ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аьмнестин керла рапорт: Къилбаседа Кавказера хьал


Аьмнестин Европехь а, Юккъерчу Азехь а йолчу программин директор Далхьйюзен Джон, Москох, 23Сти2012
Аьмнестин Европехь а, Юккъерчу Азехь а йолчу программин директор Далхьйюзен Джон, Москох, 23Сти2012

Аьмнести Интернешнл вовшахтохаралло дIахьедар дина Оьрсийчоьнан Къилбаседа Кавказехь бехачу бахархойн маьршонна кхерам бохьуш ерш бакъонийн органаш а, герз лелош йолу тобанаш а ю, аьлла. Аьмнестин Европехь а, Юккъерчу Азехь а йолчу программин директорца Далхьюзен Джонца къамел дина Маршо радионо Къилбаседа Кавказехь вовшахтохаралло бинчу белхан хьокъехь.

«Харцонан Го» олучу шен рапортехь Аьмнести Интернешнл вовшахтохаралло толлуш ду пачхьалкхан ницкъийн агенташа бакъонаш йохор. Цу юкъа догIу адамаш лечкъор а, цхьа а кхел йоцуш нах байар а. Цул сов, оцу кепара гIуллакхаш ма-эшшара талла а, зулам динчунна таIзар дан а Iедалш гуьнахь ца хилар а билгалдоккху керлачу рапорто.
Аьмнестин Европехь а, Юккъерчу Азехь а йолчу программин директоро Далхьюзен Джона шен къамел долош элира Къилбаседа Кавказерчу хьолах лаьцна.

Далхьйюзен: «Шайгара боккха кхерам болучу герзийн тобанна юкъанисвелла стаг а го хьуна цигахь, иза бакъ ду, амма оццу хенахь, кхерамазаллин ницкъаш а бу, цхьа а жоьпалла доцчу гIирсашца белхаш беш.»

Маршо радио: Далхьйюзена бахарехь, Къилбаседа Кавказера бакъонийн органийн структураш чолхе а, цара лелочунна тIехьажа аьтто ца хиларе а терра, Iедалшна аьтто боккху таIзарза адамийн бакъонаш талхон.

Далхьйюзен: «Ерриг а Къилбаседа Кавказехь гуш дерг хIун ду аьлчи, Федералан тIегIанера дуьйна меттигерчу тIегIанна тIекхаччалц йолу, цхьа моггIа къайлаха сервисаш а, бакъонийн органаш а ю. Уьш Оьрсийчоьнан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министраллица а, республикийн министраллашца а цхьанабелхаш беш ю.
Цигахь ФСБ а, кхин а цхьа моггIа лерина сервисаш а ю болх беш.
Оцу массо а федералан а, меттигера а ницкъашна тIехьажа а, цхьанаболх дIанисбан а хIара ду аьлла цхьа урхалла дац. Амма дика гуш ду царах дукхах болчу ницкъаша вовше башха цхьанаболх беш ца хилар. Цара вовше ца хоуьйту шаьш лелориг а, дIаяхьа кечъечу операцех лаьцна ца дуьйцу вовшна юкъахь къийсалон дера а, царна юкъахь криминал хуьлун дера а.»

Маршо радио: Еарин дийнахь арахецначу рапорто ма-дарра дуьйцу, туьтмIаьжгаш йоьхначу къайлахчу агенташа номерш йоцчу машенашкахь нехан хIусамашкахь талламаш барах лаьцна. Шаьш муьлхачу агенталлера ду а, хьенан цIарах лелаш ду а ца дуьйцу цу наха. Адамийн бакъонаш талхийнарг мила ву къастон гIертачу талламхойн а, прокурорийн аьтто ца болу, ур-атталла, зулам динарш билгалбаха а.

Далхьйюзен: «Кхеташ ма-хиллара иза чIогIа атта система ю жоьпаллех хьалхавала, хIунда аьлча талламхошна а, прокурорашна а вуно хала ду дукхах долчу гIуллакхашкахь цхьа а гIулч яккха. Цундела и хьал урхаллийн а, къепе хIотторан а хьашташна жоп луш дац. Ца хууш даьлла хила там а бу иза. Амма, къамел а доцуш, и кеп чIагIйелла яьлла ю. Оцу системано аьтто боккху а, таронаш а ло адамийн бакъонаш шуьйра йохон. Уьш йохочарна тешам а ло цо, таIзар хирг ца хиларх.»

Маршо радио: «Харцонан Го» рапорто тидаме дуьллу ГIалгIайчура хьал. Ерриг а Къилбаседа Кавказехь лаьттачу хьолан сурт гойту цо, рапортан авторийн хьесапехь.

Далхьйюзен: ГIалгIайчоьнна тIе боккха тидам бахийтинера оха. Уггар а чолхечух проблема йолу республика яц иза. ТIаьхьарчу хенахь цхьа жимма то а делла цигара хьал. Цу регионна, шуьйрачу барамехь хьаьжчи, юкъара йолу проблемаш ю ГIалгIайчохь а. Цигахь а билгал ца яхало адамийн бакъонаш къиза эшош йолу структураш. Вуьшта, Дагестанера хьал телхаш ду ала мегар ду хIокху тIаьхьарчу масех шарахь. Иза чIогIа ледара ду, таханий-кханий, бохучу кепара. Цигара юкъаралла чIогIа екъаелла ю шайн-шайн хьашташ долчу тайп-тайпанчу тобанашка. Вуно лакхара коррупци ю цигахь яьржина, дукха шуьйра даьржина адаминй бакъонаш талхор. Кхечу республикашкахь, юха а боху аса, хьал чIогIа тера ду цигахь долчух.»

Маршо радио: Шен тIаьххьара рапорт дерзош Аьмнестино яздо, Къилбаседа Кавказехь «машар а, лаьттар йолу къепе а хир яц» Оьрсийчоьнан политикан лаам а, адамийн бакъонаш шуьйра талхочарна таIзар дечу агIра болх беш низамийн система а ца хIоттаяхь.
XS
SM
MD
LG