ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алапаш лахара, белхазалла лакхара хиларца Кавказера биъ мохк рейтинган чакхенехь бу


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Белхан меттигаш алсамйовларх хIоттийначу рейтингехь Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХIирийчоь а тIаьххьарчу позицешкахь нисйелла. РИА "Новости" агенталлин талламашца, оцу мехкашкахь уггар лахара алапаш ду, лакхара белхазалла а йу. Йерриг Оьрсийчуьра хьоле хьаьжча, дикка тIаьхьа йу и республикаш, йаздо РБК-с.

Масала, ГIалгIайчохь стохкалера барам 0,7 балле охьабаьлла, хIинца 6,4 бу. Нохчийчохь – 0,2 терахье лахбелла гойту, хIинца 12,1. ГIебарта-Балкхаройчохь – 13,7 балла (минус 0,3). Къилбаседа ХIирийчохь гайтам 14,4 тIера 14, I тIе охьабаьлла.

Оцу йукъанна Оьрсийчоьнан 76 субъектехь маьIна лакхадаьлла - масала, Краснодаран кIоштахь (+ 6,6).

*Официалан Оьрсийчоьнан статистико лерина хила тарло аннекси йинчу ГIирмера зераш, йа оккупаци йинчу Украинан дозанашкара хьал.

  • ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а хьалхарчу могIаршкахь нисйелла кхелехь банкротан гIуллакхийн динамика кхиарехь. Нохчийчохь церан терахь 2021-чу шарахь хиллачу 158 тIера 2022-чу шарахь 511 даьлла. Ткъа ГIалгIайчохь 2021-чу шарахь 122 дара, 2022-чу шарахь 418 ду. Шозза сов лакхара ду Дагестанехь банкроташ хиллачу нехан терахь (579 тIера 1222-не), ГIебарта-Балкхаройчохь (490 тIера 991-не)
  • Нохчийчохь 2021-чу шеран хьалхарчу йалх беттачохь 3,5-зза алсам индивидуалан фирмаш дIакъевлина, и терахь тIех ду 2020-чу шарца дуьстича. Пачхьалкхехь а лаккхара гайтам бу иза.
  • 2022-чу шарахь динчу зерашца ГIалгIайчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, ГIалмакхойчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Нохчийчоь Оьрсийчоьнан уггар а ледарчу итт регионашлахь нисйелира. Рейтингехь жамIаш динера бахархойн дахаран а, социалан-экономикан хьелийн а, белхан меттигийн а, иштта кхиндолчун а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG