаре а вевзачарех Оьрсийчоьнан аналист хиллачу, цу киншки тIехь. Цуо Кремл а, Оьрсийчоьнан президент Путин а, цуьнан гуо а критике бина ца Iаш, иштта шен къоман нах а, немцойн политикаш а, бизнесхой емал бора, цара Кремлаца лелочу ловзаршна.

„Оьрсий шайн цIийца я орамашца демократи тIе оьцуш бац бохург бакъ дац, царна демократи ца оьшу, царна дера куьг оьшу, шаьшна доладан, бохучара харц дерг дуьйцу, шаьшна болчу пайденна. Оьрсийчоь демократикалле хила йиш ю, амма цуьнан лакхарчу куьйгаллин лаам оьшу цу пачхьалкхехь демократи кхион“ - иштта бара Загеран хьежамаш.

Шен доллучу дахарехь гIийлачаьргахь озабезам болуш а, адамийн бакъонашкахь къуьйсуш а хилла волу Загер Дирк дуьккхаъчу дуьненаюкъарчу журналистийн совгIаташца билгалваьккхина вара. Иза немцойн ПЕН-центран вице-президент санна адамийн бакъонаш хьоьшучу пачхьалкхашкахь яздархойн а, журналистийн а бакъонаш ларйеш жигара вара ша кхалхалца.
XS
SM
MD
LG