ТIекхочийла долу линкаш

 
Набахтера арабаьхна зуламхоша"Ахмат"спецназехь кхиамаш муха бо
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтера арабаьхна зуламхоша"Ахмат"спецназехь кхиамаш муха бо


ДӀалаьцначу Мариуполехь нохчийн эскархой. Архиван сурт
ДӀалаьцначу Мариуполехь нохчийн эскархой. Архиван сурт

Кадыров Рамзана "Нохчийчоьнан Турпалхо" цӀе йелла "Аид" буьйранчана Юнусов Бекханна а, кхин а масех "Ахматан" эскархочунна а. Юнусов Москвахь полицин белхахо хилла ву, шегарчу бакъонел сов вийларна а, курхалла лелорна а бехкевинера иза. Тхан редакцино теллира набахтехь хиллачу нахана "Ахматехь" лаккхара эпсаран цIераш муха ло а, регионан куьйгалхочо царех пайда муха оьцу а.

Юнусов Бекханца цхьаьна "Нохчийчоьнан Турпалхо" лаккхара цӀе йелира кхечу эскархошна - "Ваха", "Таллархо", "Бата" дакъошкара. Уьш, "Аид" санна, Украинина дуьхьал тӀамехь дакъалоцуш бу нохчийе "Ахмат" спецназа йуккъехь. Кадыровн телеграм-каналехь царех "турпалхой" олу, "тӀеман декхарш уггаре а лакхарчу говзаллица кхочушдеш, доьналлица Даймахкана тешаме хилар гойтуш болу"

Нохчийчуьра "Ахмат" спецназан дакъан "Аид" куьйгалла деш ву Москван кӀоштахь полицин белхахо хилла Юнусов Бекхан, иза шуьйра вевзира 2016-чу шарахь: хаамийн гӀирсашкахь "Химкин Бэтменах" лаьцна артикалш йазийча. Йаздора кхерамзаллин белхахочо – наркотикаш йухкучу метттигашна рейдаш а йеш, нахана йеттарх лаьцна. "Би-Би-Си” оьрсийн сервис иза мила ву тIаьхьакхиира. Юнусов а, "Химкин Бэтмен" а цхьа стаг хиллера. Журналисташа дийцарехь, 2016-чу шарахь Юнусовс социалан машанехь аккаунт йолийнера, шех "Жнец" аьлла цӀе а тиллина. Юнусов дукха хан йалале полицера дӀаваьккхира, шен даржехь хьарамлонаш лелорна бехке а вина, кхело диъ шо хан туьйхира цунна, Украинехь буьззинчу барамехь тӀом болабалале жимма хьалха маьрша велира иза.

Пачхьалкхан "Известия" зорбан хаамца, 2022-чу шеран чиллин-беттан 4-чохь Юнусовна дуьхьал рогӀера бехктакхаман гӀуллакх долийра - курхалла лелорна. Талламхошна хетарехь, Юнусовс цхьана совдегарера миллион сом ахча дехна хиллера, ницкъаллин структурашца "проблемаш йерзор" йу аьлла. Шена тоьхна хан набахтехь ца токхуш 2023-чу шарахь нохчийн "Ахмат" спецназан "Аид" декъах дӀакхетта Юнусов.

Юнусовс тӀамна жигара комментареш йо, шен хьаькамца, "Ахматан" буьйранчаца Алаудинов Аптица цхьаьна. Цул совнаха, z-канал "Дневник мракоборцев" йу лелош эскархочо, 200 эзар сов стаг агIоне йазвелла а волуш, иштта каналехь Оьрсийчоьнан эскархошна "гӀортор" йеш ахча а гулдо цо.

2023-чу шеран марсхьокху-баттахь Юнусовна Кременчуг агӀор Украинина тӀелатар деш дакъалацарна "Доьналлин" орден йелира. ХӀетахь кхерамазаллин белхахо хиллачо, ша мила ву къайлахьош дара, совгӀаташ лучу барамашкахь туьтмIаьжиг йоьхна вара эскархо.

"Вагнер" ЧВК-ца – чIогIа цхьана догIуш ду иза, хӀинца набахтехь хилла нах "Ахмате" дIаоьцуш бу, дуьйцу политолога Айсин Руслана: "Ахмат”- Кадыровн эскар ду. Хьалха санна Кадыров шен Iедал чIагIдеш ву – ткъа тешаме эскар хилар- цунна гаранти йу.

"Нохчийчоьнан Турпалхо" цӀе тиллар - формалан кепехь эскархочун иммунитет гайтар ду боху цо.

"Эскархочунна совгIат делча, Кадыровн чоьхьарчу гонан декъашхо лору иза. Вай кхета, и орденаш а, совгӀаташ а дукха хьолахь цхьана а кепара майралла гайтина луш ца хиларх, ма-дарра дийцича, Кадыровна тешаме хиларан принципца луш хиларх. Мила ву, церан "майралла" толлуш. Со историк ву, Дуьненан шолгIачу тIеман хенахь дуккха девнаш хилла, орденаш а медалаш а штабера эскархошна луш, церан эпсаршца дика йукъаметтиг хилар бахьана долуш. Кхузахь а изза ду", - боху Айсина.

Оьрсийчоьнан Ӏедалан вертикал федералан а, регионан а, зуламхойн карахь йу, цхьа а цецвала ца веза Ӏедалехь болчара, зуламхойх турпалхой беш хиларх, комментари йо оппозицин блогеро Белокиев Ислама.

"Церан кхин нах бац. ЦIена нахана ца лаьа цаьрца болх бан а, йа боьха болх бан а. Цундела Ӏедал шех терра нахах тоам бан безаш ду", - элира Белокиевс.

Кхечарна гайтам

Кхин цхьаъ цу тайпа нохчийн эскаршкахь совгӀаташ даларан масал ду -"Ахмат" спецназан буьйранча "Шустрый" цIе лелийначу Батукаев Зелимханна дина совIат. "Ахмат" спезназах дIакхетале шина бехктакхаман гӀуллакхехь бехке вина вара иза. Дуьххьара 2011-чу шарахь – низамехь доцуш герз лелорна, шолгӀа, 2016-чу шарахь – герзаца талораш дарна а, стаг верна а, иштта нехан бахам хӀаллакбарна а, зенаш дарна а бехке вира иза.

2016-чу шеран бIаьста Краснодарехь Батукаевс а, цуьнан накъосташа а такси сацийна хиллера, машенлелорхочуьнга шаьш Кропоткине дӀадига аьлла. Новкъахь таксхочунна ницкъ бинера цара, лаххара а 13-зза урс тухуш. Машенлелорхо оццу меттехь веллера, цуьнан дакъа хьуьнан йуккъехь тесна а дуьтуш, ткъа цуьнан хилла машен Нохчийчохь йоьхкинера. Цул тӀаьхьа Батукаевна 19 шо хан туьйхира, набахтера 2035-гӀа шарахь аравала везаш вара иза, амма хенал хьалха маьршаваьккхира, “Ахмат” спецназе дӀайазвелла, Украинина дуьхьал тӀаме вахара иза.

2023-чу шеран гIадужу-баттахь Батукаевна тӀамехь дакъалацарна "Доьналлин" орден йелира, тӀаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикан уггаре а лакхара совгӀат делира цунна — "Кадыров Ахьмадан орден".

Ахматан” буьйранчашна совгӀаташ дар, бизнесна пайдехь ду

Цул совнаха Батукаев шуьйра вевзира 2024-чу шеран марсхьокху-бутт чекхболуш , нохчийн оппозицин NIYSO боламан векалан Нохчийчуьра цIенна хьалха ша йаьккхина видео йаржийча. Эскархочо кхерамаш тийсира, бахам схьабоккхур бу ша аьлла: "Хьоъ а, хьан тIаьхье а цкъа а йехар йац кху кертахь, хIара керт суна схьалур йу, кхузахь ас доккха цIа а дийр ду" бохуш. Полицино и низамехь доцу дIахьедар тергал а ца деш дитира.

2025-чу шеран дечкен-баттахь Батукаев кхелхира. "Ахмат" спецназан буьйранчас Алаудиновс дIахьедира, "тIеман Iалашо кхочушйан гIерташ, наб йан йиш йоцуш кхаа дийнахь-бусий къахьегна хье чу цIий эккхар бахьана долуш Батукаев кхелхина" аьлла.

