ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Африкехь пхиъ маьждиг дойтур ду Кадыровн фондо


Гвинея-Бисаун президент Эмбало Сисоку Iумару а, Кадыров Рамзан а
Гвинея-Бисаун президент Эмбало Сисоку Iумару а, Кадыров Рамзан а

Африкахойн Гвинея-Бисау пачхьалкхехь пхи маьждиг дан ахча хьажор долуш ду Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондера, цигара делегаци йеанера стигалкъекъа-баттахь Нохчийчу. Цунах лаьцна шен телеграм-каналехь дIахьедина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

ГIишлошйан ахча хьажийна ца Iаш, бусалба нахана безачу ГIурбан-баттахь Кадыровн фондера чоьтах Мекка ХьаьжцIа вахийтина Гвинея-Бисаура 500 вахархо. Нохчийчуьра бахархошна лерина "квоташ" лахара йара: 200 стаг вахийтина республикера зийарате фондан ахчанах.

Динехь тIедожийна гIурба ден СаIудан Меккара бахархошна лерина 12 эзар устагI ийцира Кадыровн фондера ахчанах, мехкан урхалхочун дешнашца, 20 эзар дийнат декъна республикехь.

Стигалкъекъа-баттахь Гвинея-Бисаун президент Эмбало Сисоку Iумару коьртехь а волуш йеанчу делагацино масех де даьккхира Соьлжа-ГIалахь. Эксперташна хетарехь, африкахойн пачхьалкхаца зIенаш дIатаса, бусалба дин лелош берш шена чохь алсамох болчу, Нохчийчоь къастор лаа дацара.

Африкахойн лидеро дуьххьара ша веанчу хенахь дIахьедира, шен пачхьалкх – "Оьрсийчоьнан къарлурйоцу партнер йу" аьлла. 2022-чу шарахь Гвинея-Бисаус Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацийн (ООН) 143 пачххьалкхашца-декъашхошца Украинан дозанийн цхьаалла къобалйира, оккупаци йина цуьнан кIошташ Оьрсийчоьнан лара дуьхьал а хуьлуш. Соьлжа-ГIала делегаци йале хьалха Кремло пачхьалкхана дитира декхаран доккхаха долу дакъа – 26,1 миллион долларш, ткъа диссина дакъа 940 эзар дара – цуьнан хьелаш хийцира.

  • Африкан пачхьалкхан президент Эмбало Iумару Сисоку коьртехь волуш Соьлжа-ГIала делегаци йеанчул тIаьхьа Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира Гвинея-Бисаухь Кадыров Ахьмадан цIарах проспект хир йу аьлла. Оцу йукъанна Гвинея-Бисаун официалан медиахь хаамаш бац Орсийчоьнан регионан куьйгалхочун ден цIе тилларх. Кадыровс бохура Гвинея-Бисаура делегаташа "пайдаоьцур бу Нохчийчоь кхиоран зеделлачух шайн пачхьалкхехь" аьлла.
  • Гвинея-Бисау – дуьненчохь уггар а къоьллехь йоллу пачхьалкх йу, failed states олучу ("таро йоцу пачхьалкх"). Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн наркотикашца къийсам латточу урхалло (DEA), билгалдаккхарехь, тIаьхьарчу 10-15 шерашкахь оцу пачхьалкхах наркотрафикана дехьаволу база хилла йаьлла.
  • Кадыров Ахьмадан цIарах фонд масийттаза "КадыровгIеран "бохча" ду элира, цу фонде бертаза ахчанаш дохкуьйту боллу бюджетан белхахошка. Кадыров Ахьмадан фондан активаш 2023-чу шарахь 5,3 миллиард сом йара – иза масийттаза кIезиг ду, Нохчийчоьнан Iедалхоша Украинерчу тIамана шаьш доьхкина бохуш дIахьедечул а. Кавказ.Реалии сайто листира, хIун нийса дац Оьрсийчуьра уггар а йоккхачех, уггар а къоьвлинчу коммерцица йоьзна йоцчу фондаца, стенна дойъу цо ахча, царна тIехь терго латтон йезачара цаьрга хеттарш а хIунда ца до.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG