ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" спецназера Кадыровн фанат: Нохчийчохь имам хилларг вийначух лаьцна хуург


Воскресеновское эвлара стаг верна бехкевийриг. Кадыров Рамзанан телеграм-каналера сурт
Воскресеновское эвлара стаг верна бехкевийриг. Кадыров Рамзанан телеграм-каналера сурт

Нохчийчуьра Воскресеновское эвлахь вийна 55 шо долу Гакаев Iабдурахьим. ТIелеттачо зулам дина цуьнан кIентан бIаьргашна хьалха, ша дийриг видео тIе дIа а йаздеш. Оцу сохьта хаамийн гIирсашкахь дийца даьккхира "чIир эцна" бохуш; Кавказ.Реалии сайто вовшахтоьхна оцу зуламах лаьцна хууш мел дерг.

Талламан комитето йовзийтинчу версица а догIуш, дечкен-беттан 14-чохь Воскресеновское эвлахь 30 шо долу Гуьмсера вахархо тIелеттера шен кертахь хиллачу 55 шо долчу стагана, цунна уьрсаца чевнаш йеш. Бахьана дара бохура цо шен "цуьнца хилла хьагI". Бехкевийриг лаьцна ву. "Стаг вер" аьллачу артиклехула бехкзуламан гIуллакх долийна цунна дуьхьал, 6 шарера 15 шаре кхаччалц чохь йаккха хан кхачайо оцу Iедалан къепено. ГIуллакх шен тергоне эцна Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра.

Ницкъахошна а, туристашна а тIелеттачунна "чIир хьейе" бохуш, цул а хьалха кхайкхамаш бинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана аьлла, стаг вуьйш видео социалан машанашкахь йаьржинчул тIаьхьа, хилларг "сийсаза" хIума ду. Цо билгалдаьккхина, цо хIун бахьанашца дина зулам, талла дезаш ду аьлла.

Хила тарлун бахьанаш

Йаржийначу видео тIехь шозза тIекIелдинчу цIийнан керта воьду зуламхо, цхьана минотехь гергга къамел до цо оцу стагаца нохчийн маттахь. Цул тIаьхьа, шен "вешигара совгIат" деана ша олий, и дерриг а телефона тIе дIа а йаздеш, имам хиллачу стагана урс детта волало. И дерриг а хуьлу уьйтIахь лаьттачу кIантана хьалха. Цул тIаьхьа зуламхо воду оцу меттигера.

Лаца кхайкхийра 30 шо долу Шамурзаев Турпал-Iела. ТIечIагIбазчу хаамашца, коьртаца дика вацара боху иза, йеххачу заманчохь психиатрашна а, кеп-кепарчу дарба лелочу наха а тIе лелла ву боура иза шена гIоле лоьхуш. Ткъа цо бахарехь, цхьаннан сардам хиллера цунах бахна. 2012-чу шарахь Дагестанера халкъалахь вевзачу лоьрана тIе вахна а хиллера иза. "Бозбуанчалаш лелориг" иза вуй а хиъна, Гакаев Iабдурахьиам волчу веана бохура, цо цхьацца жайнаш кхунна делла а хилла. Ткъа исламехь бозбуанчалаш лелор магош дацарна, Шамурзаевн ойла хилира бохура, бекхам бан имамана.

Новкъа делахь а, оцу кепара хIума Нохчийчоь йоцчохь а хила тарлуш ду

ТIаьххьарчу деа шарахь бехкевечо масийттаза видеокхайкхам бира Iедалхошка, "нийсонца" таIзар де холмачхошна бохуш, ша вен леринчун цIе а цхьаьна йаьккхира цо хIетахь. 2022-чу шарахь Кадыров Рамзане а дехар дира цо иштта.

"Московский комсомолец" хьастана йеллачу комментарихь Воскресеновскан йуьртдас дIахьедина: Гакаев тоххара билггал имам хилла ву, амма дикка хан йу воцу а. Йуьртахь шен шолгIачу хIусамненаца а, деа бераца а Iаш вара иза, кхечу кIоштахь дуьххьара йалийна хилла зуда а йара цуьнан аьлла.

"Оцу дийнахь Гакаев кхуза веанера, тхо долчу, уьйтIахь хиллера иза, важа стаг веанчу хенахь. Урс даьккхина, цунна диттина цо. ЛартIахь доцу хIума ду, и хууш ду…Берех дог лозу, хIусамненах а. Шаьш бисина уьш", - аьлла йуьртдас.

Кадыровхошлахь шайниг ву

Стаг вийначух лаьцна хууш дукха дац. 2018-чу шарера схьа дуьйна "ВКонтактехь" цо лелочу аккаунтехь масех сурт ду цуьнан тIеман барзакъца: цхьана сурта тIехь снайперийн топ йу Шамурзаевн карахь – хетарехь, эскарехь гIуллакх дечу хенахь герзаш деттачохь даьккхина ду и сурт. ШолгIа сурта тIехь – камуфляжан духарца ву, "Ахмат" спецназан йоза тIехь, хонах тапча йу – тренажеран зал чохь даьккхина ду и сурт.

Шамурзаев йазвеллера доккхачу декъанна самукъадоккхучу контентан агIонашка: кинош йукъара кийсакаш, гороскоп (ала догIу, динехь иза а дац магош), зудаберийн эротикан сурташ долу аккаунташка а, ишта Кадыровн агIоне а йазвелла хилла.

Хетарехь, бехкевийриг кадыровхойх хиларна дийна витинчух тера ду, бохура Европерчу "Цхьааллин ницкъ" нохчийн боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата. Вуьшта, къамелдечо бахарехь, оцу меттигехь вийна хир вара иза, ткъа кхузахь, хаамашкахь дийцарехь, цхьана хеначохь лечкъина хилла иза, йуха лаьцна.

Хьал-де хоьттуш къамел долийра цо, къежара. Йуьхьанца хIилланаш лелийра, урс къайла а даьккхина, тешнабехкаца тIе а леташ

"Шайчаьрца, цкъа мацах ницкъаллин структурашкахь болх бина иза велахь а, [кадыровхойн] шатайпа йукъаметтигаш хуьлу. Видео тIехь волу стаг коьртана дика воцуш санна хетало. Цо боху, шена вас йинчунна бекхам бина ша, кхин а шиъ ву боху шен хьагI йолуш, цаьрца йистйаккха хан ло шена бохуш, дехар до цо Кадыровга. Цул тIаьхьа цунна муьтIахь, тешаме, муьлхха а цо тIедиллинарг кхочушдан а кийча хир ву ша боху цо", - тергалдо цуьнан дешнаш Сулеймановс.

Кадыровна муьтIахь Iеламча варий-те мацах имам хилларг бохуш, дийцаредечу хенахь къамелдечо элира, сихаллица хьесапаш дан мегар дац: республикера боллу динан Iеламчаш системи йукъа тарбина бу, амма Сулеймановна, цуьнан дешнашца, бевзаш имамаш бу, ца бевллачу денна иштта лела безаш, вуьшта Iедална реза бац уьш.

"Стаг вийначо дуйнаш дуу видео тIехь, ша чIогIа воккха Кадыровн агIонча ву (видео тIехь цо боху, Нохчийчоьнан куьйгалхо "нана ца лерича, уггар а хьоме адам ду" шен.- Редакцин билгалдаккхар). Цундела гуш ду, хIинца долчу Iедалехьа иза хилар. Ткъа имам - имам хир вацара, оцу Iедалан идеологи кхочушйеш ца хиллехь. Цундела, стаг вийнарг а, кхелхинарг а – цхьана агIонера нах бу", - дIахьедира редакцица хиллачу къамелехь Кавказан халкъийн Ассамблейн хьалханчас, нохчийн политолого Кутаев Руслана.

Цо бахарехь, бехкевечун бакъо йацара чIир йекха.

"Дуьйцург, схьагарехь, коммерцин йукъаметтигех ду: шех дахана "неIалт" дIадаккхийта аьлла, оцу имамна тIевахана хилла иза, вукхо цхьацца жайнаш делла, амма цунах пайда ца хилла клиентана. Стаг вуьйш йаьккхинчу видео тIехь вайна хIун го? Нохчо бекхам бан воьдучу заманчохь, цуьнан бакъо йац берана хьалха и дан. Хьал-де хоттуш къамел до цо, къежа. Йуьхьанца хIилланаш лелийра, урс къайла а даьккхина, тешнабехкаца тIе а леташ", - кхетийра шена гучу кепехь Кутаевс.

