ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлинера дог лазаран кхерч


Германи -- Берлин, Рейхстаг, 29Манг2011
Германи -- Берлин, Рейхстаг, 29Манг2011

Шемахь а, Иракъехь тIамехь дакъалаца дIаоьхучу кегирхойн доьзалшна гIодаран кхерч кхоьллина Берлинехь.

Карарчу хенахь Европерчу пачхьалкхашкахь бехачу бусулба дай-нанойн уггаре а йоккхачех цхьаъ гIайгIа хилла дIахIоьттина шайн доьзалшкара хIинца-хIинца хьалакхиина, когаирахIиттина долу боьрша бераш Шема я Иракъе тIаме бахарх кхерар. Дукхахьолехь я дена-нанна, я йиша-вешина ца хоуьйтуш, къайлаха бовлу кегирхой цу новкъа.

Ткъа гергарчарна уьш дIакъайла бевллачул тIаьхьа бен гучу ца долу хIуммаъ. Хийцамаш-м го царна шайн доьзалхочуьнца хуьлуш болу, шеконаш а кхоллало, цхьаъ къайлакхоьхьуш -м вац теша иза, цхьа тешамбоцучу накъостех дIаветталуш-м вац теша, радикалхойн тIеIаткъамо-м ца лаьцна теша, бохуш.

И тайпа шеконаш шайгахь кхоллаелла болчу дай-наношна а, кхечу гергарчарна а орца кхачоран Iалашонца кхоьллина ю Берлинехь Hayat цIе йолу кхерч. Hayat бохург Iарбойн маттера гочдича „Дахар“ бохург ду. Цигахь масех маттахь консультацеш еш а, психологийн а, юристийн а гIо деш а лерина и санна болу бохам Iоттабеллачу нахаца болх бан Iамийна болу говзанчаш бу. Бусулба Iилманчаш а, имамаш а бу царна юккъехь.

Ткъа цигахь орца лоьхучу дай-нанойн терахь дела денна алсам долуш ду. Официала хаамашца, еккъа цхьаьна Германера 400 сов стаг ву Шемахьий, Иракъехьий джихад да вахана. Луларчу Австрера кхо бIе стаг герга ву. Иштта бIеннашкахь бу уьш Францера а, Британера а.

Цу дIаоьхучарна юккъехь цхьа доккха дакъа ду нохчийн доьзалшкара божабераш а. Ала йиш ю, „хих веддарг хьера кIела иккхина“ бохучу нохчийн кицанахь хилларг хилла шайн доьзалш Нохчийчуьрчу тIамех бовдийна Европе схьабаьхкинчу хийла нохчийн дай-наношна. Царех цхьаъ ву Германехь вехаш волу Амхьад а. 60 шаренга кхоччуш волу и стаг итт шо хьалха шен доьзалца схьавеънера немцойн махка. Къаьхьа а, чолхе а бу цуьнан кхоллам.

Шен доллучу дахарехь Юккъерчу Азехь ваьхна а, юьртбахамехь къахьегна а хилла волу иза хьалхара тIом болабалле цхьа ах шо дисинчу хенахь бен Нохчийчу цIавирзина вацара. Доьзал а шен даймахкахь кхууьр бара-кх, ша а шена валлалца яккха йисина йолу хан лаьмнашкахь, дайн кIотарахь, къам дIадохош шайн доьзал чуьра арабаьккхича дуьйна схьа еса лаьтта кхерч юхаметта а хIоттийна, цу чохь йоккхур яра-кх аьлла вирзинера ша ДегIаста юха бохуш дуьйцу цуо.

Амма кесталгIа баьллачу тIамо бохийра и сатийсамаш. Амхьад шен чотах герз а эцна, Даймохк ларбан аравелира. Цу тIамо шен лараш йитина цуьнан дахарна тIехь хилла ца Iаш, доллучу сибатана тIехь а. Чевнийн монаш ду цуьнан юхь тIехь а, куьйгаш тIехь а.

ШозлагIчу тIамехь ша лазийначул тIаьхьа, доьзалца цхьаьна шена дарба а дойтур дара-кх, берашна деша а, баха а меттиг а лохур яра-кх аьлла веънера ша кху хийрачу махка бохуш дуьйцу цуо. Амма и сатийсам а хаьрцира шерашца. Амхьадан воккхах волу кIант, Европе схьабогIучу хенахь I3 долуш хилла волу, даханчу шарахь къайлаха Шема тIаме вахнера. Шен кIант вуьйцучу хенахь, гаррехь, дагахьбаламаш а, къаьхьалла а, цакхетар а хеза цкъа а Нохчийчохь ваьхна ца хиларна доккхахчу декъехь оьрсийн маттахь къамел дечу Амхьадан озехь. Нийсо езаш а, къинхетаме а, хьарамлонах ларлуш а вара шен иза, бохуш дуьйцу цуо.

Амхьад: „Хьарам хIума цкъа а лелийна вацара иза. Денна видеош гора, „хIей, бусулба нах, кху дуьненчохь цхьа а бусулба стаг виснехь, орцаха довла тхуна,“ бохуш, Шемарчу зударша маьхьарий хьоькхуш йолу, шаьш Делаца чIагIо йо шуна, нагазхь санна шайн дан гIо а долуш, аш шайна гIо ца дахь, къематдийнахь шаьш шуна дуьхьал тоьшаллаш дийр ма ду, бохуш. Цхьаболчаьрга ца лало-кх и санна долу хIума. Ткъа цига дIаоьуш берш – уьш уггаре а яхь йолуш, догцIена а болуш берш бу. Хазхета боьлхуш ма баций уьш цига, дог лозуш боьлхуш бу“.

Амхьади кIентан доттагIехь цхьаъ хьалхоха дIавахнера Шема. Цул тIаьхьа цуо цигара зIене а вуьйлуш, дуьйцуш хилла шен цIахь бисинчу накъосташка, джихадан исбаьхьаллех а, Шемахь бен карон йиш йоцучу Делан некъатIерчу дахарехь, кест-кеста „субхьаналлахI“, „фисабилиллахI“, „катибаш“, „рибаташ“ бохуш долу зевне дешнаш а хьехош. Ткъа цул тIаьхьа масех бутт балале Амхьадан кIанта а, цуьнца кхин а масех нохчийн жимстаг а цигга Шема дIавахнера.

Бакъду, и Делан некъ, шаьш Iарбойн маттахь фисабилиЛахI олуш болу, сел беза бийцина, Делан некъа тIехь вахар а, валар кхечарна сел марзадеш хилла волу и жима стаг тоххарехь Шемара цIавирзина, Европехь шен доьзалца марзо оьцуш Iаш ву, Амхьада дийцарехь. Ткъа цуо и фисабилиллахI марзбина, цунна тIаьхьа дIабахнарш хIинца а мичахь бу я дийна бу-бац ца хууш, царна боьлхуш лелаш церан дай-наной ду.

Цаьрга, цу дай-наношка, собаре хила эр дара ша элира Амхьада, шайна тIекаьчнарг мел хала киртиг елахь а, доха а ца духуш, орца лахар а, вайна вешан бераш кIелхьарадаха некъ лахар а бен вайна дисина хIума дац аьлла.

Амхьад: „Ас шайн бераш ларде аларх я ца аларх, хIора а дас-нанас шайн ка доллучу кепара шайн доьзалш ларбан а гIурту, цара царна са а гатдо, дикадерг хила а лаьа. Ткъа хIара санна болу бохам, хIара санна йолу агIонаш хIоранна а тIеIоттаяла там болуш ю. Цундела иштта гIуллакх шайца нисделлачуо, маьхьарш ца хьоькхуш, лаьттах ца бетталуш, собарца хIума дан деза. Вайн йисинчу хенахь вешан бераш цигара кIелхьарадаха хьовса деза-кх вай“.

XS
SM
MD
LG