Республикера Талламан комитетан урхаллин куьйгалхочо Волков Виталийс гIуллакхан йст цайаккхар низамехь дац аьлла, тIелаьцна Нохчийчохь. Кхело сацамбина, хьакъ боллу таллам цо бина цахиларх, Хьалха-Мартанан кIоштара ГIойтIа эвлара бахархойн хIусамаш бакъо йоцуш дIахьакхарх.
Латкъамхой тешна бу, Хьалха-Мартанан кIоштан куьйгалхочун Алаудинов Iабдуллин тIедожорца цIенош дIадохийна хилар. "Ахмат" спецназан командиран, Нохчийчоьнан куьйгалхочун бIанакъостан Алаудинов Аптин ваша ву иза
2006-чу шарахь ГIойтIара бахархошка администрацино ханна лелон латта деллера, амма исс шо даьллачу хенахь Iедалхоша бина хилла барт бохийра. Алаудинов Iабдуллин тIедилларца, цу тIехь йина хилла хIусамаш дIайохийра. Латта "Мартан Парк" компанига делира, и компани йиллинарг йу Алаудинова Асият. Кхелехь тIечIагIдина, дуккхаъчу кехаташна тIехь йаздина куьйгаш шайгара хIиттийна ду аьлла, амма бехкенаш ца лийхира ницкъахоша.
Баккхийчу барамашкахь шайна зенаш дина хиларх дIахьедора бахархоша, амма хIетте а талламхоша масийттаза дуьхьало йира бехкзулуман гIуллакх доло. Прокуратуро а, кхелаша а низамехь дац олий, йухатоьттура аьрзнаш, амма керла зераш долийча талламхоша йист ца йоккхура. Иск чуйеллачара дIахьедо, лакхара талламхочо Алаевс тоьшаллашца харцонаш лелийра, тешо дуьйцург а, латтанийн хьелаш толлучара а йина экспертиза а харцахьа йоккхуш.
Нохъийчуьра Талламан комитетан урхаллин куьйгалхочуьнга Волков Виталийга дIахьедаро а йист ца йаьккхира гIуллакхан, цундела латкъамхой кхеле бевлла хIумма а ца деш иза Iаш хилар низамехь дац алар тIедожош.
- Хьалха-Мартанахь и хиламаш боьлхучу заманчохь Алаудинов Апти Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс вара Цуьнца дузу Нохчийчуьра "къайлахчу набахтешкахь" лецначарна тIехь гIело хьегийтар а. 2021-чу шеран зазадокху-баттахь оцу даржера дIаваьккхира иза. ХIетахь "Новая газето" йаздора, Алаудиновна оьгIазвахна Кадыров, хIунда аьлча, цо бегаш беш Кадыровн суьртана тоьхна хиллера. Ша лаккхарчу даржхочо бакъ ца дира и дIайазйинчу видео тIехь, мехкан урхалхочунна тешаме ву ша аьлла дуй биира цо. 2022-чу шарера схьа дуьйна Украинерчу тIамехь ву Алаудинов, "Ахмат" спецназан куьйгалла деш, Оьрсийчоьнан тIеман агрессин коьрта спикер хилла цунах.
- 2022-чу шеран марсхьокху-беттан 25-охь Украинан кхерамзаллин урхалло шеконашка ийцира Алаудинов Апти, пачхьалкхан цхьааллина тIекховдарна. 2014-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре йазвира иза. ТIаьхьо цунна дихкира Латви ван а. 2020-чу шарахь Алаудиновна дуьхьал санкцеш йехира Британино.