ТIеман министраллин керла гIишлош йу Нохчийчохь хьалайеш: Оьрсийчоьнан эскаран шина батальонна лерина базанаш йу уьш, дийцина Iедалхойн "Чечня Сегодня" агенттало.
Хаамбарца, Куьрчала кIоштара Гелдаганахь йеш йу "Ахмат-Россия" полкана база, Ноьвран кIоштара Ищерская станицехь йеш йу "Ахмат-Чечня" полкана.
Карладоккху, лахьан-бутт бовш Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийра керла "Ахмат-Россия", "Ахмат-Чечня" батальонаш вовшахтохарх, уьш стигалкъекъа-бутт бовш дуьйна кхоьллина йоллушехь. ХIетахь республикан парламентан спикеро Даудов Мохьмада дийцира, тIеман министраллин декъерчу оцу вовшахтохараллашна йукъа "2400 стаг эцна" аьлла. Хаамбора, Украинан Запорожьен кIоштахь ВСУ-н тIелетаршна дуьхьало йийр йу цара аьлла.
- Кавказ.Реалии сайто дагардарца 14 дакъа ду Кадыров Ахьмадан цIарах вовшахтоьхна. Царех ах бохург санна гучудевлира Украине чугIоьртинчул тIаьхьа, дисинарш терроризмаца къийсам латтон аьлла, вовшахтоьхнера масех шо хьалха.
- Украинехь тIом болийначул тIаьхьа 2022-чу шеран чиллан-баттахь уггар а йоккха плацдарм хилира Гуьмсера "спецназан университет" олучух. Йоллу пачхьалкхехула лехьийна йолахой кечбора цигахь. ТIамна 200 гергга "лаамхой" олурш кечбо бохура цу базехь хIора кIираанах. Росгвардин а, ОМОН-ан а эскархой цуьнан дозана тIехь даим а кечбеш боллушехь, "спецназан унивесритет" цхьана а ницкъаллин структурина йукъа йогIуш йац.
- 2022-чу шарахь наха "шайн лаамехь сагIина" 349 миллион сом делла бохура "спецназан университетана" - шо хьалхачул а пхоьазза сов дара и терахь.