ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Апти Алаудиновн адвокат лаьцна курхалла лелорна бехке а вина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Москварчу Замоскворецкан кӀоштан кхело адвокат Шапиро Денис СИЗО хьажийна, даккхий бозбуунчалаш лелорна бехке а вина. Шапиро "Ахмат" спецназан буьйранчин а, тӀеман министраллан коьртачу тӀеман-политикан урхаллин куьйгалхочун гӀовсан даржехь а волчу Алаудинов Аптин адвокат вара.

Шапиро лацар тӀечӀагӀдина пачхьалкхан ТАСС агенталло, бехктакхаман гIуллакхах лаьцна кIорггера дуьйцуш дац.

Ницкъаллин структурашца уьйраш йу бохучу "ВЧК-ОГПУ" анониман телеграм-канало бинчу хаамца, Шапирос 400 миллион ахча тIедожийна хилла боху, ткъа 110 миллион ахча кара схьаэцна а хилла, бехктакхаман гӀуллакх дӀакъовлуьйтар ду ша аьлла. Иштта чIагIдо, Шапиро, кхечу цӀарца – Золотов – хьалхо 4-зза кхел йина хиларх курхалла лелорна.

Gulagu.net телеграм-канало, хьостана тӀе а ца тевжаш, йаздо, Шапиро Ӏедалан хьукматашна контрразведкана гӀо дарца болх бечу ФСБ-н "М" декъаца гергарло лелош хилла, ахчанаш дахарехь а, бехктакхаман гӀуллакхаш кхуллуш а.

2018-чу шарахь хаам баьржира, Золотов Дионисина (Шапиро Денисан кхин цӀе ю бохуш дуьйцу), 7,5 шо хан тоьхна, 2017-чу шарахь набахтехь вийначу "Роскосмосан" топ-менеджеран Евдокимов Владимиран 80 миллион ахча лечкъорна бехке а вина. Бехкевинарг муха, маца арахецна хууш дац.

И хаам зорбане боккхучу хенахь Алаудинов Аптис комментарий йина йац шен адвокат лацарх лаьцна.

Карладаккхар: ЧК-ОГПУ-н информацица, Шапирона дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх доьзна хила мега Сочин куьйгалхо хиллачу Копайгородский Алексейн гӀуллакхца. И хаам тӀечӀагӀбина бац.

  • Стохка гезгмашан-баттахь ЧВК "Вагнеран" кхоалгIачу декъан хиллачу йолахочо, "Линза" цIе йолчо дIайазбина хаам, дIахьедина Алаудинов Аптис. Оцу хаамехь вевзаш воцчу стаге хьажийна ду къамел, боху къаьмнийн буха тIехь "Ахмат" спецназехь конфликташ лаьтта, хIунда аьлча, цо бахарехь, "боллу оьрсий хьалха туьйсу цара, ткъа шаьш заградотрядаш санна, церан баккъаш тIехьа лаьтта". Оцу тIехула, вагнерхочо чIагIдарехь, эскархошна йукъахь шозза герзаш деттар нисделла. Цул совнах, "Ахматан" лаамхой олучарна лур ду аьлла ахчанаш даланза ши бутт а бу. Йолахочун дийцарца, къаьмнашна йуккъерчу гамонца а, "Ахмато" шена луъург лелорна а, ЧВК-ра шена бевзарш реза ца хилла "Ахмат" йукъа баха. Апти Алаудиновн адвокат Шапиро Дениса Талламан комитете кехат йаздира. Цо дӀахьедира, цу хаамийн авторш "Украинин герзахойн ницкъашна пайдехьа болх беш бу " бохуш.
  • Стохка, зазадохкху-баттахь нохчийн "Ахмат" тобанан буьйранчан Алаудинов Аптин адвоката Шапиро Дениса Оьрсийчоьнан коьртачу прокуроре Петров Валерийга дехна, нохчийн эскархочунна дIовш даларна тIехула гIуллакх лерринчу контроле эца аьлла. Иштта Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александре Iуналле эца аьлла цо и материалаш, бехктакхаман гIуллакх а долош. Цунах лаьцна дийцина адвоката пачхьалкхан ТАСС агенталле

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG