Клинтон Билл, Iамеркан президент: «Оьрсийчоьно беза мах лур бу ша Нохчийчохь тIом барна. Кхерамехь ду къеначу а, эгIазчу а, чевнаш хиллачу а нехан а, ткъа иштта кхин болчу а маьрша бахархойн дахар». (8.12.1999)
Олбрайт Мадлен, Iамеркан пачхьалкхан секретарь: «Нохчийчохь тIом болорца цIоькъалоьмана нуьйр тилла гIерташ ву Путин». (31.01. 2000)
Марк Крамер, ХIарвард университетан профессор: «Путинан рейтинг лакхаяьлла цо Нохчийчохь къиза курс лелорна». (6. 1. 2000 )
Райс Кондолиза, Iамеркан пачхьалкхан секретарь: «Тхуна даима а хетара Нохчийчуьра конфликт политикан некъашца дIаерзо еза аьлла. Ткъа хIинца тхо реза ду президенто Путина динчу дIахьедарна. Гарехь, иза баккъал а дийцарш дIадоло дагахь ву нохчийн лидершца». (18.10.2001)
Буш Джордж, Iамеркан президент: «Нохчийчохь хуьлучух лаьцна аьлча, тхо сатесна ду цигахь машаран некъ карор хиларе. Иза Оьрсийчоьнан чоьхьара проблема ю». (21.1.2002)
Маккейн Джон, Iамеркан сенатор: «Оьрсийчоьно, бакъонца а доцуш, Къилба ХIирийчоь а, Абхази а йозушйоцу пачхьалкхаш ю аьлла къобалдинчул тIаьхьа, Малхбузерчу пачхьалкхаша ойла ян еза Къилбаседа Кавказ а, Оьрсийчоьнера къиза ницкъ ловш йолу Нохчийчоь а йозуш йоцуш хилар къобалдарх». (08.2008)
Макфол Майкл, Iамеркан президентан Обама Баракан хьехамча: «Нохчийчоьнан бахархой шайн йозуш йоцу пачхьалкх кхолла гIерташ бара. Нагахь шу Нохчийчоь йозуш йоцуш хиларна дуьхьал хиллехь, аш къобалдойла дац ГIирма дIалацар».
Бжезинский Збигнев, гоьвалла Iамеркан политолог: «Нохчийн къийсам хьакъ долуш бу дозалла дан а, доглаза а».
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832