"Ахматан" спецназан цхьа дакъа Курскан кӀошта хьажийна аьлла, хаамбина оцу декъан буьйранчас Алаудинов Аптис. Украинан герзахойн ницкъаш дозанан кӀоштахь дӀасалеларца долу хьал кхин а тIе "шорделла, мукӀарло дира цо. Хьалхо Оьрсийчоьнан тӀеман каналаша дуьйцура ахматхой хьалха лаьттачу позицешкара йухабовларх лаьцна.
Алаудиновс бахарехь, Украинан тӀеман ницкъийн аьтто баьлла масех меттиг дӀалаца, ткъа хӀинца Украинан тӀемалой "ма-хуьллу хьалхабовла гӀерташ бу". Шен къамелехь цо хьахийра Оьрсийчоьнан агӀорхьара йийсархой а – шинаридийнахь Украинан телеграм-каналашкахь гучуйаьккхира йийсаре лаьцна ши оьрсийн салтий тIехь волу видеош. Хьалхо Алаудиновс Оьрсийчоьнан тӀеман буьйранче Романов Владимире гечдар дехийтира "Ахматан" эскархой салтийн баккъаш тIехьа лечкъина Iа цо аларна тIехула.
"ХӀаъ, цхьанхьа эшамаш бу тхан, цхьанхьа, со кхетарехь, йийсархой бу. Суна моьттура, кхузара хьал кIез-мезиг даьржина ду, хӀинцца суна гиначул, девзиначул а. Амма йуха а гIад дайна хьал ца го суна, тхо Оьрсийчоьнан Федерацин территори тӀехь тӀом беш хилар а, хьалха дуьйна Оьрсийчоьнан хиллачу дозанаш тӀера бахархой леш хилар а доцург", - аьлла цо шен кхайкхамехь.
Ницкъаллин структурийн ницкъашца йоьзна ю бохучу ВЧК-ОГПУ-н телеграм-канало хьалхо хаам бинера, "Ахматан" эскархоша шайн позицеш дӀатесна аьлла. Цо бахарехь, позицешкара дIабоьлхуш иттаннаш эскархошна чевнаш йинера –информаци тӀечӀагӀъйеш, зорбане йаьккхинера, Кореневскан кӀоштан йуккъерчу дарбан цӀийнан медйишас дIайазйина аудио. Цо дийцира, чевнашца болу мобилизаци йинарш балийначул тIаьхьа дукха хан йалале, "Ахматан" эскархой – "иттех сов стаг" дарбан цӀийне кхачийра аьлла.
Шен керлачу кхайкхамехь Алаудиновс бакъ ца до тIелатар динчу Курскан кIоштара эскархой йухабовлар: "Тхан "Ахмат" декъара бераш, тамашен хIун ду, хIинца а шайн позицешкахь хилар"
Оьрсийчоьнан тӀеман министраллана гергарчу "Рыбарь" телеграм-канало бинчу хаамца, Украинин эскарша дӀалаьцна Суджан малхбузера ах, карарчу хенахь тӀеман контактан могӀа дӀабоьдуш бу Суджа жима хи догӀучу лаьмнашкахь дамба йолчу меттигехула. Билгалдоккху, Оьрсийчоьнан агӀор и меттиг коьртачу декъана "меттигерчу тӀеман дакъоша" ларъйеш хилар.
- Кадыровн дакъош Украинерчу тIеман хьалхарчу могӀанашка дӀахӀиттош ду, ишта царех пайдаэца а долийна оьрсийн салтий цигарчу тӀеман зонехь Ӏамош, хаамбо Британин эскархойн урхаллин хьостанаша. Царна хетарехь, и деш хила тарло тIеман ницкъашкахь ресурсаш ца тоар бахьана долуш.
- Америкахойн "ТIом зуьйчу Институто"(ISW) чIагIдора, нохчийн тобанаша тIемашкахь башха дакъалоцуш дац, дукха хьолахь уьш тылехь Iа аьлла. Цунах лаьцна дуьйцура иштта Украинехьа тIемаш бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша а.