Агрессин пропаганда

Воскресеновское эвлахь стаг веро гайтина, цхьаболчу наха мел харцахьа кхетадо динан тIедахкарш, холмачхошца къийсам латтабо а бохуш, уггар а ирча зуламаш дан уьш кийча хилар а. Дин бехдар ду и, тидам тIеузу Европера Кавказ маьршайаккхаран Комитетан куьйгалхочун гIовса Албаков Шемала.

"Новкъа делахь а, оцу кепара хIума Нохчийчохь хилла Iийр дац. Кху деношкахь диаспора Iадийра Германихь нохчо вийна аьлла кхаьчначу хаамо. Къиза урс хьаькхнера оцу стагана, мотт цахуучу берана хьалха. Нохчийн йукъараллехь – республикехь а, диаспорехь а цхьана – дийнахь а, буса а йеш пропаганда йу агрессина. "Вуьйр ву", "хIаллаквийр ву", "шишана тIе хаор ву" бохуш хеза даим а, ша Кадыровс дукха хан йоццуш кхайкхам бира "чIир кхайкхайе" бохуш", - билгалдаьккхира редакцица къамел динчо.

Мехкан Iедалхоша, кхин дIа дуьйцура Албаковс, "чIир хьейарх" дIахьедеш, шайгахь латталуш йоцу гамо кхин а тIе а карзахйоккху.

"Нехан керта а вахана, берана хьалхха стаг муха вуьйр ву? Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша кар-кара оьцуш дуьйцу цунах лаьцна, нохчех акхарой йеш, кхечу некъашца девнаш дерзо ца хуу, "акхаройн" низамашца бехарш санна", - тешна ву нохчийн йукъаралхо.

Хьалхо Нохчийчоьнан Iедалхоша махкарчу бахархошка кхайкхам бира, "чIир йекхар" йукъарадаккха бохуш: 2010-чу шарера схьа дуьйна муфтиятан куьйгалла коьртехь а долуш, регионехь вовшахтоьхна леррина комисси йу, чIирхошна йукъахь маслаIаташ деш лелаш.

2022-чу шарахь шаьш 58 доьзал куьйгебахийтина аьлла, дIакхайкхийра Динан урхалло, ткъа оцу бахархоша шаьш дийцарехь, церан лаамца дац и бартбар.

Оцу йукъанна регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а кест-кеста чIир кхайкхайо шайн оппоненташна. ТIаьххьарчех ду 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь Украинехьа тIемаш бечу Нохчийчоьнан маршонан агIончашка дина дIахьедар.

ГIадужу-баттахь цо кхайкхамбира ницкъаллин структурин белхахошка, шаьш бохург ца дечеран "хье йуккъе герз тоха" аьлла. "Iедалхошкара бакъо йоцуш къепе йохон нах" бара цо буьйцурш бохуш, цуьнан дIахьедар дайа хьийзара пачхьалкхан зорбанан гIирсаш.

  • Шена луьйчийн гергарчарна "чIирца бекхам бина" ца Iаш, бертаза зуламаш дина аьлла хетачу нехан гергарнаш а жоьпе озабе аьлла, кхайкхамбина Нохчийчоьнан урхалхочо. Шен къамелехь цо хьахийра туристаш байар а. Муха лелайо мехкан урхалхоша шалха стандарташ – регионе богIучарна тIе куьйгаш дахьа йиш йоцуш, ткъа шен махкахошна тIаьхьабуьйлуш, къастийра Кавказ.Реалии сатйо.
  • Нохчийчоьнан Iедалхоша кест-кеста видеош зорбане йоху, меттигерчу бахархошлахь холмачалла, йа дарба лелон нахера йуьхьйохуш. Масийтта шо хьалха дуьйна долийна оккультисташна тIаьхьабийлар. 2021-чу шарахь оцу кепара лецна 14 стаг гайтира меттигерчу телехьожийлехь. Лецнарш дукха хьолехь видеокамерашна хьалха къера хуьлу шаьш харцо лелийна бохучунна. "Терроризмал а, наркоманел а кхераме" ду цара дийриг, олий гойту уьш дукха хьолехь.
  • Нохчийчуьра зорбанан министро Дудаев Ахьмада дукха хан йоццуш дIахьеира, 20 шарчохь республикехь къаьмнашна, динашна йукъахь цхьа а дов хилла дац аьлла. Иштта дуй-те и ма-дарра дийцича, къастийра Кавказ.Реалиино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG