ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америкехь вехачу бизнехочун кIант лачкъорна  Нохчийчуьра бахархошна дина таIзар йухаэцна кхело


Москва гIалин кхел. Архивера сурт
Москва гIалин кхел. Архивера сурт

Москва гIалин кхело йухаэцна таIзаре хIиттийначу Алиевн, Саипулаевн, Эскиевн, Хасановн хьокъехь бина хилла сацам. Апелляцин латкъамца кхеле ваьллера билгалбаьхначех тIаьххьара шиъ – хьалхо шогачу хьелашкахь йолчу набахтехь даккха 9 шераш тоьхнера царна стаг лачкъорна а, талораш дарна а, нехан бахам хIаллакбарна а.

Кхелан дийцарехь хиъна хиллачух, оцу йукъанна таIзардинчийн а, волайнхочун а йуьззина цIераш йохуш йац.

Билгалдаьлла лачкъийнарг – Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь регистраци йинчу "Саймекс Инк" компанин президентан кIант хилар. Оцу компанино йукъайаьккхина Оьрсийчоьнан ООО "Мультипей". СПАРК системин хаамашца, Лас-Вегасе регистраци йинчу "Саймекс Инк" фирмин президент ву Оксенюк Василий – Кировн кIоштара вахархо, ГРУ-хь болх бина цо, цул тIаьхьа Советан пачхьалкхера Американ Штаташка дIавахара, цигахь инвестицеш лелон волавелира иза.

Таллам дIахьочу йукъанна совдегаран кIанта дийцина, шен дас бахарехь, компанина тIехь инвесторийн декхарш дара. 2021-чу шеран зазадокху-баттахь "нохчех болчу божарша" йиттинера цунна, декхар схьало ала хьайн дега бохуш. КхозлагIа шена йиттича полицига дIахаийтинера цо, талорхой лоьцуш гIо дийр ду ша аьлла, реза а хуьлуш. 2021-чу шеран оханан-беттан 4-чохь, волайнхочо бахарехь, уьрсаца кхерамаш а туьйсуш, шен петарчуьра дIавигина, лаьцна латтийра иза.

ТаIзаре хIиттийначара бехкаш тIе ца дуьту. Цхьахволчун адвокато апелляцин латкъамехь дIахьедира, зенаш хиллачун леларца цаьрца дIаваха иза лууш вацара олийла дац аьлла. Адвокаташ тешна бу, иза лачкъийна ца хилла, шайна луъург лелийна хилла цара, "деца къамел де" декхар дIало алий, баьхна хиллера цуьнга.

"Муьлш бу цахуучу наха шога къамелаш динера бизнесхочун кIантаца, йиттинера цунна бохург, бертаза дIавигина иза цхьанхьа латтийна бохург санна кхетадойда йац. Петар чохь иза вехка а ца вихкина, гIоьмаш ца йиттина куьйгех, батарейх дIа а ца тесна. Петар чу вигар, дегара декхар схьадаккхарх лаьцна кхин дIа къамел дан атта хилар дара, лачкъор дац, талораш дар а дац", - аьлла ду апелляцин латкъамехь.

Москва гIалин кхело оцу гIуллакхан шина фигурантан хьокъехь бина хилла сацам йухабаьккхина, гIуллакх кхин цкъа а талла хьажош. Пренешкахь адвокато дIахьедира: "Нагахь санна, таIзаре хIоттийнарг цхьана хIумана бехке велахь а, иза дIавахарна бехке ву". Юристан а, ша гунахь вац бохучу бехкевечун а дийцаршкахь цхьаьнацадараш хиларна йухабаьккхина сацам.

Стаг лачкъорна шеконашца Москвахь нах лецар бакъдира 2021-чу шеран оханан-баттахь Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша а. Лачкъийначуьнгара миллион сом дехна хилла бехкебечара аьлла, хаамбинера хIетахь урхаллехь.

  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Москварчу Гжельскан урамехь дуккха а нах вовшхкхетта, герзаш кхуьйсуш летарна тIехула масех бехкзуламан гIуллакхаш диллина аьлла, дуьйцура. Цигахь дакъалацарна бехкебора Нохчийчуьра бахархой а, иштта ГIиргIазойчуьра а, Узбекистанера а бахархой а.
  • Дагестанан цIарах ГIезалойчохь йуьззина бакъонаш йолу векал лаьцна талораш лелорна. Цунах лаьцна хаамбира Оьрсийчоьнан цхьа могIа зорбанан гIирсаша шайн хьасташна тIетевжина.
  • 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь федералан а, иштта нохчийн а хаамашкахь публикацеш йаржийра Москвара элитан комплексера нах бехачу цIийнан хьалха дов эккхарх. Цхьаболчу гIирсаша йаздора, Нохчийчуьра бахархоша адвокатна Герасимов Павелна йиттина, вукхара дIахьедора бIостане дерг - "украинхойн адвокато къоме боцчу безамца 6 долчу нохчийн кIентан садукъон гIоьртина". Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь адвокато Герасимовс ма-дарра дийцира хиллачу инцидентах.
  • Стигалкъекъа-беттан 31-чохь Хьалха-Мартанахь ницкъахоша лачкъийна даим а Британехь вехаш хилла, цу пачхьалкхан махкахо волу Абубакаров Мохьмад.
  • 2021-чу шеран дечкен-баттахь Москвара "Славянский бульвар" метрон социйлехь уьрсаца лазийра Нохчийчуьра 29 шо долу Темирхаджиев Рамзан. Дов даьлла хиллера дош дашера а даьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG