ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат-1" ОМОН тIаме хьажийна аьлла дIахьедина Кадыровс. Оцу тобанера 26 велла


Нохчийн тIеман дакъошка а, спецтехнике а хьажарехь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. 2022-чу шеран чиллин-беттан 25-гIа де
Нохчийн тIеман дакъошка а, спецтехнике а хьажарехь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. 2022-чу шеран чиллин-беттан 25-гIа де

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, Украинина дуьхьал тIаме махкарчу Росгвардин урхаллин "Ахмат-1" ОМОН-н дакъош хьажийна аьлла. Цунах лаьцна видео политико шен телеграм-канале хIоттийна.

Маса дакъа ду уьш хоуьйтуш дац, дIахIиттийна видео тIехь гуш 250 стаг гергга ву. Кадыровн дIахьедарца, ОМОН тIаме йахна кхечаьрца хийцалуш – оцу йукъанна "Ахмат-1" декъан эскархоша луларчу пачхьалкхера тIамехь дакъалаьцна.

И дакъа вовшахтуьйхира 2022-чу шеран гезгамашин баттахь, мехкадаьттан комплексан гIишлош Iалашйен Росгвардин урхаллин полицин полк вовшахйаьккхинчул тIаьхьа. Пачхьалкхан "Грозный-информ" агенталлин хаамашца, 2000 стагана лерина йу иза. "Ахмат-1" ОМОН-н командир ву Рашаев Заурбек.

Кавказ.Реалиин редакцина хIинцале а хууш ду "Ахмат-1" ОМОН-н декъера 26 валарх – стохка дечкен-баттера схьа дуьйна дуьйцура церан кхалхарх лаьцна. ТIамехь вийначу цхьаннан Завраев Элина эсан у хIоттийнера Теркйистан-кIоштахь. Украинина дуьхьал тIом бечу кадыровхочо Iалашйеш хиллера "шен къоман динан а, культурин а, ламастин а мехаллаш". Веллачул тIаьхьа Майраллин орден йелира Завраевна оцу динчу гIуллакхашна дуьхьал.

  • Стохка гезгамашин-баттахь Нохчийчоьнан Iедалхоша дIакхайкхийра Украинина дуьхьал тIом бан Росгвардин шина декъан – "Север" полкан (Соьлжа-ГIала куп тоьхна Кадыров Ахьмадан цIарах 141 полк) а, "Юг" батальонан (Веданахь дислокаци йолу 249-ра батальон) а эскархой хьажорах. Бара царлахь иштта "Ахмат-Грозный" ОМОН-н а, Росгвардин Нохчийчуьра урхаллин мехкадаьттан объекташ ларйен полицин полкан белхахой а.
  • Марсхьокху-беттан йуьххьехь Кадыров Рамзана дIахьедира, Украинехь тIом бан махкара 19 эзар вахархо кийча ву аьлла. ТIемашка салтий хьийсош уггар а йоккха плацдарм хиллачу регионан куьйгалхочо денна бохург санна хаамаш бо кечбинчу ницкъех лаьцна, делахь а, цо дуьйцург бакъ хиларх шеконаш кхоллало экспертийн.
  • Росгвардин Нохчийчохь куп тоьхна дакъош формалехь феделаран урхаллина йукъа догIуш ду, ма-дарра аьлча, Кадыров Рамзанан куьйгакIел ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG