ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бусулбанашна дуьхьал ю Германера Pegida


Германи -- PEGIDA боламан агIончаш Дрезденехь митингехь. 15ГIур20
Германи -- PEGIDA боламан агIончаш Дрезденехь митингехь. 15ГIур20

ХIора оршот сарахь Дрезденан урамаш протестан акцешка арабевллачу нахах дузуш хилар кху тIаьхьарчу шина баттахь Iадат а хилла дIахIоьттина, цу ширчу немцойн гIалин ша-башха хьаьрк иза даима а хилча санна.

Pegida аьлла шайн башха цIе тиллинчу цу наха Iедале кхойкхуш дерг ду, Европина, къаьстина Германина, исламизаци яр сацаде, махка тIебогIуш болчу нахана юккъехь ша-башха фильтраци а еш, церан динан а, политикан а хьежамаш муха бу толлуш, лакхара дешна а, тоьллачех говзаллаш а ерш бен мухIажарш чу а ма бита.

Пегида бохург нохчийн матте даьккхича, иза „европахой-патриоташ Ширачу Дуьненна исламизаци ярна дуьхьал“ санна ала йиш ю. Шира дуьне я немцойн маттахь аьлча, Абендланд, ткъа шуьйрачу маьIнехь аьлча, Малхбузе а бохург ду. Ткъа Малхбалера я Ориентера къаьмнаш цу боламан векалш мостагIаллийца тIеоьцуш бу, Европехь исламхойн кхетамаш баржоран Iалашонаш цара кхобуш а лору цара.

Ала догIу, цкъа хьалха цхьа локала, пайда боцу проблема санна немцойн урхалло тIеоьцуш хилла болу Пегида болам хуьл-хуьлааш пачхьалкхан тIегIане болуш лаьтта. Къаьстина Малхьалерчу Германехь, я вуьшта аьлча, немцойн уггаре кхечу лаьттанашкахь дуккхаъ агIончаш карабо цунна. Малхьалин Европехула волчу аналистана Чапханов Русланна хетарехь, иза ларамаза дац, массо а мехкашкахь юккъера къечу бахархоша къаьстина сема а тIеоьцу неонацин а, аьтто-радикалхой а лозунгаш. Германехь хилла ца Iаш, Францехь а, Австрехь а бу аьтто-радикалхой партешна белшашгIортош берш къе нах.

Чапханов Руслан: „Германехь уггаре а къен агIо ю и нах урамашка буьйлуш йолу Дрезден. Малхбузерчу Германино кхобуш меттигаш а ю уьш. Ткъа къе нах дукха мел болчу меттигашкахь резабацарш а, радикала а, экстремистийн а хьежамаш алсам хуьлу. Царна тIебаьхкинчу хийрачу нахехь шайна конкуренци го, шайгара юург-молург цара дIаяккхарх кхоьру. Ткъа царна хьалхабевллачара и кхерамаш алсам боху“.

Исламизацина дуьхьало ян гIерта шаьш аьлла арабевлла болчу наха, амма уггаре а хьалха церан куьйгалхоша бусулба дин а, цунах Европина болу кхерамаш а коьртах баьхна хилар деккъа цхьа лоьхуш карийна бахьана лору политолого Чапханов Руслана. Радикала бусулбхой карарчу хенахь Малхбузехь массеран а багах хиларх Пегида боламан куьйгалло пайда оьцуш бу, амма церан Iалашонаш цуьнца йоьзна яц, шайн шира наци хьежамаш юкъараллехь карлабахарца а, уьш дIачIагIбарца а йоьзна ю.

Чапханов Руслан: „Карарчу хенахь массо а меттехь йийцаре еш дIога Иракъехь а. Шемахь а къизаллаш лелош йолу шаьш бусулба пачхьалкхе хIоттош ду бохуш йолу тоба. Цунах бахьана а деш, царна тIехьа а лецкъаш, шайн наци хьежамаш хьалхатуьттуш бу и нах. Ислам дин царна цхьа бахьана бен дац“.

Шена тIе тидам бохуьйтуш ду иштта, фашистийн Германи эша а йина, доллу дуьне а нацистийн а, фашистийн а идеологих шаьш паргIат даьккхина бохург чIагIдеш йолчу Кремло шайн пачхьалкхахь нацин хьежамаш болу тобанашца уьйраш лелийна ца Iаш, иштта Европехь массо а аьлча санна пачхьалкхашкахь неонацин боламашца гергарло лелош хилар. Масала, Австрера а, Германера а, Францера аьтто-радикалхой наггахь къайлаха, наггахь гаррехь а Оьрсийчоьнан урхаллин векалшца цхьаьнабеттало, схьахетарехь, цаьргара ахчанаш а ийдо цара. Амма шен, Оьрсийчоьнан, экономика ледарчу хьоле мел йолу а, и тайпа фашистийн идеологи кхобучу нахаца лелош долу ловзарш бале девр ду аьлла хета Чапханов Русланна.

Чапханов Руслан: Оьрсийчоьнан куьйгалло и неонацин хьежамаш болу нах, урамашкахула шайн долахь а боцуш, лелуьйтучул, шайн контролехь а болуш, шайна луург а дойтуш цаьрга, кхаьбча шена санехь ду аьлла лелош бу. Бакъду и кхераме хьал ду, хIунда аьлча хIинца санна экономика эшамаш хуьлуш церан дIайодахь, цаьрга и нах кхин дIа кхабалур бац. ТIаккха уьш церан куьйгакIелара бевр бу, цара зуламаш а лелор ду. Шена Кремлана бала хир бу царех“.

Цу юкъана Дрезденан урамашкахь эзарнаш нах вовшахбеттачу бусулба динна гомачу боламера болу кхерамаш ган йолаелла Германин урахалла а. Немцойн канцлера Меркел Ангелас емал дина, динца гамо яржор а, цхьа-цхьаццачу зуламхоша лелош долу талорш динца цхьана дозар а. „Германехь гуламийн маршо ю, амма и бохург дац, цу маршонах вай долчу кхечу мехкашкара схьаоьхучу нахах лаьцна харцдерг даржорна а, царна гоунахьа гамо а, цабезам а кхолларна а пайда эца мегар ду бохург“ - элира цуо Пегида хьокъехь шега журналисташа динчу хаттарна дуьхьал.

XS
SM
MD
LG