ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Арафат Ясир кхалхаран къайле


Франци -- Зудчун Сухин а, шина гIоьнчан а накъосталлица шен Рамаллахерчу хIусамера Франце шена дарбадайта ваха новкъа волуш ву Палестинан президент Арафат Ясир, Франци, 2004
Франци -- Зудчун Сухин а, шина гIоьнчан а накъосталлица шен Рамаллахерчу хIусамера Франце шена дарбадайта ваха новкъа волуш ву Палестинан президент Арафат Ясир, Франци, 2004

Арафат Ясирх йисинчу Арафат Сухас Францерчу кхеле латкъам хьажийна, шен хIусамда, Палестинин куьйгалхо хилла волу Арафат Ясир валарца доьзна хьелаш талла аьлла. Цунна хетарехь, Арафат Ясир полоний олучу дIаьвшаца вийна ву. Цуьнан тоьшалла лору цо, шен хIусамдена дарба деш хиллачу лоьраша, Арафат Ясир билггал муьлхачу бахьанийца велла шайга къаста делла дац, аьлла дина дахьедар.


2004-чу шарахь Палестинан куьйгалхочун Арафат Ясиран могашалла цIеххьана талха йолаелча, ши шо сов хан яра иза, Израилан Iедалша бина бехкам бахьана долуш, шен хIусамера дIасавала йиш йоцуш, иза чохь сецош волу. Ткъа Арафатан хьал вуно сиха эшадоладелча, дуьненан юкъаралло тIеIаткъамаш бар бахьана долуш, цуьнан гергарчарна Израилан Iедало бакъо елира иза Франце дарба лаха вигийта.

Амма Париже дIакхаьчна бутт балале, Палестинан куьйгалхо кхелхира. Цуьнан хIетахьлерчу лоьраша дийцарехь, Арафатна коьрте цIий хьаьддера, и бахьана долуш, кхин дарба дан аьтто ца карийнера царна.

ХIетахь, Арафат кхелхина дукха хан ялале а, Палестинехь цхьаццаберш тешна бара, иза шен Iожаллах велла вац, вийна ву бохучух. Делахь а, хIинццалц цу хIуман цхьанна а кепара тоьшаллаш дацара. Бакъду, бутт хьалха Швейцарерачу цхьана талламан институтан белхахоша, шайна Арафат Ясир лечу хенахь цунна тIехь хиллачу духаршца полоний цIе йолчу радиожигарчу дIаьвшан лараш карийна, аьлла, дIахьедар даро юха карладаьккхина Палестинан куьйгалхочун кхалхарца доьзна хаттар.

И хаттар айдинарг Ясирах йисина цуьнан хIусамнана Суха Арафаттий, церан йоI Захвай ю. Цара хIинца Францерчу кхеле латкъам хьажийна, Арафат веран хьелаш талла аьлла. Цу латкъамехь Арафатан гергарчу наха чIагIдо, Палестинан куьйгалхо цхьана цавевзаш волчу зуламхочо я зуламхойн тобано вийна ву, бохуш.

„Сан хIусамда шеконечу хьелашкахь велла. Дуккха а бахьанаш ду иза вийнера аьлла шеконехь хила. Тамашийна хIума ду, Франци санна йолчу пачхьалкхехь шайн лоьрийн цIийнахь цхьана кхечу пачхаьлкхан куьйгалхо валаран бахьанаш лоьрашка билгалдахалуш ца хилар“, - элира Арафат Сухас шен журналисташца хиллачу къамелехь. Цо иштта билгалдаьккхира, Ясир Арафатан цIийн анализаш Францерчу лоьраша шаьш диъ шо дIа ма даьллехь, хIаллакйина аьлла хилар а вуно чIогIа цакхетаме, шеконе хIума хилар.

Арафатан доьзалан адвокат волчу Сюр Пьер-Оливьес журналисташка бинчу хаамца, цуьнан гергарчарна мехала ду, шайн да а, хIусамда а билггал хIун бахьаншца велла бохург къастор. Цкъачунна цара цхьа а пачхьалкх я цхьа а билггал нах а бехке беш бац Арафат верна. Амма иза шен Iожаллица велла а воцуш, вийна хиларх шеко яц церан.

Ясир Арафат Францехь лоьрийн цIийнахь кхелхина велахь а, амма карарчу хенахь меттигера кхел къастош ю, цунна дуьхьал дина хилла зулам, - дIовш даор, -кхечу пачхьалкхахь дIадаьхьана хиларна, Францера Iедал дуй техьа, и зулам талларна жоьпаллехь дерг боху хаттар.

Дукха хан йоццуш Францин президентца Олланд Франсуаца шен хиллачу цхьанакхетарехь Палестинан куьйгалочо Iаббаз Махьмуда дехар дира цуьнга, Арафат Ясир вер я валар талла, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн юкъараллин Кхерамазаллин Кхеташонан тховкIелахь дуьненаюкъара йозуш йоцу талламан тоба кхуллуш ю гIо дан.

Палестинан Iедало маршо елла, Ясир Арафатан каш схьадаста а, цуьнан дакъаца оьшуш болу талламаш дIабахьа а.
XS
SM
MD
LG