ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин емал вина Германера нобелан совгIатан дас Мюллер Гертас


Германи -- Мюллер Герта, ZDF телевизионехь.
Германи -- Мюллер Герта, ZDF телевизионехь.

Шийла тIом дIабирзинчул тIаьхьа цкъа а ца хиллачу кепара вуочу агIор карийна тергамхошна немцойн Оьрсийчоьне болу хьежамаш.

Литературехь Нобел премин да йолчу немцойн яздархочуо Мюллер Гертас ХIитлерца вуьстира Оьрсийчоьнан президент Путиин Владимир. Украинера хьал дийцаре деш цуо ша Дие Велт газетина еллачу интервьюхь карладаьккхира, шозлагIа дуьненан тIом болчу хенахь ХIитлерс шен эскарш Испанера Герника гIала йохон хьажийначу хенахь, цу немцойн салтешна тIерачу тIеман униформина тIехь а яцара уьш Рейхан эскархой хилар гучудоккхуш йолу хьаьркаш, бохург, цу кепара Донбассехь тIом бечу оьрсийн эскарийн духарийн башхалла билгалйоккхуш.

„Со ца теша, Путинс тIом сацор бу бохучух. Цунна Мариупол оьшу, лаьттахула ГIирме некъ баккха. Цул тIаьхьа иза Приднестровьена чугIуртур ву. Украинина тIехь соцур волуш вац иза. Жим-жима йохош, Украина йохор – иза цуо хIоттийна яьлла план ю. Муьлха а машаран барташ цуьнца барах а, муьлха а дипломатийн некъаш лехарх а, и хьал хийцалур долуш а дац“- элира цуо, и шен план кхочушйархьама Путин эзарнаш украинхой балийта а, цу пачхьалкхан йоллу инфраструктура йохон а кийча хилар билгал а доккхуш.

Малхбузерчу политикаша дукхахчу хенахь шайн стешхалла хьулйархьама пайда оьцуш йолу политикан корректалла тергал а ца еш, яздархочуо элира, Путин Владимирс лелош дерг ша шен а, хIора а маьршачу стеган а сий хьошуш хIума лору, шен кхетам сийсазбо хIума а лору, аьлла. „Иза бIозза ма лаьцна аьшпашна тIехь. Амма цуо кхин дIа а эхь ца хеташ аьшпаш буьтту“, - элира цуо.

Оццул кхеташ долчу, шалхоне доцучу дешнашца дуьненна а евзаш йолчу яздархочуо Оьрсийчоьнан президентах дош алар цхьаболчарна тамашийна хетахь а, амма немцойн а, йоллчу Малхбузерчу а интеллектуалашна юккъехь дуккха а хан яра Путине, Кремлан политике а иштта емалдаран хьежамаш болу. Бакъду, пачхьалкхийн куьйгалхоша а, тIеIаткъамечу политикаша а шайна ца хезаш санна дуьтура и аьзнаш. ХIинца амма, эххар а Украинехь Оьрсийчоьно хIоттийнарг гуш, ткъа Кремлан агресси Европина дозанашна улле кхаьчначул тIаьхьа, эххар а самабовлуш бу уьш а.

Венерчу Малхбален Европин интститутан Iилман белхахочунна, политологна Чапханов Русланна хетарехь, кху тIаьхьарчу ткъех шарахь Кремлано Европехь шена лобби Iалашйархьама мел хьегна хила долу къа а, мел йина хилла харжаш а йовш лаьтта Украинехь цуо болийна тIом бахьана долуш.

Чапханов Руслан: „Даханчу бIешарахь Оьрсийчоьне вуно боккхаь цатешам бара Малхбузехь. Амма тIаьхьарчу ткъо шарахь Москохано, вай цхьа партнераш а дара, вайн цхьа юкъара мехаллаш а яра, бохуш, шаьш Европица схьаэнгIерта бохучунах тешийна кхузара нах. Амма цара Украинехь деш долчуо гойту, цхьа а юкъара мехаллаш а, цхьа а бакъдолу партнералла царна юккъехь доцийла“.

Политологан дешнаш тIечIагIдо кху деношкахь Германерчу АРД телеканало дIабахьанчу юкъараллерчу хеттамаша. Немцойн доккхах долчу декъан шеконаш яц, Оьрсийчохь демократи янне а ца хиларх. Ткъа хеттамашкахь дакъалаьцначу нехан 83 процентано тIечIагIдира, шайна хетарехь Оьрсийчохь де дийне мел долу а адамийн бакъонаш а, демократин принципаш а хьоьшуш ю бохург.

Иштта хеттамашкахь дакхалаьцначу хIора а пхеа стагах виъ тешна ву, Оьрсийчоьнан куьйгалла хIуъу дийр долуш ю, шена луург чекхдаккхархьама бохучух. Ткъа Минскехь бина барт Москохано кхочушбийр бу бохучух ца теша хаттаршна жоьпаш деллачарех 64 процент.

Телеканало архивашкарчу хааршца цу хеттамийн жамIаш дустаро гайтира, шийла том болчу хенахь бен цу кепара Оьрсийчоьнна резадацар а, цу пачхьалкхаца цатешам а немцойн юкъараллехь хилла ца хилар. ТIаьхьара, 1981-чу шарахь, цу кепарчу хеттамашкахь таллархоша хаттар динера немцошка, оьрсашка болчу хьежамех лаьцна. I4 процент бен ца аьллера хIетахь, шайн хьежам дика бу аьлла.

И Оьрсийчоьнах тешам дIабалар а, цу пачхьалкхене болу хьежамаш немцойн юкъараллехь талхар а дIадоьдуш долу масех шо а ду элира АРД телеканале Берлинерчу политолога Випперфюрт Кристиана. Амма иза оьрсийн Германига болчу хьежамашкахь а тергалдан йиш ю бохуш чIагIдо цуо. „Нийса шо хьалха а Германи Европехь Оьрсийчоьнан уггаре а тоьлла доттагIа ларалуш яра. ХIинца иза дуьхьалонча санна тIеоьцу оьрсаша“, - элира политилога.

XS
SM
MD
LG