ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америко санкцеш йаьхна парламентан спикеран гIовсана а, цуьнан кIантана а дуьхьал – Кадыровн гергарчарна


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнан масех иттаннашкахь компанешна а, бахархошна а дуьхьал. Церан тептарехь ву – Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочун хьалхара гIовс Закриев Салман а, дукха хан йоццуш къоман урхалле йерзийна "Данон Россия" компанин куьйгалле хIоттийна цуьнан воI ИбрахIим (Якъуб) а. Закриев Салман Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан йиша йахана нуц ву, Якъуб церан кIант ву.

Урхалло зорбане йаьккхинчу пресс-релизехь билгалдаьккхина, санкцеш тIеман-индустрин комплексана а, металлургин, энергетикан секторшна а, тIеман министраллин оьшург латтош, Украинера тIом дIабахьа технологеш а, гIирс а эца гIо дечу нахана а, иштта Украинера тIом а, Оьрсийчоьнан Iедалхоша лелон кхиндолу зуламаш а къобалдечарна а дуьхьал хьажийна йу аьлла.

Закриев Салман – Кадыровн Рамзанан йишин Зулайн хIусамда ву. 2008-чу шарера схьа дуьйна йух-йуха а хоржу иза парламентан спикеран хьалхара гIовс. Зулай республикин министрийн кабинетан а, урхалхочун гIуллакхаш луьстучу администрацин куьйгалхочун гIовс йу. 2021-чу шарахь гучуделира, Кадырова Зулайн долахь декларацихь хьахийна йоцу пентхаус хиларх Москвара "Соколиное гнездо" премиум-классан комплексехь. Оцу комплексехь петар йу иштта Закриев Якъубан а.

Нохчийчуьра йуьртбахаман министр а, вице-премьер а вара хьалхо Закриев Якъуб. ООО "Данон Россия" компанин куьйгалле хIоттийра иза кху шеран товбеца-баттахь президенто Путин Владимира "ханна лело" акциш Росимуществе дIайеллачул тIаьхьа. Ма-дарра аьлча, дуьйцург йу национализаци йар. The Bell гIирсан хаамашца, Danone-н активашна национализаци йар "оьшуш дара Нохчийчохь".

ЗакриевгIеран да а, кIант а нисвелла ца Iаш, США-н керлачу санкцешна бухахь нисвелла оьрсийн конструктор, "Ланцет" дронаш йина Захаров Александр а, масех федералан министр а, цхьа могIа банкаш, Iилманан-талламийн центраш, индустрин а, аьргаллин а компанеш а.

  • Марсхьокху-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло "Iаьржачу тептаре" йазйира Кадыров Ахьмадан цIарах гIоьналлин фондан куьйгаллехь йолу Нохчийчоьнан урхалхочун нана Кадырова Аймани, мехкан премьер-министр Хучиев Муслим а, омбудсмен Солтаев Мансур а, "Ахмат" полицин полкан командир Чалаев Замид а.
  • 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцеш дуьхьалйехира Кадыров Рамзанна а, цуьнан зударшна Меднина а, шолгIа хIусамнана лоручу Хазуева Фатимина а, кхоалгIа зуда ю бохучу Ахмадова Аминина а. Иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIаршна Кадырова Iайшатана а, культурин министран даржехь йолчу, Каринина (Хадижат), школазхойн департаментан хьаькам йолчу, Табарикна а, хIетахь латтанан а, бахаман а министр хиллачу, карарчу хенахь кхерамзаллин кхеташонан секретарь волчу шичина Ибрагимов Турпал-Iелина а дуьхьал. Цул совнах, санкцеш туьйхира "Фирадаус" модан цIенна а, иза диллинарг лоруш йу Кадырова Iайшат.
  • 2017-чу шеран гIуран-баттахь Американ финансийн министралло Нохчийчоьнан куьйгалхо ваьккхира санкцийн «Магнитскийн тептаре». Урхалло цунна тIехь дитира кхел йоцуш нах байъарх, Iазапаш хьегийтарх, дуьненан юкъаралло тIеэцна кхин йолу адамийн бакъонаш хьешарх а жоьпалла. 2020-чу шарахь Американ Пачхьалкхан департаменто шорйира Кадыровна тоьхна санкцеш, цуьнан зудчух Медних а, йоьIарех Iайшатах а, Хадижатах а хьакхайолуьйтуш.
  • Американ Iедалхоша "Ахмат" футболан клуб а, Кадыров Ахьмадан цIарах йолу Фонд а, латархойн "Ахмат" клуб а "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь долчу санкцийн тептаре йехира 2020-чу шеран гIуран-баттахь. Адамийн бакъонаш талхочу нахана дуьхьал долийна ду и тептар Вашингтоно.
  • Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзалхошна а, нохчийн лаккхарчу даржхошна а дуьхьал хьалхо санкцеш кхайкхийра Украино, Евроберто, Японино, Керла Зеландино, Канадо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG