ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахьмад" полкан командирана Чалаев Замидна а, Оьрсийчоьнан цхьа могIа хьаькамашна а дуьхьал санкцеш йаьхна Украино


Чалаев Замид
Чалаев Замид

Кадыровн цIарахчу полицин полкан командир Чалаев Замид Украинан санкцеша лаьцна. Цунах хаамбина Украинан президентан Зеленский Владимира кху шеран лахьан-беттан 23-чохь динчу омри тIехь, текст зорбане хIоттийна цуьнан сайтехь.

Санкцеша дIакъовлу пачхьалкхан дозанаш тIера йоллу активаш, йохка-эцарца йолу операцеш совцайо, Украинехула чекхваьлла дIаса а ца вохуьйту, Чалаевна гергахь финансийн декхарш кхочушдар сацадо, доьхку украинхойн компанешна приватизаци йар, мехаллин кехаташца бертан дийцарш дар, кхин а цхьа могIа дозанаш детта.

Замид Чалаев – Кадыров Рамзана улло ваьккхина лелош ву. Оьрсийчоьно болийначу тIамехь иза "жоьпалле вира Луганскан агIор" Нохчийчотьнан урхалхочо. 2021-чу шарахь Чалаевс дIахьедира, ша "психикан лазаршна дарба дечу клиникера" Кадыровс ара а ваьккхина, шех Оьрсийчоьнан Турпалхо вина аьлла.

Чалаев воцург а санкцешна бухахь нисвелла ГIебарта-Балкхаройчуьра бизнесхо Фиров Алима. Контрагентан сервисан хаамашца, цо вовшахтоьхна йу пхиъ сов компани. 2022-чу шарахь цуьнан компанешна хилла пайда бу 150 миллион сов сом. 2022-чу шарахь цунна шена тIедеана 1,3 миллин сом баттахь.

Иштта дозанаш тоьхна "Роснанон" хиллачу коьртачу директорна Чубайс Анатолийна а, Чоьтан палатин хиллачу куьйгалхочунна Кудрин Алексейна а, ТIеман ницкъийн коьртачу штабан оперативан урхаллин хьаькамна Рудской Сергейна а.

Санкцеш дуьхьалйаьхна иштта Украинан, Беларусин, Кипран, Британин, Румынин, Узбекистанан, Лихштейнан, Австрин, Швейцарин бахархошна а

Дозанаш диттинчу Оьрсийчоьнан компанешлахь йу "Мегафон", "Москомсвязь", "Рот-Фронт", "Мосэнерго", кхинйерш а.

  • 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцеш дуьхьалйехира Кадыров Рамзанна а, цуьнан зударшна Меднина а, шолгIа хIусамнана лоручу Хазуева Фатимина а, кхоалгIа зуда ю бохучу Ахмадова Аминина а. Иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIаршна Кадырова Iайшатана а, культурин министран даржехь йолчу, Каринина (Хадижат), школазхойн департаментан хьаькам йолчу, Табарикна а, хIетахь латтанан а, бахаман а министр хиллачу, карарчу хенахь кхерамзаллин кхеташонан секретарь волчу шичина Ибрагимов Турпал-Iелина а дуьхьал. Цул совнах, санкцеш туьйхира "Фирадаус" модан цIенна а, иза диллинарг лоруш йу Кадырова Iайшат.
  • 2017-чу шеран гIуран-баттахь Американ финансийн министралло Нохчийчоьнан куьйгалхо ваьккхира санкцийн "Магнитскийн тептаре". Урхалло цунна тIехь дитира кхел йоцуш нах байъарх, Iазапаш хьегийтарх, дуьненан юкъаралло тIеэцна кхин йолу адамийн бакъонаш хьешарх а жоьпалла. 2020-чу шарахь Американ Пачхьалкхан департаменто шорйира Кадыровна тоьхна санкцеш, цуьнан зудчух Медних а, йоьIарех Iайшатах а, Хадижатах а хьакхайолуьйтуш.
  • Иттаннашкахь лецна, Чалаев Замида куьйгалла дечу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан ларми чохь байинчу нахах лаьцна тоххара "Новая газето" йаздира. Оцу полкан хиллачу белхахочо Гезмахмаев Сулеймана тIечIагIдира, мел кIезиг а, 13 стаг цигахь вийна хиларх. Цо бахарехь, Соьлжа-ГIалахь Кадыровн цIарахчу полкан декъа тIехь бертаза нах латтабо, царна тIехь ницкъбо, Iедалхошна гергахь "бехкеберш" хIаллакбо. 2021-чу шарахь, рогIера къизачу зуламийн тоьшаллаш зорбане даьхначул тIаьхьа, Чалаев Замидана Оьрсийчоьнан турпалхо аьлла цIе йелира.
  • 2019-чу шарахь эскархойн парадехь Чалаев Замида дIакхайкхийра, низамаш мел дохийнарг шена "йамартхо" хета аьлла. Шелахь дина "Бусалбанийн дозалла" маьждиг хьарам ахчанах дина ду аьлла, социалан машанашкахь йаздинарш нахана хьалха а дIахIиттийна, церан йуьхь йоккхуш а вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG