ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПАСЕ-но таIзар дина Оьрсийчоьнан делегацина


Франци -- ПАСЕ.
Франци -- ПАСЕ.

Европин Кхеташонан парламентан ассамблеяхь кхин дIа а йистхила бакъо йоцуш йитина Оьрсийчоь.

Кхаарий дийнахь Страсбургехь дIаяьхьначу рогIерчу Европин Кхеташонан парламентан ассамблеян сессехь тIечIагIбина даханчу шеран охан баттахь Кремло ГIирма ахгIайренна аннекси яр бахьана долуш Оьрсийчоьнан делегацера йист хила бакъо дIаяккхарх болу сацам. Иштта евродепутаташа нуьцкъалехь битина Оьрсийчоьнан векалш Украинера ше политика Кремло хийцалца парламентан ассамблеин куьйгалле харжа йиш йолуш ца хиларх болу сацам а.

Ша резацахилар гойтуш оьрсийн агIоно хаам бина, 20I5-гIа шо чекхдаллалца шаьш лаццане а Европин Кхеташонан парламентан ассамблеин балхахь дакъа лоцур дац, цуьнан сессешка а гIур дац, аьлла.

„Нагахь санна оьрсийн делегацин кхоччучу барамехь ассамлеин балхахь дакъалаца йиш а ца хилча, ткъа уггаре а коьртаниг шена хетарг олуш йистхила бакъо а ца хилча, тIаккха цхьа а маьIна долуш дац цу хьелашкахь цигахь болх бар“, - элира оьрсийн Пачхьалкхан Думин спикер волчу Нарышкин Сергейс цу хьокъехь Интерфакс агенталле. Цуо иштта кхерам тессира, карара шо чекхдаьлчул тIаьхьа Оьрсийчоь яллане а Европин Кхеташонера араяла там бу, аьлла.

Изза ойла жимма хьалха яржийнера Пушков Алексейс а, ала дашна, Парламентан ассамблеяхь оьрсийн делегацин куьйгалхо волчу. „Вайгахь цу гуламехь дакъалаца аьттонаш ца бисна, ма-дарра аьлча, цигахь тIеIаткъам бан цхьа а инструмент яц вайгахь йисина“, - элира цуо.

Ткъа Оьрсийчоьнан Федарацин Кхеташонан векал волу Клишас Андрей кхин а генавелира. Цуо вуно чехка цу „цхьа а тайпа сий ца дисинчу цхьаьнакхетараллина юккъера Оьрсийчоь араяла еза“, элира, хIунда аьлча, цуьнан дешнашца, „Парламентан ассамблеяхь болчеран дукхахчеран леламаш – иза Оьрсийчоьнан делегацино ларйеш йолчу дешан маршонан принципех кхерар ду. „Уьш кхоьру, оха тхайн къамелаца Киеверчу неонацин режимо Европерчу куьйгалхойн гIоьнца юттуш йолу аьшпийн тарханаш херцорах“, - элира, Оьрсийчоь дешан маршонан гIайре йолчуха, Федерацин кхеташонан векало.

Ала догIу, Европин Кхеташоне хьежамаш даима а бацара Оьрсийчоьнан куьйгаллехь хIинца санна. 1990-гIа шераш дуьйладелчахьана Кремло дукха къахьира, шен пачхьалкхе цу Кхеташоне дIаэцийта гIерташ. Эххар а 1996-чу шеран чилла баттахь, нийса 21 шо хьалха, Нохчийчохь марсбаьлла боьдуш хьалхара тIом а болуш, Европин Кхеташонан декъашхо хилира иза.

Ма-дарра аьлча, хIетахь Оьрсийчоь цу тIеIаткъамечу цхьаьнакхетаралле дIаэцар Европано ша шен мехаллаш, уггаре а хьалх адамийн бакъонаш ларйар, хьошуш хIума дара, хIунда аьлча дуьненна а гуш йохош яра цу муьрехь нохчийн гIаланаш, иттанаш эзарнаш маьрша адамаш дара дойъуш. ХIетте а, Оьрсийчоьнна шен неIарш схьайиллира Европин Кхеташоно.

Ичкерин республикан парламентан депутат санна хийлаза Европин Кхеташонехь хилла а, парламентан ассамблеяхь вистхилла а волчу Исханов Хьусейна дагалуьйцу, Оьрсийчоьно цу Кхеташонехь лелош хилларг.

Исханов Хьусейн: „Европано цу Кхетаноше Оьрсийчоь ша оьцуш сатуьйсура, иза декъашхо хилча, цунна тIеIаткъам бан а, цуьнга адамийн бакъонаш ларйайта а аьттонаш алсамох хир ю шен бохучуьнга. Амма иза иштта ца хилар Оьрсийчоьно кеста гайтира. Со хийла цу парламентан ассамблеин балхахь дакъалаьцна ву, суна дукхаза гина оьрсийн делегацино цигахь лелош дерг.

Цигарчу депутатеш баша а ца бешаш, вуно эвхьаза а, осала а лелар уьш. Нохчийчохь Оьрсийчоьно лелош дерг бахьана долуш цкъа хIетахь а бистхила бакъо дIаяьккъира цаьргара. ХIинца Украина бахьана долуш а ирачу критике беш бу уьш. Цундела хIинца цара хIоттош долу сурт, тхо а, тхан ахча а ца хилча, шу данне а дац, шун ассамблея я юхур ю ала гIерташ долу сурт ду“.

Ша цу юккъе эцна дукха хан ялале Европерчу адамийн бакъонаш ларйаран конвенцина буха куьг язйира Оьрсийчоьно, цу кепара ша а гуманизман а, демократин а принципашна муьтIахь хилар тIечIагIдеш. Амма цу конвенсцин ратификаци яр кехаташ тIера дешнаш а хилла йисира, цул тIаьхьа Оьсрийчоьно юха а Нохчийчохь тIом болоро а, Гуьржеха а, Украине а иза тIамца чугIортаро а гойтуш ма-хиллара.

XS
SM
MD
LG