Нохчийн опозицин NIYSO боламан жигархоша кхин верси йалайо – наркотикаш совйалар, цара дийцарехь, Батукаевн кхелхар нисделла из хьажа-хIотта Нохчийчу цIа ваханчу муьрехь.

Батукаевн масал кхечу тутмакхашна гайтам бу, комментари йо NIYSO боламехь: "Цу масало гойту, стаг верна доккха таӀзар динчул тӀаьхьа а, легализаци йан а, цунах "турпалхо" хила а, ахчанца хьал тадан а аьтто хилар. Цу кепара, зуламхойн сий дар а, легализаци йар, иза йолахой тӀаме вовшахтухуш керла кеп йу. Цхьана Нохчийчохь хилла ца Iаш, йерриг а Оьрсийчохь лелош хIума ду иза".

Боламан векалша дагадоуьйту, республикехь хиллачу шина тӀеман хенахь дуьйна а хилла ду Кремлан "турпалхой" криминалан бух болуш хилар.

" И хIума, ларамаза хилла дац, шен Iалашо йолуш кхоьллина механизм йу, халкъана хьалха зуламхой низаме баха а, нохчийн тIемалой Кремлан системе йукъе озош. ФСБ-гахула оцу нахана тӀехь Ӏуналла а деш, Ӏедало пачхьалкхан шена пайде гIирс бина царех. ХӀинца, Кремло набахтешкара зуламхой арабохуш бу, эскаре схьа а оьцуш, царех нах хIаллакбайта тобанаш кхуллуш.

"Ахматан" йолахошна совгӀаташ далар, уьш хьалха зуламхой хиллехь а, Кадыров Рамзанна а, “Ахмат” спецназана а пайде ду, боху Къилбаседа Кавказан аналитико Чемберс Гарольда.

"Зуламхочунна, полицин белхахо хиллачунна совгӀат дарх лаьцна аьлча, хьарамло а, бозбуунчаллаш лелор а, Кадыровн нахана тӀедожош ду, цундела цецвала хӀума дац. Тамашийна ду, Кадыровс Юнусов къастор "хӀара "Аид" ву шуна" олий, совгIат дIалучу хенахь. "Ахматан" буьйрачашна совгIаташ далар, Ӏедална а, бизнесана пайде ду, хӀунда аьлча, цу спецназан "сий-ларам" хилар нахана гайта", - аьлла хета Чемберсна.

Аналитикна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо вуно чIогIа дозалла деш ву "Ахмат" спецназах, йуьхьанца, ша сатийсина ма-хиллара, цунах шена ЧВК "Вагнер" йан аьтто ца баьллехь а. Амма, Кадыровн Ӏедал шордарехь "Ахмат" мехала гӀирс хилла дӀахӀоьттина.

"Ахмат”- тайп-тайпана къаьмнийн а, динан а, регионийн векалех кхоьллина спецназ йу, цо аьтто бо, Кадыровн шен Ӏаткъам болчул а кхин а шуьйра гайта, ткъа шен Iалашо - Оьрсийчоь ларъйар ду бохуш, кеп хIиттош гайта. Нагахь санна тӀом чекхбаьлча, "Ахматана" ахча латто цуьнан аьтто хилахь, шен долахь ЧВК санна лело, таро хир йу цуьнан", - элира Чемберса.

  • Украинана дуьхьал бечу тӀамехь дакъалацарна, Оьрсийчуьрчу "террорхойн, экстремистийн" тептарера дӀабоху хьалхо кхело таIзар дина нохчийн "Ахматан" эскархой. "Верстка" зорбано йовзитийра "лаамхойх" веа стеган цӀе – царна йукъахь бу теракт йарна а, гIаттамхошца тIамехь дакъалацарна а бехкебина нах.
  • Украинан къайлахчу сервисаша Нохчийчуьра Украине тӀаме хьажийначу кадыровхой а, лаамхой бу бохучу нехан тептарш тӀехь 14 стаг вара. Хьалхо Росфинмониторинго террорхой а, экстремисташ а бу аьлла, тептаршкахь билгалбаьхна бара уьш. 2022-чу шеран гIадужу-баттахь царех цхьаъ реестрера дӀаваьккхира, амма кхин виъ 2022-чу шеран гIура-баттахь а цу тептарехь вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG