ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" спортан клубашна йина харж могушаллаIалашйарна хьажийначул а алсам йу


Нохчийн куьйгалхочун кIант Кадыров Эли ву латархойн "Ахмат" клубан турнирехь, 2022 шо, гIуран-бутт
Нохчийн куьйгалхочун кIант Кадыров Эли ву латархойн "Ахмат" клубан турнирехь, 2022 шо, гIуран-бутт

Кадыров Ахьмадан цIарах спортан кхаа клубан хьашташна 2023-чу шарахь 6 миллиард сов сом ду дайинарг – 382 миллионна алсам ду и Нохчийчуьра могушаллаIалашйаран бюджетехь долчул а, зераш дина "Верстка" хьасто.

Футболан "Ахмат" клубана хьажийна 1,1 миллиард сов сом, цу тIе цуьнан ах дакъа – 651 миллион – республикин бюджетера эцна дара, аьлла ду йинчу чоьтехь. 4,8 миллион сом даьлла говрийн клубан балхах: Кадыров Рамзан гIараваьлла ву говрашка безам хиларца. Шен нанна а, йоьIаршна а тоьхна санкцеш йухайаха бохуш кхайкхам бечу хенахь говраш а хьахийнера цо церан могIарехь.

Кхин а алсам 101 миллион сом кхаьчна хилла латархойн "Ахмат" клубана. Цуьнан хьашташна дойъу доллу ахча бюджетера дара. Стигалкъекъа-баттахь дотацин клубан коьрте хIоттийра мехкан урхалхочун 18 шо долу кIант. Стохка царна деллачу ахчанах спортан гIирс а, барзакъ а ийцира, ишта "спортан барамаш дIабаьхьира".

ЖамIаш дарехь Кадыровн спорте марзваларх бюджетана 4 процент гергга ахчана зен хуьлу. 12-зза лахара ду мехкан урхалхочун а, министрийн кабинетан а урхаллашна дойург. Клубашна хьажийначу ахчанах могушаллаIалашйаран системина мел оьшург латтон таро йара 2023-чу шарахь – цул тIаьхьа а пачхьалкхан бюджетехь дуьсур дара кхин а 382 миллион сом.

  • Нохчийчоьно Украинерчу тIамехь дакъалацарх дуьйцучу кхеташонехь регионалан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада дIахьедира, тIом болабелчхьана махко 32,57 миллиард сом дайъина хиларх. И бохург ду цхьана оханан-баттахь тIамана 1,37 миллиард сом дайъина хилар.
  • Стигалкъекъа-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун герггара Даудов Мохьмад дIавелира "Ахмат" футболан клубан куьйгаллера. 13 шарахь, 2011-чу шарера схьа дуьйна вара иза цуьнан куьйгалла деш.
  • Кадыров Рамзанан шолгIа кIант, 17 шо долу Эли зазадокху-баттахь хIоттийра латархойн "Ахмат" клубан коьрта директор. ТIаьхьо цо куьйгалла дан долийра республикера боксан Федерацин а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG