Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллера накъост волчу Алаудинов Аптис дӀахьедар дина, ша коьртехь волу "Ахмат" спецназ Украинан эскарша долийна тӀелатар дуьххара сацийнчарех йу аьлла. Цо хьалхо динчу къамелаца бIостане ду иза.
МостагӀ хӀаллакварехь гӀо динарг "Ахмат" йара, хьалхарчу эшелонна тӀехьа (Украинин дозанехь долчу оьрсийн эскарийн) данне а хӀумма а дацара. Украинан ницкъаш Курске паргIат дIакхача дагахь бара, амма "Ахмата" совцийра уьш Суджа -гIала тIекхачале. Тхо [спецназ "Ахмат"] дуьххьара дехьадаьхначех дара, тхо дIахIиттира Украинан эскарш тIедахка леринчу кӀоштахь. Нахана а гуш ду, "Ахмат" дIакхаьчначохь хьал хийцалуш хилар", - элира Алаудиновс тӀеман корреспондентаца Сладков Александрца хилла къамелехь.
Оцу йукъанна марсхьокху-беттан 7-дийнахь, украинхойн эскарша операци йолийначу шолгIачу дийнахь, Алаудиновс билгалдаьхкхира шен къамелехь Украинан эскархой шайн эскаран дакъошна геннахула чекхбевлла дIабахара аьлла. Оцу къамелах доккха а, беламе бахьана хилира социалан машанашна а, Z-блогершна царех кхарда.
Хьалхо Оьрсийчоьнан тIеман каналаша йаздора "ахматхой" фронтан могIанашкара йухабовларх лаьцна, царех йух-йуха а "тикток- эскарш" олуш.
Цул сов, Сладковца хиллачу интервьюхь Алаудиновс дIахьедира Курскан кIошта чуйаханарг Украинан масех бригада йара, дуккха а тIеман техника шайца а йолуш. Амма цул хьалха цо аьлларг кхечу тайпа дара, хIетахь "йалх танк а, ткъе итт гергга машен" а йара, ткъа цара а "деш хIума дац" бохура цо.
Интервью Алаудиновс йелла "тӀеман корреспондентана", ша Курске воьдучу хенахь - цигахь сецнера иза меттигерчу масех бахархошца, ишта берашца а суьрташ даха. Видео тIехь гуш ду, цуьнца лаххара а виъ хадархо а, цхьа машен а хилар.
Сладковца хиллачу интервьюхь Алаудиновс йуха а карладаьккхира, Курскан кӀоштахь хьал дӀанислуш хиларх, ткъа Украинан эскарна массо а агӀор эшамаш хуьлу – адамашца а тIеман а гIирсаца. Иштта, марсхьокху-беттан 11-чу а, 13-чу а, 14-чу а, 15-чу а деношкахь хаамаш бира Алаудиновс "Украинан герзахойн контроль йоцуш хьалхадовлар" сацорах а, цера ницкъашна блок тохарх а".
- Оьрсийчоьнан эскарехь хилла Нохчийчуьра бахархой йийсаре лаьцна Курскан кӀоштахь Украинан эскарша. Оццу хенахь Оьрсийчоьнан "тӀеман корреспонденташа" чӀагӀдо, кадыровхой салтийн букъ тӀехьа а лечкъаш, хӀиттийна видеош йохуш бу аьлла. Кавказ.Реалии сайто къамел динчу тӀеман аналисташа тӀечӀагӀдо: ахматхой билггал кест-кеста буьсу тӀеман контактан могӀанна генахь, хьуьнан доьхкашкахь бохуш.
- Маьрсхьокху-беттан 19-чохь Алаудинов Аптис дӀахьедар дира, эскаре кхойкхучара Оьрсийчоьнан территори тӀехь дӀахьочу тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалаца деза аьлла. Оцу кепара жоп делла цо салтийн гергарчу нахана, Курскан кӀоштара салтий, шайн бераш, арадаха аьлла тIедожийнера цара.
- Оьрсийчоьнан эскаран 488-чу мототоьпан полкан 100 сов оьрсийн эскархо каравахна Курскан кӀоштарчу Украинан тӀеман ницкъашна, Нохчийчуьра эскархойн заградотрядаша тIе герз детта долийча. Британерчу Sky News телеканала эфирехь дӀахьедина цунах лаьцна тӀеман аналисто а, Паччахьан тӀеман Ӏилманийн институтан директор хиллачу Кларк Майкла а. Цо дийцарехь, 488-чу полкан салтий, Украинан эскарийн доккхачу декъана дуьхьал нисбеллачул тIаьхьа кӀелхьара бовла гӀоьртинера бевдда. Цул тӀаьхьа Украинан тIеман ницкъашна йийсаре бахара уьш.