ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адамийн бакъонашкахула болчу хьаькамаша йемал ца дина чувоьллинчунна Кадыровн кIанта йеттар


Журавель Никита
Журавель Никита

Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула векалйина йолу Москалькова Татьяна, Оьрсийчоьнан президентан Iуналлехь йолчу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан хьалханча Фадеев Валерий а ца хIиттира Кадыров Рамзанан кIанта тутмакхна тIехь ницкъбар йемалдан. Шимма а дIахьедира, лаьцна латточу нехан бакъонаш хьеша йиш йац, амма дукхахболу тидам Журавеля динчунна тIебахийтира, "кхераме" ду иза аьлла тIе а тухуш. Амма цунна йеттарна кIезга тидам бира.

Сийлахь книгаш хIаллакйар "йукъараллина кхераме гIуллакх" ду, "жоьпалла доцуш дисса йиш йолуш дац", аьлла шен телеграм-каналехь йаздира Москальнова Татьянас. Амма тIетуьйхира цо, "мел кхераме зулам оцу стага динехь а", "шеко йоцуш, низамо бохучу кепара лаьцна латто везаш ву иза". Москальковин каналехь дуьйцуш дац, муьлхачу бахьаница хIоттийнера цо и пост.

Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан телеграм-каналехь арахийцира Фадеевн комментари, цигахь билгалдоккху, "КъурIан дайгийначунна йеттарна тIехула" ду бохура и йоза. "Чолхе зулам" ду элира Фадеевс КъурIан дагор, чувоьллинчун хьокъехь "нийса сацам" бийрг хиларх дог тешна ву ша, бохура. Цунна йеттарх лаьцна дош ца элира цо, амма йаздира, "бехкебийраш, шеконашкахь берш чохь латторан низамаш ду, уьш вуно чIогIа лардан дезаш ду".

Адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхо, Iедалехьа йолчу ИА "Регнум" агенталлин коьртачу редакторо Ахмедова Маринас дIахьедира, "дала орца доцучу адамна йеттарна дуьхьал со йу бохург-м ца хаьа, сан чохь мел дерг ду оцу хьолана дуьхьал". "Вай йуккъерчу бIешерашкара феодалаш дац, динна муьлхха а сийсазаллаша йинехь а, цара бакъо ца ло низам дохон. Бехкечунна догIу таIзар кхело билгалдоккху. Кадыровн кIанта ца доккху. Цуьнан кIантана а товш дац, шена дуьхьало цуьнга йалуш ца хиларх пайда эцар", – йаздина цо шен телеграмерчу каналехь.

Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан кхин цхьана декъашхочо, бакъоларйархочо Меркачева Евас телехьожийлан белхахочунна Собчак Ксенияна комментари луш дIахьедира, Кадыровс хIоттийна пост – иза зуламан видеотоьшалла ду, цундела низам лардаран органашка аьрзнаш кечдеш йу ша. Иштта Журавелан дахарх кхоьруш йу ша элира цо, иштта иза Нохчийчуьра кхечу регионе дIавигийтар доьхуш кхин цхьа арз хьажо дагахь йу а бохура. "Ма-дарра аьлча, Оьрсийчоьнан низаман системина бина кхайкхам бу иза. Билггал йолчу регионехь схьагайтина, шаьш зуламаш дича, шайна иза жоьпалла доцуш дуьссийла", – билгалдаьккхина Меркачевас.

"Осторожно новости" телеграм-каналан хаамашца, хьалхо Журавель Никитина тIехIоьттина хилла волчу адвоката Серебренников Александра дIахьедина, "Коммерсантана" йеллачу комментарехь, ша цуьнца кхин йукъаметтигаш лелош вац, хIинца Журавель ларвеш мила ву а ца хаьа шена. Амма "Коммерсантан" сайтехь, телеграм-каналехь оцу кепара хаамаш бац.

