ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Арахьара агент" лерина масех де даьлча стаг верна бехкевина Дагестанан цIарах думехь хилла депутат


Гаджиев Магомед
Гаджиев Магомед

Дагестанан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь хилла депутат Гаджиев Магомед бехкевина ХIинжа-ГIалара теологин а, дуьненан йукъаметтигийн а Институтан ректор Садиков Максуд вейтина аьлла, хаамбина "Коммерсанто". 2011-чу шарахь дина зулам итт шо даьллачул тIаьхьа йухаталла долийна- экс-депутат Гаджиев бехкевина оцу гIуллакхна "арахьара агент" иза лерина масех кIира даьллачул тIаьхьа.

2011-чу шеран мангал-беттан 7-чохь вийра Садиков шен цIенна уллохь – цуьнца цхьаьна вийнера цуьнан 23 шо долу йишин кIант Мусаев Залимхан, хадархо а, иза дIасалелориг а хиллера иза. Охьакхетта лазийнера иштта 50 шо долу "Ислам.ру" сайтан шеф-редактор Сайфутдинов Марат, шен хIусамненаца цхьаьна Садиковс шайга кхайкхина хиллера иза. Зуда ца лазийнера.

Республикера Таламан комитетан урхаллин къаьстина чолхе гIуллакхаш толлу кхоалгIа декъо луьстуш дара и зулам. Ницкъахошна къаьстинера, тIелеттарг шиъ хиллий, говзаллица уьш лелла хиллий а –оцу гIуллакхехь кхин йаьккхина йист йацара. Итт шо даьлча йухаталла долийра гIуллакх, 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь, - карарчу хенахь кхел йу йеш зулам динчех ву аьлла кхайкхийначу хадархочун Магомедов Рамазанна тIехь, бехкаш тIе ца дуьту цо. Цуьнца йукъахь лелла бохург мила ву хаа аьтто ца хилла ницкъахойн.

2023-чу шеран мангал-баттахь бехкевира экс-депутат Гаджиев стаг вер вовшахтохарна- талламчийн хаамашца, бахьана хилла цуьнан вийначуьнца "хьогIе хилар". Цул а масех кIира хьалха, стигалкъекъа-баттахь "арахьарчу агентийн" тептаре вазвира депутат.

Шеконашкахь нисвелла ишта депутатан ваша Гаджиев Ахьмад а, ХIинжа-ГIалара портан хилла директор. 2017-чу шарахь пачхьалкхера дIавахара иза.

2024-чу шеран чиллан-баттахь Гаджиев Магомед лехамашка велира, лаца а кхайкхош. Мича бахьанаца, карточки тIехь билгалдаьккхина дацара, амма хьалхо юстицин министралло дIахьедира, экс-депутато "арахьарчу хьасташца йукъахь болх бан кийча хилар, ша Украинехьа хилар а дIахаийтинера" аьлла. И дан реза хиллера боху кхечу пачхьалкхан паспорт эцархьама. Муьлхачу пачхьалкхан – официалехь хууш дац.

  • 2023-чу шеран зазадокху-баттахь Румынин Romania Breaking News (RBN) хьасто арахецначу талламехь чIагIдора, Гаджиевна а, цуьнан хIусамнанна а "дашо виза" кхаьчна Дубайхь, церан Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкара Майамихь цIа а ду, францхойн йа италхойн паспорт даккха хьийзаш бу уьш аьлла.
  • Стохка стигалкъекъа-баттахь дагестанхойн "Единая Россия" парти йукъара а дIаваьккхира Гаджиев Магомед.
  • Йасакх оьцучу хьукматан инарла-майор ву Гаджиев Магомед, 2003-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Оьрсийчоьнан парламентехь вара иза. Стохка элира цо, Украинана дуьхьал болийначу тIамана реза ву ша. Масала, мангал-баттахь хаамбора, Гаджиевс Донбассан оккупаци йинчу дозанаш тIе "гуманитаран гIо" хьажийна бохуш. #Zанаших, #сVоихнебросаем логотипашца кечйина, Гаджиевн сурт тIетоьхна кечйина йара машенаш. "ДНР" олучу республикин куьйгалхочо Пушилин Дениса баркалла кхайкхийра депутатана.
  • 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Украинера Лакхарчу радин депутаташа кхайкхамбира США-н Госдепон санкцийн координацехула йолчу офисан куьйгалхочуьнга О'Брайен Джиме – цара хьийхира Гаджиевна дуьхьал санкцеш йаха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG