ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"АллахIана гергахь пропагандо болх ца бо". Кадыров а, КъурIан дагоран видеош а


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Зазадоккху-беттан йуккъехь Kремлана муьтIахь йолчу телеграм-каналашкахула масех видео йаржийра, схьадийцарехь, Украинин ТIеман ницкъийн эскархой бу бусулбачу нахана деза долу КъурIан сийсаздеш. Украинин Iедалхоша и видео шайн ВСУ-х цхьанна агIора хьакхалуш йац, питана лелош йаьккхина йу элира. Амма Нохчийчоьнан куьйгалхочо а, оьрсийн зорбанаша а и видео шайн тIеман пропагандина лелийра.

Хьалхарчу роликехь КъурIанан мужалта тIехь хьаькхин дума хадош цхьаъ гойту. ШоллагIчунна тIехь видео йоккхушверг камуфляжан духар дуьйхинчу вукху шинна тIевогIу. Цаьрга цхьа Iаьржа тIоьрмиг дIало цо. Цу шимма цу чуьра КъурIан схьаоьцу, йуха цуьнан агIонаш схьа а йохуш, цаьрца цIе латош гойту. Цхьана минотехь гергга йолчу видео тIехь цу адамийн йаххьаш, шевронаш а гуш йац. Уьш лаьтташ болчу меттиг а билгал ца йаккхало.

Официалан Киево цу хиламца шайн эскархой боьзна бу бохург аьттехьа ца дуьту. Иза элира Украинин МИД-ан спикеро Николаенко Олега а, ВСУ-н стратегикан-коммуникацийн урхалло а, стратегикан коммуникацийн, хаамийн кхерамазаллин центро а.

Цу видео тIехь болучара къамелехь дечу гIалаташна тидам тIебохуьйту Украинин зорбанаша. Шайн къамелехь украинхойн дешнийн меттана оьрсийн дешнаш леладо цара, амма украинхойн терачу акцентаца: масала, "кастор"(украинхойн маттахь – "вогонь", "багаття"), кехат, бумага (украинхойн маттахь – "папір").

"Дукха тIех кеп хIиттош лела"

КъурIан дагош йина ролик Кадыров Рамзана шен телеграм-канале хIоттийра, ВСУ-н могIаршлахь тIом бечу бусулбанашна сардамаш дохкуш. ШолгIачу дийнахь и видео йинарг вийначунна 5 млн сом лур ду ша, ткъа цу тIехь верг схьалаьцначунна 10 млн сом ло ша аьлла, дош делира цо.

Цу хеннахь оьрсийн зорбанан пропагандистийн гIирсаша иттанашкахь тоьшаллаш гайтира, "дуьненчохь мел болчу бусалбанийн реза цахиларах" дуьйцуш. Туркойн "Нийсонан, кхиаран Партин" векало Айдын Ибрагима дIахьедар деш йазйира видео. Цо и гушдерг ирча хIума ду, амма иза цхьамма питанна кечдина хила тарло, элира. Депутато ша тешна вац и видео йинарш ВСУ-н эскархой хиларах боххушехь, оьрсийн медиа-гIирсаша иза кхиндерг дуьйцуш волуш санна, йаккхийра зевне цIерш тохкуш хаамаш баржийра. Цул совнах, харцхьа баьккхина хаам дукха жигара баьржира ингалсан маттахь йолчу интернетан агIонашкахь.

Кремлана муьтIахь болчу гIирсаша и видео сел каде бусулбачу пачхьалкхашкахула йаржайаро гойту, цуьнан Iалашо – бусулбачу нехан Украинех вуон ойла хилийта лаар йуйла, боху "Одессин политикан платформин" медиацентран аналитико Христензен Юрийс.

Дешнаш массийттаза дикка къаьстачу акцентаца олу, ткъа схьагушдерг ша а ду цхьа лерина кечдича санна

"Нагахь вайна гушдерг кечдина хиларан билгалонаш йалахь, Украинехь исламе цабезамаш бу бохург харц дуйла хаа деза. Кремлан хаамийн майданашкахь сихдинна даржош делахь, иза тIаккха жигара беш болх бу. Цу белхан Iалашо - Украинех а, украинхойх а лаьцна хIоьттина ойла йоцучу адамаш сихонца цецдахар", – кхетадо Христензена.

Дуьххьара йеш йац Кремло и тайпа манипуляцеш, аьлла хета Украинехьа летачу Шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан пресс-секретарна Белокиев Исламна.

"Дуккхачу украинхошца йийцаре йина ас и видеош, царна хетарг хаа лууш. Массара а олу - массийттаза дешнаш дикка къаьстачу акцентаца олу, ткъа схьагушдерг ша а ду цхьа леррина кечдича санна", - схьадагардо къамелахочо.

Дохийна маьждигаш-м ца гира Кадыровна

И видеош – цхьа боьха кечдина питан ду, элира Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу шен къамелехь Украинерчу каппелана Беридзе Тимура. Оьрсийчоьно дIалаьцна латточу Северодонецкехь бусулбанийн имам а, "Бисмилля" культуран центран куьйгалхо а лаьттина ву иза. 2022-чу шеран аьхка оьрсийн эскархоша герз диттина, йохийра и центр.

"Украинехь цкъа а ца хилла бусулбанашна, керсташна йуккъехь оцу кепара КъурIанаш дагош, Библеш йагош девнаш. Со тIеман каппелан хиларе терра, 2014-чу шарахь дуьйна сиха-сиха воьду тIемалой болчу. Суна дика хаьа, Украинин ТIеман ницкъашлахь динаца болучаьрца уьш муха бу. Цхьаболучара ислам тIеэцна меттигаш бу аьлла тоьшалла до аса", – дуьйцу имамо.

Тимур Беридзе
Тимур Беридзе

Цунна хетарехь, и видео питанна кечйина хиларан кхин цхьа тоьшалла ду. Иза оьрсийн пропагандан хаамийн гIирсаша цхьатерра сиха йаржор. Къамелахочо дагадаийтира, боьдуш тIом болуш, Северодонецкера исламан центр йохийна ца Iаш, оьрсийн эскархоша Бахмутехь а, Мариуполехь а дохийна маьждигаш. Амма Кремлан пропагандо иза цхьанхьа йаздеш дац.

"Кадыровга а, и тIом дIаберзийта ца луучу оьрсийн имамашка а КъурIанан дешнашца цхьа хIума ала лаьара суна: "Харцонехьа болучарна тIе ма гIерталаш, шайх цIе хьакхайалийта ца лаахь". Харцачу пропагандица Iехабеш, Оьрсийчуьра бусулбанаш тIаме оьхуьйту цара. Бусулба стаг, муьлхха а Делах тешаш долу адам санна, уггаре хьалха нийсонехьа хила хьажа веза. Ткъа и тайпа фейк-видеош йаржош верг динна дуьхьала ву", – тешна ву имам.

Харцачу пропагандица Iехабеш, Оьрсийчуьра бусулбанаш тIаме оьхуьйту цара

И видео йаржоран бахьанаш дийца ваьлча, Беридзе Тимура тидам бо, Кадыров тIаьхьарчу беттанашкахь башха жигара вац, медиашкахула "гIарайевлла тикток-видеош" гойтуш вац, ткъа КъурIан дагош йолу видео нехан терго тIейерзон дика йу.

"ХIара беза Рамадан-бутт болалуш и видео нахала йаккхар бусулбанаш Украинна дуьхьала баха дагахь долийна ду. Киевна деш долу дуьненайукъара гIо лахдан а", – тешна ву иза.

Орсийчуьра дискриминаци

Оьрсийчохь йолчу исламафобин масаллаш далош, цигара бусулбанийн хьелаш ца дуьйцу йа Кадыровс, йа оьрсийн хаамийн гIирсаша а.

Масала, масех шо хьалха социалан машанашкахула йаржийра Москвахь йаьккхина цхьа видео: кегийрхойн тобано цкъа хьалха КъурIан дагадо, йуха Йуккъерчу Азера мигранте, кхерамаш тийссарца, "АллахIах вала" олу. Федералан резонанс бахьана долуш масех де далале полицино дIалецира Тверской кIрштера 23 шо долу Соколов Александр. ТIаьхьо схьалийцира цуьнан накъостий а. Амма КъурIан дагор цу гIуллакхехь кхин цхьа бехкан тоьшалла санна бен лаьтташ дацара. ЧIогIа къизачех лоруш дара неонацистийн тобано аьчкан серашца Таджикистанера мигранташна йеттар. Цара лазийначарех цхьаъ кхелхира. Шийтта стагана арахь йаккха пхеа шарна тIера 10 шо колонехь даккхаре кхачалц хенаш йиттира .

"Экстремизм" дош шайна луучу кепара дерзош лелорна, Оьрсийчохь исламан масех Iилма а, боламаш магийна дац. Амма кхечу пачхьалкхашкахь парггIат лелаш ду уьш. Царна йукъадогIу "Хизб ут-Тахрир"(2003-чу шарахь Лаккхарчу кхело и цхьаьнакхетаралла терроран агIо лоцуш лерина ю. ГIирмина аннекси йиначул тIаьхьа цу цхьаьанакхетараллица уьйр хилар бехке диллина, йаккхийра хенаш туьйхира цхьа могIа гIирмин-татарийн жигархошна), "Джамаат Таблиг", "Нуржултар", салафизм.

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Экстремистийн лерина бу Iеламчин Нурси Саидан белхаш, XIII-чу бIешарера ан-Навави имаман "Шовзткъе хьадис" гуларна йина комментареш а, тафсираш - исламан Iеламхоша Ас-Саадис а, Ибн Касира КъурIанан дина кхетор а. 2013-чу шарахь Новороссийск гIаларчу кхело транспотран прокуроро чуделлачу искаца КъурIан гочдар дихкира, амма и хаам резонансе хиллачул тIаьхьа, шайн сацам хийцира.

Ца магийначу цхьаьнакхетараллашца уьйраш латтайо аьлла хьийзина ца Iа Оьрсийчуьра Iедалхоша цигара бусулба нах. Наггахь дискриминацин бахьанаш хуьлу бусулбанийн духаршца а леларшца йолу билгалонаш, хиджаб лелор а. Бусулбанаша шайна йукъахь динах, политикех деш долу къамелаш а Iедало "питане леларш" санна лору, аьлла, билгалдаьккхина ду "Мемориал" бакъоларйархойн центран талламашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG