ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" спецназехь девнаш ду аьллачу вагнерхо хиллачунна арз дина Алаудиновс Талламан комитете


Кадыров Рамзан а, Алаудинов Апти а
Кадыров Рамзан а, Алаудинов Апти а

Нохчийн "Ахмат" спецназан командиран Алаудинов Аптин адвокат Шапиро Денис талламан комитете ваьлла, оцу декъа йукъахь девнаш лаьтта аьлла хаамбинарг жоьпалле озаве аьлла. Юристо дIахьедина, бевзаш боцчу наха дискредитаци йо нохчийн спецназна бохуш.

Ишта Шапирос дIахьедина Коьртачу прокуратуре а, и гIуллакх тергоне эцар доьхуш, дийцина адвокато ТАСС пачхьалкхан агенталле. Цо дIахьедина, хаамийн авторша "Украинан ТIеман ницкъашкахь харцонаш лелайо" аьлла.

Дуьйцург ду, ЧВК "Вагнеран" кхоалгIачу декъан хиллачу йолахочо, "Линза" цIе йолчо дIайазбина хаам, дIахьедина Алаудинов Аптис. Оцу хаамехь вевзаш воцчу стаге хьажийна ду къамел, боху къаьмнийн буха тIехь "Ахмат" спецназехь конфликташ лаьтта, хIунда аьлча, цо бахарехь, "боллу оьрсий хьалха туьйсу цара, ткъа шаьш заградотрядаш санна, церан баккъаш тIехьа лаьтта". Оцу тIехула, вагнерхочо чIагIдарехь, эскархошна йукъахь шозза герзаш деттар нисделла. Цул совнах, "Ахматан" лаамхой олучарна лур ду аьлла ахчанаш даланза ши бутт а бу. Йолахочун дийцарца, къаьмнашна йуккъерчу гамонца а, "Ахмато" шена луъург лелорна а, ЧВК-ра шена бевзарш реза ца хилла "Ахмат" йукъа баха. Кечамаш бан Гуьмсе баьхкина хилла уьш, йуханехьа Москва дIабаханера. Нохчийн командирашна арз дан дагахь бу уьш, боху, прокуратуре.

Хаамбинарг "боьха хIума" йу аьлла Алаудинов Аптис, ткъа цуьнгара даьлларг "хьакхийн лелар" ду боху. Кху шеран аьхка тIеман бунт бахьана долуш ЧВК дIакъевлинчул тIаьхьа дикка йолахой "Ахмат" спецназе сехьабовлар бакъдина цо. И дакъа "уггар а интернационале" ду аьлла Алаудиновс (цу йукъахь 50% сов оьрсий бу, бисинарш – СССР-н хиллачу мехкашкара), цу йукъахь цхьана а кепара девнаш дац аьлла, тIечIагIдина командиро.

Йа Коьртачу прокуратуро а, йа Талламан комитето а хьолах лаьцна йина комментарий йац.

  • Украинера Донецкан кIоштара Урзуф эвлахь марсхьокху-беттан 11-чохь кадыровхошна а, оккупаци йинчу Оьрсийчоьнан тIеман комендатурин белхахошна а йукъахь герзаш деттар нисделла. Мариуполь гIалин мэран хьехамчас Андрющенко Петра бахарехь, кхелхина виъ эскархо, ворхI маьрша вахархо а, шайлахь ши бер долуш. Соьлжа-ГIалахь информаци бакъ йац аьлла, делахь а, кадыровхойн а, кхечу регионашкара эскархойн а девнаш латтарх дуьйцура хьалхо а, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа.
  • Стохка оханан-бутт бовш Украинан тIеман министралло хаамбира, оьрсийн эскарша гоне йерзийначу Украинерчу Херсонан кIоштарчу Киселевка эвлахь вовшашна тIе герзаш деттарх Бурятерчу а, Нохчийчуьрчу а эскархоша. Украинхойн агIоно бахарехь, дов даларан бахьанаш дара буряташ тIелата дуьхьал хилар а, нохчашца долчу хьелашкахь "бакъонаш цхьабосса цахилар" а, лачкъийнарг нийса йоькъуш йацар а.
  • "Ахмат" СОБР-н эскархойх шеконаш йу Украинехь цара маьрша бахархой байина аьлла. Киевн хаамашца, тобанхойн командиро Мусаев Изнаура а, цуьнан куьгакIел болчара а Оьрсийчоь Украинана тIелеттачу йуьххьехь рейдаш дIахьош хиллера дIайаьхначу территореш тIехь, кхерош хиллера бахархой, тIехь ницкъ а беш. Оцу кепара рейд дIахьочу хенахь, СБУ-но чIагIдарехь, Мусаевс хаа а хуш, коьртех тапча йиттина, пхи маьрша вахархо вийна. Ши зуда а, кхо стаг а хилла царлахь.
  • Марсхьокху-беттан 25-хь Украинан кхерамазаллин Сервисо Алаудинов шеконашка лецира Украинан цхьаалла йохо гIертарна бехкашна тIехула. 2014-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре йазвира иза. ТIаьхьо цунна дихкира Латви вар. 2020-чу щарахь Британино санкцеш дуьхьалйехира Алаудиновна.
  • Кху шеран зазадокху-баттахь Оьрсийчоьнан Талламан комитетан талламан декъо бехкзуламан гIуллакх диллира Алаудиновна дIовш деллачул тIаьхьа. Адвокатан Шапиро Денисан хаамашца, йукъарчу кхерамехь йолчу кепаца шиъ йа сов стаг вен Iалашонца кIелойар аьллачу артиклехь гIаттийна гIуллакх. Цул совнах волайнхо ву аьлла билгалваьккхина Алаудинов воцург, цуьнан адъютант Мизаев Джамбулат а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG