ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчоьне тIом кховдо сиха яц Кавказ-Имарат


 Гуьржийчоьне тIом кховдо сиха яц Кавказ-Имарат.
Гуьржийчоьне тIом кховдо сиха яц Кавказ-Имарат.

Шайн мехкан ницкъаллин структураша Дагестанан дозанца дIаьяьхьна тIеман операци бахьана долуш саготта бу Гуьржийчоьнан бахархой. Дуккха а наха хоьтту, кхин дIа хIун хир ду. Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло ца дуьйцу, шаьш Дагестанера баьхкина хилла бохуш бийцина нохчийн тIемалой хIун Iалашо йолуш хилла а, мел кхераме хилла а Гуьржийчоьнна.


Кестта Тбилисина гергахь гучудовла там бу Имаратан эскарш, бохуш, вовшашна кхерамаш туьйсу гуьржаша.

Делахь а, Кавказ-Имаратан куьйгалхой Гуьржийчоьне тIом кховдо сиха болучух тера дац. Цунах лаьцна Маршо Радионе хаам бира Имаратан муджахIид ву ша, аьлла, телефон тоьхначу Абу Хьамза цIе йолчу стага. Цкъа дуьххьара, хилларг хIун ду къасто дагахь ду шаьш, бохура цо.

Абу Хьамза: «Сан цIе Абу Хьамза ю. Дагестанан а, Гуьржийчоьнан а дозанехь хилла инцидент, кхузахь хилла болу и болх ... вай беш болх бу оцу тIехь. Толлуш ду, бехке мила ву, муха хилла, мичара схьадаьлла, хIун хилла. Цундела массо а вежаршка, цхьа сих а лой, бехке бешший, бекхам бешший, чIир кхайхкошший, болх ма бе, аьлла, дехар ду сан.

ХIунда аьлча куьйгалхоша (шайн) нах а хаьржина, таллам а бина, бехкеверг а, воцург а билгал а ваьккхина, хилларг хIун ду а хьаьжна, официалан дIахьедар дийр ду. Бекхам бан а, чIир эца а муьлххачу а хенахь кхуьур ду вай.

Цундела къаьмнашна юкъахь зулам долу хIума, цхьана а агIор, хилларг хIун ду, хьенан куьйга хилла, мила бехке волуш хилла бохург хиина даллалц, дехар ду массаьрга а сатухуш хилар».

Дийцинарг вара Имарат Кавказан муджахIид ву ша аьлла, Маршо Радионе телефон тоьхна Абу-Хьамза цIе йолу стаг.
XS
SM
MD
LG