"Ахмат" спецназан командиро, тӀеман министраллан коьртачу тӀеман-политикан урхаллин куьйгалхочун гӀовсо Алаудинов Аптис дӀахьедина, эскаре гIуллакх дан кхайкхинарш декхаре бу Оьрсийчоьнан дозана тӀехь дӀахьочу тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалаца аьлла. Иштта жоп делира цо Курскан кӀоштара эскаре кхайкхина болу нах арабаха аьлла гергарчара динчу тIедилларна. Хьалхо Алаудиновн дакъа бехке дора салташна "тӀехьа лечкъарна" а, ишта заградотрядаш санна уьш Украинан эскаршна карабахийта питана дина хиларна а.
Шен телеграм-каналехь Аладудиновс кхайкхам бина "18 шо кхаьчначу божарех бераш ма де" аьлла, даредина, ша куьйгалла дечу декъехь "дуккха а кегийрхой бу 18, 19, 20 шераш долуш".
"Нагахь санна, хIинцале а тIеман министраллехь долу шун 18 шо долу бераш, мостагI тIелетча а даймохк ларбан безаш дацахь, цхьа хаттар ду сан. Стенна оьшу оцу пачхьалкхана хьо а, хьан бераш а?.. Тхо санна даймохк ларбархо ву иза а. [Йа салтичунна лаьа] пачхьалкхан бепиг маьхза даа, йа пачхьалкхо шена лур долу духар лело?.." дIахьедира Алаудиновс.
Цо ишта тIетуьйхира Курскан кIоштан цхьа дакъа ВСУ-н куьйгакIел долчу хьолехь, "массо а цхьабоса дIахIотта веза" пачхьалкх Iалашйан аьлла.
Оьрсийчоьнан эскаран 488-чу мототоьпан полкан 100 сов оьрсийн эскархо каравахна Курскан кӀоштарчу Украинан тӀеман ницкъашна, Нохчийчуьра эскархойн заградотрядаша тIе герз детта долийча. Британерчу Sky News телеканала эфирехь дӀахьедина цунах лаьцна тӀеман аналисто а, Паччахьан тӀеман Ӏилманийн институтан директор хиллачу Кларк Майкла а. Цо дийцарехь, 488-чу полкан салтий, Украинан эскарийн доккхачу декъана дуьхьал нисбеллачул тIаьхьа кӀелхьара бовла гӀоьртинера бевдда. ТIаккха Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан армин эскархоша герзаш диттира царна. Цул тӀаьхьа Украинан тIеман ницкъашна йийсаре бахара уьш. Кларка билгалдаккхарца, эскаре кхайкхина хилла кегийрхойх лаьттта рота йийсаре йахна хилла, шайлахь 18-19 шераш долу кIентий болуш аьлла.
- Оьрсийчоьнан "тӀеман корреспонденто" Романов Владимира дӀахьедира, Белгородан кӀоштара кадыррвхой "салтийн баккъаш тIехьа" бу аьлла. Масех де даьлча, массарна а гуш-хезаш шена къинтIера довлар дийхира цо, тешийра, Алаудинов Аптица "дехха, даггара къамел" динчул тӀаьхьа, ша "информаци кхин а леррина толлур йу" аьлла.
- ТӀаьхьо интернетехь видео зорбане йаьккхира, оьрсийн эскархо ву бохучу стага бехк цабиллар доьхуш, Курскан кӀоштахь "Ахмат" олучу лерринчу эскархойн декъан тIемалой салташна тӀехьа лечкъаш хилла бохуш дӀахьедарна. Цул тӀаьхьа и пост дӀайаьккхинера.
- Хьалхо "Ахматан" командиров Алаудинов Аптис дIахьедира, "Ахматан" цхьахдолу дакъа Курскан кIошта хьажийна аьлла. ВСУ-н эскархой дозана герга бахкар мел а "шуьйра" хиллера, мукIарло дира цо. Хьалхо Оьрсийчоьнан тIамехьа долчу каналаша хаамбира, "ахматхой" хьалхарчу позицешкара кIегара бовларх, цара йуха а элира кадыровхойх "тикток-эскарш".
- Курскан кӀоштахь Украинан тIеман ницкъийн тӀелатар доладелира марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь. Цунна дуьхьалбевллера ФСБ-н дозанхой а, салтий а. Оьрсийчоьнан z-блогерша дийцарехь, регионехь доза лардеш хиллачу Кадыровн дакъоша дуьххьара тохарш динчул тӀаьхьа и шайн позицеш дӀатесна хилла. "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Апти даре дина, Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан декъан цхьаболу тӀемалой йийсаре лаьцна хиларх.