Кху деношкахь немцойн МайнтIерачу Франкфуртехь дIайоьдуш гIовгIане кхел ю. 20 шо долу Германин вахархо, Косовера орамаш долу Крешник цIе йолу жимстаг ву Шемарчу тIамехь дакъалацар бахьана долуш жоьпе озийнарг. Немцойн низамашца, террорхойн цхьаьнакхетараллехь, ткъа иштта хийрачу пачхьалкхан дозанна тIехь тIом барна цунна итт шо хан тоха йиш ю.
Бакъду, нагахь санна цуо Iедалхошна муьтIахь а хилла, шен накъосташ а, шена Шемахь а, Иракъехь лаьттачух хууш дерг схьадийцахь, я ма-дарра аьлча, тIаьхьа бисинчу шен накъосташна мотт тохахь, иза 3-4 шарца кIелхьаравер ву.
Крешник дуьххьарлерниг вац кху тIаьхьарчу кIиранашкахь Германехь Шемарчу а, Иракъерчу а тIемашкахь я кхечу бусулба пачхьалкхашкахь террорхойн лагершкахь дакъалацарна кхеле озийнарг. Оццу Франкфуртехь хIара бутт болалуш лецира кхо жимстаг.
Уьш Кенера цIабаьхкина бара, ткъа цига и кхоъ Сомалера кхаьчнера. Iедалхоша чIагIдарехь, кхоьа даханчу шарахь Сомалерчу Аш-Шабаб цIе йолчу радикалан исламхойн тобанах дIакхета вахнера. Ткъа хIинца шайна цигахь Iеминарг немцойн махкахь лелон Iалашо хилла церан аьлла хета Iедалхошна. Ала дашна, и кхоьа немцойн къомах волуш, Германи пачхьалкхан оллалехь ву.
Иштта нийса ши де хьалха, гезгмашин беттан 22-чохь Берлинехь полисхоша лецира 40 шо долу турко. Немцойн зуламхойн хьокъехь йолчу Федерала хьукматан векало Цирке Йорга журналисташка динчу дIахьедарца, и стаг хIара шо долалуш Шема а вахана, цигахь шаьш шайха „Исламан пачхьалкхе“ олуш йолу ДаIиш тобанехь тIемаш беш хилла. Ткъа бархI бутт баьллачул тIаьхьа ДаIишна керла агIончаш лаха а, садоIа а Берлине юхавирзина.
Кхузахь хьахон догIу, тIаьхьарчу 4 шарахь Шемахь тIом баьлча дуьйна схьа, еккъа цхьаьна Германера, цу пачхьалкхан Конституци ларйаран хьукматан белхахоша чIагIдарехь, 400 тIемло вахана цу махка дIа. Царех I30 стаг юха а вирзина Германе.
И юхабоьрзуш берш бу немцойн а, австрихойн а Iедалша шайн махкан кхерамазаллина бале бовлар кхоьруш, тидамехь латтош берш. И нах, и джихадхой, Шемера я Иракъера я миччанхьара юха стенна боьрзуьйту Европе? Царна некъаш хIунда ца доьхку юхаберза? Я цаьргара пачхьалкхан олалла тIечIагIдеш долу кехаташ схьа хIунда ца доху? И тайпа хеттарш ду юкъараллехь декаш, ткъа аьтто-популистийн партеша и синхьаамаш кхин тIе а марсабоху.
Амма иштта ма-хеттара атта дац и хIума кхочушдан. ХIунда аьлча, хаамийн гIирсашкахь деста а дой, дийцаре доккхуш дерг даима а нохчий, я турокйн а кхин болу мигранташ Европе Шема бахар делахь а, амма официалан информацица, Европера джихадехь дакъалаца оьхуш берш меттигерчу къаьмний векалш бу дукхахберш, дукха хан йоцуш им диллина а болуш.
Масала, Германера Шема баханчех 60 процент къомана немцой бу. Ткъа Германин Конституцица, цу нахера пачхьалкхан олалла дIадаккха бакъо яц Iедалийн, цара хIуъу динехь а. Цундела, уьш цIехьа берзарна дуьхьало ян йиш ца хуьлу церан.
Кхин хьал ду мигранташца я немцойн паспорташ а долуш, амма иштта кхечу пачхьалкхан олалла а долуш болчеран. Цаьргара паспорташ схьадаха, я нагахь санна уьш политикан тховкIело ехнарш белахь, уьш шаьш бевдда схьабаьхкинчу пачхьалкхашка дIахьовсо йиш ю Iедалийн.
Масала, нохчех и гIуллакх хьакхделча, уьш кеманна тIе а ховшийна, Оьрсийчу дIахьажон бакъо ю. Ткъа цигахь, Оьрсийчохь, шерашкахь Асадана гIортор хилла лаьттачу, церан хIун кхоллам хир бу бохург цхьанне а шеко кхуллуш хIума дац.
И гIуллакх иштта гена ца далийта, баххане а нохчийн кегирхой хийрачу мехкашка гIазот даккха ца бахийта я и ойла царна къахьйархьама гIулчаш яха гIерта Европера нохчийн диспораш.
Иштта Венерчу вайнехан кхеташоно маьждигашкахь а, юкъараллин жигархой вовшакхеттачехь а хаддаза дийцаре деш ду и хIума, меттигера Iелим нах а, дин девзаш берш а декъа а болуш. Венерчу нохчийн, гIалгIайн кхеташонан куьйгалхочуо Мусаитов Шайхис дуьйцу.
Мусаитов Шайхи: „Диъ маьждиг ду вайн нохчийн Венехь. Цигахь а, кхечу меттигашкахь а болчу вайн имамашца цхьаьна а кхетта, дагадовларш дIадаьхьна оха. Дика Iилма долуш нах бу уьш. Уьш массо а цхьа ойла йолуш ву- Шема вайн бераш даха оьшуш дац. Иза нийса дац.
ХIара мохк вайн шозлагIа даймохк бу, вай кхуза схьадаьхкина, дехаш делахь, вай кхузара низамаш лара а, лардан а деза. Шайн хьехамашкахь хаддаза дуьйцуш а ду цара иза. Иштта хIора а тезетахь а, нах гулбеллачохь а дуьйцуш дерг иза бен хIума дац. Боккха лазам бу-кх иза вайн къомана“.
Европера Iедалш шайн пачхьалкхашкахь Шемара я Иракъера юхабирзинчу джихадхоша зуламаш дарх кхерар кхеташ ду. Масех де хьалха шайх „Исламан Пачхьалкхе“ олучу ДаIиш тобано кхайкхам бина дуьне мел ду болчу шайн агIончашка, шаьшна дуьхьал коалици йинчу пачхьалкхийн бахархой, уьш миччахь белахь а, байъа аьлла.