Нохчийчоьнан лаккхарчу хьакамаша Кадыров Адамах баккхийбеш тIеийцира Кадыров Рамзана хIоттийна видео – оцу кепара посташ гучуйевлира пачхьалкхан думан Нохчийчуьрчу депутатан Делимханов Адаман, нохчийн парламентан хьалханчан Даудов Мохьмадан а, зорбанан, хаамийн министран Дудаев Ахьмадан а телеграм-каналашкахь.

ЧГТРК "Грозный" телехьожийло хаттар деш пост хIоттийра. Гезгмашин-беттан 5-чу сарахь Москван хенаца 20 сахьт даьлча цигахь дакъалецира 40 эзар гергга стага, царах "реза ву" хаьржинера 17% кхаж тесначара. Цу буса 23 сахьт даьлча хьал хийцаделира – 180 эзар стага тессинера кхаж, резаболчу нехан терахь 44% хьаладелира. Собчак Ксенияна хетарехь, и терахь харц некъашца гулдина.

  • Гезгмашин-беттан 25-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь цуьнан кIанта Адама КъурIан дагорна шеконашкахь латточу волгоградхочунна Журавель Никитина йетташ видео арахецна. Видео тIехь Адама куьйгашца, когашца йетта цуьнан коьрта тIе а, дегIа тIе а. "Чекхдаккханза диссина къамел ца деза суна", – ишта кхетийна хуьлург видеона буха политико. "Йиттина, нийсса а йиттина", – йаздина Кадыровс, шен кIанта динчух "дозалла до" ша аьлла тIетоьхна цо.
  • Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александран омраца дIаделира Журавель Никитин гIуллакх Нохчийчу, иза цига дIа а вуьгаш. "Цу республикерчу дукхачу наха шаьш зен хилларш бу аьлла билгалбаха бохуш дехарш дарца" доьзна ду бохура иза. Оьрсийчоьнан юстицин министр тIетайра оцу сацамна.
  • КъурIан дагор йемалдеш митинг хIоттийра Соьлжа-ГIалахь стигалкъекъа-беттан 27-чохь, - автозакчохь Нохчийчу схьавалийна 19 шо долу Журавель Никита тIеийцира цара. Кадыров Рамзанан суьрташ дара церан карахь, "Деза йозанаш ма хьеде!", "Ислам – дикаллин дин ду", "Вен веза" бохуш, тIейаздина плакаташ а.
  • Нохчийчоьнан урхалхочун кхоалгIа кIант – 15 шо долу Кадыров Адам – масийттазза нисвелла федералан масштабера скандалашна йукъахь: тIаьххьара Iедалхоша дIахьедира, КъорIан дагийна аьлла, Соьлжа-ГIала валийначу Журавель Никитина цо йеттарх. Ринга тIехь ницкъбора жимчохь Кадыровн кIанта, ткъа Украинехь тIом болийчхьана кест-кеста нахана йукъаволу иза герзаца, цо дакъалоцу тIамна йечу пропагандехь а. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу, махкахь цуьнан васт муха хьалхатоьтту.
  • Кадыров Рамзана шога критика йо дозанал арахьа бусулбачу динан хьокъехь харцо лелийча, амма гуттара а тидамза дуьту цо Оьрсийчохь бусулба нах хьийзор. Нохчийчохь Iедало магийна йоцу динан кеп лелочу наханна тIехьбевлла хьийза ницкъахой.
  • ТIаьххьарчу шина кIирнахь зорбанаша, телеграм-каналаша дуьйцура, Кадыровн могушалла цIеххьана телхина, тIаккха иза ша Москварчу Централан клиническан дарбан цIийнахь ву бохуш. ХIетахь дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналехь кхо видео гучуйелира цо дакъа лоцуш (Соьлжа-ГIалахь волавалар гойтуш, дарбан цIийнахь гергарчу стагана тIехIуттуш, чолхечу хьолан министраца цхьаьнакхеташ). Йерриг видеошка хеттарш кхоллало, уьш йаьхначу терахьан, меттиган хьокъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG