ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" спецназан командирна Алаудинов Аптина дуьхьал санкцеш йаьхна Украино


Алаудинов Апти
Алаудинов Апти

Цхьа могIа Оьрсийчоьнан бахархошна а, компанешна а дуьхьал санкцеш йохуш омрана куьйг йаздина Украинан президенто Зеленский Владимира. Доккхачу декъанна санкцийн тептаршкахь нисвелла нохчийн "Ахмат" СОБР-н командир Алаудинов Апти а, Нохчийчоьнан цIарах Украинехь векал лаьттина Цицулаев Рамзан а.

Зеленскийн омраца тIечIагIдина санкцийн ши тептар. Цхьана тептара йукъа вахийтина 185 стаг, вукхунна – 181 юридикан нах. Итт шарна тоьхна йу санкцеш, цара дIакъовлу пачхьалкхан дозана тIера йоллу активаш, йохка-эцаран операцеш совцайо, Украинехула ваьлла дIасаваха а ца могуьйту, санкцеш тоьхначу нахаца хилла финансийн декхарш совцадо, украинхойн предприятешна приватизаци йеш дакъалацар доьхку, иштта кхин а цхьа могIа бехкамаш.

Кху шеран лахьан-баттахь Украино санкцеш дуьхьал йехира Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан командирна Чалаев Замидана, ткъа охан-баттахь – Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьалгIачу йоIана Кадырова Табарикана. 2022-чу шарахь санкцешна бухахь нисвелира Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан думехь депутат волу Делимханов Адам а, цуьнан кхо ваша а.

  • Кадыровн рожан критикаша дIахьедира Кавказ.Реалиига, Алаудинов тIамтIе ваханера "бехкех цIанвала" - Кадыровна хьалха "бехк дIабаккха", "Новая газетан" хаамашца, 20I9-чу шарахь "забар йеш, Кадыров Рамзанан суьртана тIара тохар" дара цунна дуьхьал даьккхинарг. Алаудиновс дохку бехкаш харцдира, "сох лаьцна и боьха хIуманаш яздийриг схьакарор ву, жоп а доьхур ду" аьлла, видео дIаязйира цо.
  • Марсхьокху-беттан 25-чохь Украинан кхерамзаллин Урхалло шеконашка ийцира Алауидинов Украинан цхьаалина тIекховдарна а, цуьнан бух бохон гIортарна а. Дуьйцург ду зазадокху а, охан а беттанашкахь Алаудиновс Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно болийначу тIамехь дакъалацар, "Ахмата" Рубежныйхь а, Кременнойхь а, Северодонецкехь а лелочунна тIехь куьйгалла а деш.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан векал вара Цицулаев Украинехь 20II-чу шарера схьа дуьйна, 2014-чу шеран стигалкъекъа-баттахь цо дакъалецира, Къоман гвардино лецна хилла Life.ru ресурсан журналисташ маьршабохуш. СБУ-н пресс-гIуллакххоша чIагIдора, украинхошкахьа дог-ойла йолуш, цаьргахьа тIемаш бинчу нохчех хаамаш гулбеш хиллера Цицулаевс аьлла, ткъа лоцучу хенахь пачхьалкхехь бакъо йоцуш Iаш хиллера иза.
  • 2014-чу шарахь полисхоша операци дIаяьхьира Цицулаев лоцуш, амма цуьнан аьтто баьллера ведда вала, тIаьхьо федералан лехамашка велира иза, цул тIаьхьа дуьненаюкъарчу лехамашка а. 2017-чу шарахь Украинан кхерамзаллин сервисо лецира Цицулаев, экстрадици йира цунна Оьрсийчу, цигахь оьрсийн Iедалхоша лецира иза.
  • 2022-чу шеран гIуран-баттахь Цицулаевн гIуллакхехула пхеанна Москвара кхело таIзарш кхайкхийра, амма Цицулаевн хьокъехь ладегIарш сацийра, иза барамашкахь дакъалоцуш цахиларна. ТIаккха зорбанашкахь адвокатана тIе а туьйжуш, йаздора, Украинерчу тIамехь дакъа а лоцуш, шена кхачийна хан такха хьийза Цицулаев. Оцу Iалашонна цо 70 стаг вовшахтоьхна, царна оьшу гIирс эцна бохура. Оцу информацин кхин тоьшаллаш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG