ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Анапера клуба хьалха йиттинчо дIахьедина "Ахматан" командиро совгIат динчу волонтере шен претензеш йац аьлла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Анапера буьйсанан клубана гергахь хиллачу девна йукъахь вийначу шиннах цхьаммо видеохаам дӀайазбина. Цу тӀехь цо дӀахьедина, ша полице дӀахьедар дина дац тӀелатар дарна лецначу Нохчийчуьрчу бахархошна дуьхьал аьлла. Хьалхо "Ахмат" спецзназан командиро Алаудинов Аптис уьш лецарх "къаьмнийн буха тӀехь леррина гӀело йар" ду элира.

И кхайкхам зорбане баьккхина нохчийн пачхьалкхан зорбанан гӀирсаша. Оцу видео тIехь цу стага дӀахьедо, шена йиттина хилар "цхьана хьукматан хадархоша", ткъа шен "тешам боллуш ала йиш йу", шена тIелеттарш лецна Халидов Руслан а, Заурбеков Зелимха а вацара аьлла. Цо бахарехь, цу кепара мукIарло дина цо талламчашна гезгамашин-беттан 3-чохь.

Гезгамашин-беттан 3-чу буса меттигерчу клубана уллехь йиттинера шина аниматорна, шолгӀачу дийнахь ГӀебарта-Балкхаройчохь лаьцнера тӀелатар дарна шеко йолу ши стаг, царлахь вара Алаудиновс совгӀат дина волонтер Заурбеков Зелимха а. Цу конфликтана йукъагӀоьртинчу Дагестанера кхин а кхаа белхахочунна бехкаш ца кховдийнера: царах цхьаммо дийцинера полисхошка, дов дIадаккха дагахь йукъагIоьртинчу шена туьйхира дуьххьара аьлла.

Лаьцначу Заурбековн доттагӀчо дийцарехь, дов дӀадоладелла йоӀа цуьнан доттагӀ волчу Зелимхе эвхьазачу кепехь дош аьллачул тIаьхьа. Цуьнан верси, конфликт хилла кӀира даьлча, хаъал шорйира Алаудинов Аптис: цо дIахьедира, цхьана йоӀа "къоман бух тӀехь" тӀелеттарш сийсазбинера, "тик-ток эскарш" бохуш. Ткъа дов доладеллера бохура, цо "Слава Украине" аьлла, мохь тоьхначул тӀаьхьа. Цул тӀаьхьа "Ахматан" буьйранчас бехке йира талламан урхалла шайн "официалан декхарш кхочушдарехь озабезаме хьежамаш хиларна": бехктакхаман гӀуллакх, цо дийцарехь, "лакхара динчу омраца" а, "кхетамна дуьхьал" а долийна ду.

  • ТӀелеттачех цхьаъ, Заурбеков Зелимха, "Ахмат" спецназан командиро баркаллин кехат йаздина ву – Алаудиновс дийцарехь, СВО-н жигара волонтер иза волу ши шо а ду (СВО - Оьрсийчоьнан официалан Ӏедалша иштта олу Украинехь бечу тӀамах). "
  • Краснодаран мехкан Северский кӀоштан кхело СИЗО хьажийна Нохчийчуьра вахархо. Краснодаран мехкан Афипский йуьртахь гезгамашин-беттан 8-чу буса хиллачу девнан хьокъехь бехктакхаман гӀуллакхехула карарчу хенахь каравеанарг и цхьаъ ву. Бахьана хилла, меттигерчу бахархоша чIагIдарехь, "тIебаьхкинчийн лелар", цара "массо а Iадош бара, летара уьш". Зорбанан гIирсийн хаамашца, буьйцурш хила тарлуш бу Афипский НПЗ-хь болх беш болу Нохчийчуьра бахархой.
  • Товбеца-баттахь Краснодаран мехкан Кореновск гӀалахь масех иттаннашкахь меттигерчу бахархоша марш дӀайаьхьира, "Русские, вперед", "Слава России" аьлла. Бахьана хилира, акци хIоттайале хьалха курдойн диаспорин векалшца хилла конфликт. Курдашца хиллачу конфликтехь дакъалоцуш бара "Северный человек" а, "Русская община" йукъараллийн декъашхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG