Анапехь Нохчийчуьра ши вахархо лацар "къоман билгалонца тIаьхьабовлар ду" аьлла "Ахмат" спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис. Гезгамашин-беттан 3-чу буса меттигерчу клубана уллехь йиттина шина аниматорна – ГӀебартойн-Балкхаройчохь лецна тӀелатар динарш, хулиганалла лелорна бехке а беш, СИЗО хьовсийна уьш.
ТӀелатар динчух цхьаьнца гергарло таса йоӀ реза ца хиларна доладелла ду дов, дийцина Краснодар-махкарчу Талламан комитето. Оцу суьрте хьоьжучу наха дIайазйинчу видео тӀехь гуш ду, масех стага шина жимчу стагана тӀелатар деш. Цхьа йоI лазийначу кӀантехьа гIо даккха хьийза, амма цунна а туху. Оццу дийнахь полицино хаамбира конфликтехь дакъалаьцначех цхьаъ лаьцна хиларх – цо дийцинера, дов дIадаккха йукъагIоьртинчу шена царех цхьаммо туьйхира аьлла.
ШолгӀачу дийнахь полисхоша лаьцна хилла кхин а виъ стаг – ГӀебарта-Балкхаройчоьнан дозана тӀехь каравеана Нохчийчуьра ши вахархо. Харцахьа леларна бехктакхаман гӀуллакх долийна гезгамашин-беттан 6-чу дийнахь церан хьокъехь, кегийрхой лаьцна битина. Лаьцначех цхьаммо дийцарехь, дов доладелла хилла оцу йоIа кхуьнан доттагIче Зелимхане "боьха мотт лебинчул тIаьхьа".
Цул тӀаьхьа кӀира даьллачу заманчохь "Ахмат" спецназан буьйранчас Алаудинов Аптис билгалъйаьккхира шена гергахь конфликтан верси. Цо дийцарехь, цхьана йоӀа "къоман билгалонца" сийсазвина хиллера тIелетта хилла шиъ, царах кхаьрдаш "тикток эскарш" ду баьхнера. Ткъа лата буьйлабелла "Слава Украине" аьлла, цо мохь тоьхначул тIаьхьа. Нохчашна дуьхьал долийна бехкзуламан гӀуллакх, цо дийцарехь, "лакхара динчу дехарца" а, "кхетамна дуьхьал" а долийна ду.
"Кхузахь гуш ду белхан декхарш кхочушдарехь озабезамаш лелийна хилар а, къоман билгалонца тIаьхьабовлар а. Оьрсийчоьнан бахархойн а, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан а бакъонаш а, интересаш а баккъалла а ларъйар дуй хIара?! Со тешна ву, иза иштта цахиларх! И тайпа гӀуллакхаш, суна хетарехь, мелхо а мостагӀчунна болх беш хиларан билгало йу, къоман-динан юкъаметтигаш чолхе а йохуш, Оьрсийчоьнан чоьхьара политикан хьал а талхо гӀерташ", - йаздина Алаудиновс.
ТӀелеттачех цхьаъ, Заурбеков Зелимха, "Ахмат" спецназан командиро баркаллин кехат йаздина ву – Алаудиновс дийцарехь, СВО-н жигара волонтер иза волу ши шо а ду (СВО- Оьрсийчоьнан официалан Ӏедалша иштта олу Украинехь бечу тӀамах). "Ахматан" командиро тIедожийна, гергарло кIантаца дIатаса реза ца хилла йоӀ эскарна дискредитаци йарна жоьпе озор. Цо дIахьедина, "билггал бехкечарна" дуьхьал цхьа а барамаш дӀахьош бац аьлла.
Вукху кхаа лаьцначу вахархочунна дуьхьал бехк кховдорах лаьцна официалехь хоуьйтуш дац. "Ахматан" буьйранчас дийцарехь, и кхоъ Дагестанера вахархо ву, инцидент хиллачу меттигна гергахь болх беш хилла уьш.
- Оккупаци йинчу Мариуполан хийистехь дов иккхинера товбеца-баттахь садоӀучу нахана а, Нохчийчуьра схьаваьллачу стагана а йукъахь, Иза шен машенахь пляжа йуккъе веанера, машен кхечанхьа дӀахӀоттон реза а ца хуьлуш. "Ахмат" цӀе йолчу нохчийн декъан буьйранчас Алаудинов Аптис шен махкахочо лелийначух гечдар доьхуш, цунна таIзар дийр ду аьлла, кхерамаш тийсира.
- Оккупаци йинчу Мариуполехь ФСБ-н а, Оьрсийчоьнан къоман гвардин а, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан а белхахоша лаьцнера талораш дарна а, ахчанаш дахарна а шеконашца масех стаг. Официалан боцчу хаамашца, буьйцурш бу гӀалахь дарж декъна, Нохчийчуьра тӀебаьхкина нах.
- Оьрсийчоьнан "тӀеман корреспонденто" Романов Владимира товбеца—беттан йуьххьехь дӀахьедира, Белгородан кӀоштара "тиктокерш" (медиахь кест-кеста ишта цIе йоккху "Ахматан" эскархойн, цара суьрташ хIиттош видеош йахарна) "салтийн баккъаш тIехьа" бу аьлла. Цул тIаьхьа тIамехьа болчу блогерша хаамбира, "цуьнгара жоп деха" Iалашонца нохчаша Романов лоьхуш ву аьлла. Дукха хан йалале, шена къинтIера довлар дийхира цо, тешийра, ша аьлларг билггал бух болуш дуй, теллина дацара ша аьлла.