ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан а, ЭрдохIанан а цхьаьнадогIу пхи хIума


Туркойчоь - Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджеп а (аьтт), Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а (аьрр) зорбанан конференцехь. Хонкара, ГIур.1. 2014
Туркойчоь - Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджеп а (аьтт), Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а (аьрр) зорбанан конференцехь. Хонкара, ГIур.1. 2014

Шиа 60 шаре ваьла а ву, Европан малхбалехь Iуьллучу йоккхачу шина пачхьалкхан ши лидер а ву Путин Владимир а, ЭрдохIан Реджеп а. Амма цу тIехь и шиъ цхьатера хилар кхачош дац. Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а шина лидеран цхьаьнадогIуш лаххара а 5 хIума ду бохуш яздо Маршо Радион корреспонденто Синделар Дейзис.

Кху деношкахь визитаца Хонкарахь ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Туркойчоьнан куьйгалхочуьнца ЭрдохIан Реджепаца дагадовларш дIахьош ву иза дуккха а хаттаршкахула, шайна юкъахь дуьненаюкъарчу политиках доьзнарш а долуш. Коьртачу декъана хьехориг, кхеташ ма-хиллара, Шема а, Украина а, ткъа иштта Оьрсийчоьно юхкуш йолу газ а ю.

Путин ша цхьаъ ву Шемарчу Iедалшна тIехIоьттина. Ткъа Украина юьйцуш, ГIирмерчу гIезалойн коллам бахьана долуш сагатдеш ву ЭрдохIан Реджеп.

Амма уьш тидаме ца эцча, дуккха цхьаьнадогIуш хIуманаш ду 62 шо долчу Путин Владимиран а, 60 шо долчу ЭрдохIан Реджепан а.

Шиа вина къен доьзалшкахь. Спорт езаш а хилла и шиъ. Путин кхиина Петарбухерчу коммуналан петарехь. Кхиазхо волуш самбох леташ хилла иза. Эххаре а Путинан аьтто баьлла Iаьржа доьхка олу цIе яккха а, «Дзюдох Iема Путин Владимирца» цIе йолу лата Iамош йолу видео арахеца а.

ЭрдохIан кхиина Касимпаша (Kasımpaşa) олучу Истанбулан кIоштахь, лимон тоьхна хи а, локъамаш а юхкуш. Цхьаболчу хаамашца, иза хIинца а воьду шен месаш тояйта ша хьалакхиинчу урамехь волчу говзанчана тIе. 13 шарахь футболах ловзуш а хилла ЭрдохIан шайн кIоштарчу тобанна юкъахь.

Путина а, ЭрдохIана а пайда эцна шайн конституцех шайн политикан дахар дахдеш, цкъа премьер-министр хIуттуш, юха президент хIуттуш. Путин Iедалехь волу 15 шо ду. ЭрдохIан – 11 шо.

Ши а ву гIаланаш санна йолу хIусамаш дукха езаш. Дукха хан йоцуш Османан империн куьцехь йина гIала санна йолу гIишло схьайиллира Хонкарахь. Цуьнан аре ю 150 000 еакIон метр. Иза еш дайина бохуш дуьйцуш ду 615 миллион доллар.

ЭрдохIанан дуьхьалончаш чIагIдо и гIала яр бахаьана ЭрдохIан Реджеп Туркойчоьнах кхузаманахьлера пачхьалкх йина стаг санна вазвар ду бохуш.

Ткъа, дийцарехь, Путин Владимира Iаьржачу хIордан йистехь йина йолу гIаланаш пачхьалкхана йина яц, шена йина ю. Цу гIишлон мах бу, цхьаболчу хаамашца, 1 миллиард доллар. Кремло мосуьйттоза дIахьедар дина Путинна а, Италерчу архитекторо Кирилло Ланфранкос йинчу цу гIаланашна а юкъахь зIе яц бохуш.

2011-чу а, 2012-чу а шерашкахь шуьйра дуьхьалонан акцеш хилира Оьрсийчохь. Путин кхозлагIа а президентан харжамашкахь дакъалоцуш вара. И харжамаш толамца дIабирзича президентан шуьйра бакъонех пайда ийцира цо гражаданин юкъараллана а, Iеддалшца боьзна боцучу зорбанан гIирсашна а, Болтоная олучу майданехь дуьхьалонан акцешка арабевллаxe нахана а дуьхьал репрессеш лелош.

400 стаг дIалаьцнера полицино. Дуккха а нахана йиттира ницкъаллин структурийн белхахоша. 20 сов набахтехь хан токхуш ву цу акцешкахь дакъалаьцначу нахах.

2013-14-чу шерашкахь Iедалша Гези олу Истанбулерчу паркана реконструкци ян сацам бича, дуьхьалонан акцеш хилира ерриг а Туркойчохь. 3 миллион стаг араваьллера урамашка Iедалшна дуьхьал. ЭрдохIана жоп делира ницкъаца. Иттех стаг вийра. 5500 стаг жоьпе озийна ву, цу акцешкахь къепедацарш лелийна аьлла.

Оьрсийчохь а, Туркойчохь а охьатаIийна ю политикан оппозици. Путин диозлагIа а президент хила дагахь ву. Ткъа ЭрдохIан массара а хаьржийна президент хIоьттира Туркойчохь кхо бутт хьалха хиллачу харжамашкахь.

Кху тIаьхьарчу хенахь ЭрдохIана а, Путина а дIахьедарш дина цхьаболчу зударшна товш доцу. Зударийн дахарехь йолчу меттигах лаьцна дуьйцуш дIадаханчу кIиранах ЭрдохIана элира, зударий божарий санна хилалур бац аьлла. Уьш бераш кхобуш Iийча дика хир дара бохуш вара иза. Амма ЭрдохIана аьлларг ца тайна феминисташна. Вуно цунна реза боцуш къамелаш деш бу уьш.

Зударий божарех къаьсташ хилар гойтуш къамелаш деш Iедал ду Путинан а. Эвхаза къамел дира цо дукха хан йоцуш Германин канцлерца Меркел Ангелица политикан дебаташ дIахьош, маре яхар а, маре яхча хуьлург а, цуьнан жамIаш а хьехош.

Мангал баттахь Iамеркан хиллачу пачхьалкхан секретаро Клинтон ХIилларис Путина лелориг Гитлера лелийначух тера ду аьлча, зударшца цакъийсар а бен дарба дац элира цо, ша цхьа дола деш волуш санна сурт а хIоттийна.

Путин Владимира йитина шен зуда. Дуьйцуш ду, цо «Людмилица ши кIира даккхаделлачу стагана хIоллам хIотто беза» аьлла бохуш.

XS
SM
MD
LG