ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америкахойн журналист верца воьзна Делимхановн гергарниг Евробертан пачхьалкхашка листина – "Проект"


Хлебников Пол
Хлебников Пол

Оьрсийн маттахь Forbes зорбанан гӀирс кхоьллина Хлебников Пол верна 2004-чу шарера 2010-чу шаре кхаччалц лоьхуш хилла Эдильсултанов Мохьмад 2020-гӀа шо кхаччалц Евробертан пачхьалкхашка лесташ хилла. ФСБ-н дозанийн сервисан базера гоьбевллачу хаамашкахула хиъна цунах лаьцна "Проектана". Иштта Эдильсултанов уьйр йолуш ву оппозицин политик Немцов Борис верна бехкебечаьрца а.

2016-чу шеран товбеца-баттера 2020-чу шеран дечкен-батте кхаччалц кеманца Франци а, Германи а, Итали а, Словени а, Кипре а, шозза Болгари а Эдильсултанов вахана хилар къастийна талламчаша. Оьрсийчоьно Украинана тӀелатар динчул тӀаьхьа Евробертан пачхьалкхашка шен визиташ сацийра цо, амма Евробертан кандидатийн статус йолчу лаххара а шина пачхьалкхехь хилира иза: Туркойчохь а, Сербехь а.

Эдильсултанов Мохьмадан цӀе гучуелира Forbes журналан коьрта редактор, америкахойн журналист Хлебников Пол вер толлуш. 2004-чу шарахь мангал-беттан 25-чу дийнахь Москва йуккъехь шен машенахь волчу цунна герз тоьхнера. Дукузов Казбек бехкевира стаг верна, амма 2010-гӀа шо тӀекхаччалц Оьрсийчоьнан талламхоша лоьхуш вара Эдильсултанов цу зуламехь йукъарло лелийна ву бохуш – иза Ӏедална тIевеанчул тIаьхьа массо а бехкех цIанвира.

Хлебников воцург а, кхин а цхьаъ оппозицин политик верца уьйр йолуш ву Эдильсултанов: 2014-чу шеран гIадужу-баттера схьа 2015-чу шеран зазадокху-беттан 1-чу дийне кхаччалц оппозицин политик Немцов Борис вуьйш дакъалоцуш хиллачу нахе 391-зза телефон йиттина цо. Цуьнан тоьшалла до гIуллакхан материалашна йуккъера схьаэцначу биллинган хаамаша. Оцу йукъанна Эдильсултанов цхьана а кепара официалан талламехь дакъалоцуш вацара.

Эдильсултанов Мохьмад- Нохчийчоьнан куьйгалхочун Иваново кӀоштахь йуьззина бакъонаш йолуш векал хиллачу Эдильсултанов Ӏийсан ваша ву. ТӀаьххьарниг лаьцнера 2020-чу шеран марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГӀирмехь, курхаллаш лелорна а, тоьшаллаш харцдарна а йолчу шеконашца. "Проектан" хаамашца, иза хIинца а СИЗО-хь латтош ву, кхиндерг доцург а, цунна бехке диллина экстремистийн йукъаралла вовшахтохар а.

Евробертан пачхьалкхашка лелла ца Ӏаш, Эдильсултанов кест-кеста воьду Цхьаьнатоьхначу Ӏаьрбийн Эмираташка – цигара даьккхинчу цхьана суьрта тӀехь иза Нохчийчоьнан цIаракх Пачхьалкхан Думехь депутат волчу, Кадыровн уггаре а гергарчу доттагIчунца Делимханов Адамца а цхьаьна ву. Талламхойн хьостано дийцарехь, Эдильсултанов цуьнца "генара гергарло долуш ву".

  • Оьрсийчоьнан оппозицин лидерех цхьаъ Немцов Борис вийра 2015-чу шарахь чиллан-беттан 27-чу дийнахь коьртачу шахьаран йуккъехь доккхачу Москворецкий олучу тӀай тӀехь. И стаг верна бехке хиллачу Нохчийчуьра орамаш долчу пхеа вахархочунна 11 шарера 20 шаре кхаччалц хенаш тоьхнера уггаре а шогачу рожехь йолчу колонехь такха. Кхелан сацамца а догӀуш, цара зулам дина 15 миллион сом ахча а эцна. Делахь а, стаг вен омра динарш цкъачунна карийна бац, царна дуьхьал баккъалла а талламаш бина бац.
  • Немцов Борис верца доьзна Эскерханов Темирланна 14 шо хан тоьхнера, ишта ваьккхира иза полицин прапорщикан даржера а. 2017-чу шарахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьнан Ӏедалшна тӀедожийра Эскерхановна 6000 евро барамехь компенсаци йалар – цо латкъам бинера СИЗО-хь латточу хьелашна а, ткъа иштта Москвара Басманан кхело лелочунна а.
  • Немцов верна таIзар динчу кхечух лаьцна Кадыровс элира "хила ма везза Оьрсийчоьнан патриот ву" иза аьлла. Набахтехь даккха кхело цунна 20 шо ма-тоххара, Кадыровс дIахьедира Дадаев "бехке цахиларх теша" ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG