ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахьмадан некъ": Украинерчу тIамо шен ден весеташна дуьхьал муха ваьккхина Кадыров


Ахьмад а, Рамзан а КадыровгIар бу шайн схьабевллачу йуьртахь. 2004-чу шеран зазадоккху-бутт
Ахьмад а, Рамзан а КадыровгIар бу шайн схьабевллачу йуьртахь. 2004-чу шеран зазадоккху-бутт

Буьззинчу барамехь Оьрсийчоь Украине чугIоьртичхьана Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан политика а, меттигерчу пропагандин коьрта тезисаш а нисса бIостане йирзина цуьнан вийначу ден Кадыров Ахьмадан весеташна. Республикан президент хилла волчун къамел вуно хьекъале а лоруш, цо аьлла ду боху дешнаш зорбанаша цитаташца дIасаидош йолчу регионехь оцу тайпа хьал тамашена ду.

Атта (йоцу) имидж

2000-гIа шерийн юьххьехь дуьйна оьрсийн Нохчийчуьрчу администрацин куьйгалхочун Кадыров Ахьмадан политика "машаре" кхайкхарна тIехь йоьттина йара. Республикерчу шолгIачу тIеман жамIехь лаьмнийн дозанашка дIатеттина болчу дуьхьалонан декъашхошка герз охьадиллина, маьршачу дахаре берза, бохуш кхайкхамаш бора цо. Кадыров Ахьмадна хетарехь, дуьненан юкъараллехь кхоллайеллачу "нохчех-тIемалойх" лаьцна имидж оцу кепара хийцо гIертара иза.

"Дерриг дуьненна вай тIомбан хаийла гайтина вай, тIаккха вайна даха хаийла гайти вай", - хIара Кадыров Ахьмадан дешнаш тIаьххьарчу шерашкахь меттигерчу пропагандо шуьйра леладора Нохчийчохь, республикан бахархошка ражна герзаца дуьхьало ма йе бохуш.

Украинхойн къам гора ца хIоьттина, тIаккха Кадыров TikTok-на тIелетта

Оьрсийн куьйгаллин интересаш йуьйлайеллачехь чекхдаьлла оцу тайпа тезисех пайдаэцар: республикан таханлера куьйгалхо Кадыров Рамзан Украинера тIом болабелчхьана меттигерчу божаршна критика йан вуьйлира церан тIом бан лаам цахиларна. Махкахошна эхь хетийта гIерташ, "кара герз эца ца кхоьруш хиллачу" нохчийн дайн хилла васт лелайо цо. "Лаамхойн" батальонийн декъе бахка ца луучу божарех цо гуттара "иман кIезга долу" кIиллой олу.

"Ас хьоьга боху хьуна, кIелхьаравийла гIертарг. Кеп-кепара бехказлонаш леха мегар ду ахь. ТIеман идей а, герзан концепци а хьайна хийра ю, ницкъабр а дезаш вац бохуш, туьйранаш дийца мегар ду ахь (дешнаш ма-дарра далийна. – Ред. билг.). Амма дIахаалахь, хьо кIилло йу, йамартхо а, шолгIа сортан стаг а ву. Хьайн пхьагалан синан лай ву хьо, гергара нах, доттагIий, бевза-безарш, хIусам, гIала дIатосуш ву хьо…", - йаздина Кадыровс шен телеграмехь гезгмашин-беттан 23-хь, Оьрсийчохь мобилизаци йолайелча.

ТIеман некъ

Луларчу пачхьалкхана тIелатар даран хаттарехула а дIасакъаьстина ден а, кIентан а КадыровгIеран позицеш. 1999-чу шарахь къобалйанзачу Ичкерин муфтин даржехь хилла волу Кадыров Ахьмад Дагестанна чугIортарна коьртачехь цхьа дуьхьалонча вара: аренан буьйранчийн Басаев Шемалан а, Хаттабан а вовшахтоьхна тобанаш луларчу республикан Ботлихан а (марсхьокху-беттан 7-23 деношкахь), Новолакскан а (гезгмашин-беттан 5-14 деношкахь) кIошташка чугIоьртира.

Луларчу йозуш йоцчу пачхьалкхан дозане тIамца чугIортар санна лерира иза воккхачу Кадыровс, чIагIдо пачхьалкхан "Грозный" телехьожийлан фильмехь. И инициативана критика йира цо, тIаккха, дийцарехь, Ичкерин президенте Масхадов Аслане уьш сацор, йа царах дIахадар тIедожийна хиллера цо. Нохчийчохь шолгIа тIом болоран коьрта бахьанех цхьаъ хилира и тIелатар Оьрсийчоьнна.

Шен ден "пацифистан синлаам" тIе ца лецира жимачу Кадыровс, цул сов, Украинерчу тIеман коьрта рупор хилла дIахIоьттира иза. Оцу Iалашонашца регионан куьйгалхочо йерриг Оьрсийчуьра салти тIамна кечбеш регионехь​ бух кхоьллира. ТIаьххьарчу беттанашкахь хьаькамо нисса дIабоху, "лерринчу операцин" (Украинерчу тIамех ишта олу официалерчу оьрсийн Iедало. – Ред. билг.) Iалашо луларчу пачхьалкхан латтанаш схьадахар йу.

"Кадыров Ахьмадан некъ" шех олург хIинццалц "къам тIамна юккъехь хIаллак" ца хилийтаран цхьаъ бен боцу харжам бу бохуш буьйцура Нохчийчоьнан бахархошка Iедало. Республикан таханлерчу куьйгалхочо цунах "маршонан а, кхиаран а" некъ олура, амма меттигерчу бахархошна шайна тIехь хааделира, мел сиха хилира цунах милитаристин некъ – Оьрсийчоь Украине чугIортарца.

Нуьцкъаха фронте хьийсорах лаьцна республикера шортта хаамаш кхочура бакъонашларйархошка. Церан доккха дакъа шайн балхара дIабовла лууш болу низамлардаран органийн белхахой бара. Амма фронтехь болу нохчийн эскархоша оцу юкъанна социалан машанаш дIайуьзира, шаьш тIомбан кийча ду бохуш йаьхначу видеошца.

Тылехь хьалхарниг

2014-чу шарахь Шемара конфликт марсайаьллачул тIаьхьа, оьрсийн агIонча волу Башар Асадан ражна дуьхьал лета дIаоьху кегийрхой сецоран шуьйра кампани йолийра Кадыров Рамзана. Хьаькам цецвуьйлура, махкахой геннарчу мехкашка дIа а оьхуш, цунах "сийлахь тIом" а бохуш муха лела ца кхеташ. Кадыровс чIагIдора, уггар дика АллахIана йеш йолу Iамал – иза шен доьзал кхиор, дега-нене хьажар ду, "муьлш бу ца хуучу хьехамчаша" бохучунна тIаьхьхIоттар дац.

"Кхайкхадайша, дийцийша, мичахь ду и гIазот! ВаллахIи, со дуьххьара гIур ма ву цига тIом бан! ВаллахIи, тIеман хьалхенехь тIомбийр ма бу ас", - элира Кадыровс маьждигехь вистхуьлучу хенахь.

Амма хIинца Нохчийчоьнан урхалхочун куьйгакIелахь болчу молланаша, хьаькамаша цхьаэшшар дIахьедо, Украинехь тIомбар – иза джихIад ду бохуш, амма Кадыров Рамзан тIеман хьалхенехь гина вац. ТIом боьдучу исс баттахь тылехь видеош бен ца йехира цо батальонийн буьйранчашца.

ГIадужу-баттахь Кадыровс цхьа шеконе видео гайтира, Украинехь шен кIентарша тIом бо бохуш дIахьедеш – тIаме рогIера нохчий хьийсабо, амма шен гергарнаш ца бохуьйту, бохуш шена йечу критикана делла жоп дара цо и. Амма машанехь тидам бира, и видео тылехь йаьккхина хила мега – Кадыровн йоьIан делегаци тIелаьцначехь.

Шен коьртаца йан йеза ойла, моллан, йа поппан коьртаца йан ца йеза – тIаккха жимма къаьсташ хир ду дерриг

Кадыровн тIамах лаьцна зевнечу дIахьедаршна комментари йеш, нохчийн оппозицин блогеро, юкъаралхочо, вийначу Ичкерин президентан Масхадов Асланан кIанта Масхадов Анзора шеконе дуьллу баккъалла болчу тIамехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун дакъалаца кечам, йа лаам хилар.

"Ас масийттаза дийцина, Кадыров тIемало вац, цхьа а тIеман хьуьнарш дац цуьнан. И лалавина, тIаккха салтичун форми чувоьттича а цуьнан хатI схьаоьцур дац цо. ХIумма а планашца ца нисделла цуьнан: украинхойн къам гора ца хIоьттина, тIаккха Кадыров TikTok машанна тIелетта. Амма иза тийсдаларш доцуш йаьккхина цо. Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал бечу тIамехь цуьнан нисса цхьа хьуьнар ду и", - аьлла Масхадовс Кавказ.Реалиин журналистаца хиллачу къамелехь.

Оьрсийчоьнан Нохчийчуьра куьйгалхоша лелош йолу политика вовшашца йогIуш цахиларехь цецвала хIума дац, хIунда аьлча, церан сацамаш карарчу хенан хиламашца боьзна бу, куьйгалла дийриг цхьа центр ю, тIаккха джихIад кхайкхош "исламех ловзарш" лелош йерг доккхачу декъанна Лубянка йу, боху президентан Масхадов Асланан хиллачу адъютанта, Венерчу "Ичкерия" культуран центран куьйгалхочо Исханов Хьусайно.

"Нах байъар динца къобалдан гIертар ду и. Цундела бIаьргаш хьаббина, Iожаллина кIел баха ца оьшу. Шен коьртаца йан йеза ойла, моллан, йа поппан коьртаца йан ца йеза – тIаккха жимма къаьсташ хир ду дерриг", - дIахьедина къамелдечо.

Диктатуран хьелашкахь кхуьучу кегийрхоша хоржур бу шайн некъ, тешна ву Исханов: "Тхан кегийрчу шерашкахь тхан хьекъал тило а гIертара, амма "сахьт икс" тIе ма кхаьчнехь тхан чкъорана кхийтира, муьлхачу уьшал чохь нисделла тхо, тIаккха цу чуьра хьаладовла гIоьртира. Оха маршо, йозуш цахилар а кхайкхийра. Тхан чкъоро цуьнан дуьхьа тIом бора, тхайн мохк ларбора".

Республикан бахархоша хеттарш дан деза "тIемаш бечу нохчийн" васт лелош долчу Iедале, тешна ву Францехь вехаш волу ичкерихойн юкъаралхо, политолог Ахъядов Iийса.

"Тахана цаьрга [Нохчийчоьнан бахархошка] боху: дуьло ле шаьш байъина йолчу Оьрсийчоьнна дуьхьа. Амма Украина цхьанне агIор бехкала ца йахна нохчийн къоманна а, Нохчийн республика Ичкерина а хьалха. Иштта бехк баккха беза цара, ала деза: "Кадыров Рамзан, ахь ма бохура, тхан маьрша даха бакъо йу, тIом ца бича а мега. Тхо хьоьх тийшира, амма хIинца ахь тхо жоьжахате кхуьйсуш ду", - дийцина Кавказ.Реалиин редакцица къамелдинчо.

***

Гезгмашин-беттан 21-хь Соьлжа-ГIалахь мобилизацина дуьхьал митинг хIотто гIоьртира иттанаш зударий, уьш берриш дIалийцира. Акцина дуьхьал вуно шога реакци йира Кадыровс. ТIаккха нохчийн бакъоларйархочо, оппозицихочо Янгулбаев ИбрахIима дIахьедира, шен хаамашца, кIентий, хIусамдай, кхинболу оцу зударийн гергарнаш "лаамхойн" кепехь тIаме хьийсийна аьлла.

Дечкен-марсхьокху беттанашкахь дозанал арахьа дIабахара 948 Нохчийчьра бахархой – и терахь кхузза дукха ду, дайначу шарахь оцу муьрехь хиллачул а. Иштта республикехь чоьхьара миграци йистина – Оьрсийчоьнан кхечу регионашка Нохчийчуьра тоъал дукха нах дIабоьлху, цIабогIучул а.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира гезгамашин-бутт бовш "Сийлаллин Орден" йелира Нохчийчоьнан куьйгалхочун нанна Кадырова Айманина – официалан омрана тIехь ма-аллара, совгIат дина цунна "жигара юкъараллин гIуллакхаш дарна". 2004-чу шарахь схьайиллинчу Юкъараллин Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан президент лоруш йу Кадырова Аймани. Цуьнан коьрта Iалашо йу аьлла, дIакхайкхийнера махкарчу бахархошна гIо дар, амма Украинехь тIом болийчхьана фондо шен болх бар дикка шордина. ХIинца нохчийн Iедалхоша гIоьналлин гIуллакхаш ду а бохуш дуьйцу, кеманаш а, бронетранспортераш а, тIеман экипировка а эцар, иштта дIалецначу дозанаш тIехь украинхойн сурсаташ декъар а.

ЦIен Эскаро XX-гIа бIешо долалуш йозуш цахилар кхайкхийна йолу Кавказан республикаш карайерзайо (Ламанан пачхьалкх, Азербайджан, Эрмлойчоь, Гуьржийчоь), оцу пачхьалкхийн куьйгаллехь хиллачу нехан доккхачу дакъо дозанал арахьа эмиграци йина. Амма большевикийн рожан дуьхьалончаша жигара юкъаметтиг лелайора дозанал арахьа а. Кавказхойн эмигранташа оцу хенахь лелийна юкъаметтигех, планех лаьцна дуьйцу "Хроника Кавказа" подкастан авторо Вачагаев Майрбека историн Iилманийн докторца, Иванэ Джавахишвилин цIарх йолчу Тбилиссерчу пачхьалкхан университетан профессорца Джавахишвили Николайца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG