ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"АллахIана гуш ду, со эхь-бехк долуш хилар". Мусаева Заремас тӀаьххьара дош аьлла кхелан сацам хилале


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Нохчийчохь лаьцна латточу оппозицин жигархойн ЯнгулбаевгIеран нана Мусаева Зарема тIаьххьарчу кхелан кхеташонехь йистхилира, цуьнан хьокъехь сацам бале хьалха. Цо ша реза ца хилар дӀахаийтира, иштта массарна шена г1о мел лаьцначунна баркалла элира цо.

"Массарна хаьа со мел догкӀеда стаг йу, нахана хууш ду иза. АллахIана гуш ду, со эхь-бехк долуш хиллар!", - ишта элира Мусаевас бӀаьргах хин тӀадам ца балийта гIерташ.

Кхелан сацам дӀакхайкхо там бу товбецан-баттахь доьлгIачу динах. Нохчийчохь прокуроро оппозицин жигархойн нанна пхи шо ахшо хан тоха, аьлла кхайкхина.

  • Дечкен-беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира. Лоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIайуьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
  • Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара.
  • Мусаева Заремин гIуллакх товбецан-баттахь Соьлжа-гIаларчу Ленинск кIоштан кхелехь дIадолийна ду. Кавказ. Реалии сайто дикка кхеттош дийцира цу гIуллакхах а, цуьнан голморзахе хиларах лаьцна.
  • Мусаева дIайигначул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь ЯнгулбаевгIеран доьзална бекхам бийр бу ша бохуш, кхерамаш тийсира Кадыровс. И шен кхерамаш карлабехира цо шен видеокъамелехь. Цуьнан кхерамаш тийсарна тIетевжира нохчийн баккхий хьаькамаш, ницкъахой а. Чиллин-беттан 2-хь Соьлжа-гIалин коьртачу майданахь цара дIабаьхьира ЯнгулбаевгIар сихсазбарна лерина гулам - цигахь церан доьзалан сарташ дагийра, этIийра, сарташна тIе когаш биттира.
  • "Политикан тутмакхашна тIехIоттар. Мемориал" бакъонашларйархойн проекто Мусаева Зарема политикан тутмакх лоруш сацам бина.
  • 2023-чу шеран дечкен-баттахь Янгулбаев Абубакара Кадыров Рамзане дIахьедар дина, ша шен ненан меттана дIалацарна реза ву аьлла. И видео жигархочо шен нана дIалаьцна шо кхочуш дIайазйина йу. "Пачхьалкхан низамашна, адаман йуьхьна" гIело йарехь бехке лерира цо Нохчийчоьнан куьйгалхо. Цо билгалдоккху, дIалаьцна латточу цу шарчохь шен ненан могушалла эшна йогIуш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG