ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Арахьара мостагӀий лехар": "террорхойн" тептаршкара Къилбаседа Кавказера схьабевлларш а, Украинин бахархой а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

2024-чу шарахь Оьрсийчохь рекорде хир долуш ду Росфинмониторинго лелон "террорхойн а, экстремистийн а" тептар. ХӀинца дукха хьолахь цу йукъа бохуьйту Украинан бахархой, ткъа Къилбаседа Кавказера нах, мелхо а, лахлуш бу. Кавказ.Реалиин редакцино къамел дира говзанчаша, и "террорхо" боху кхетам муха хьийзош бу а, иза "арахьара мостагӀий" лоьхучу политикаца муха доьзна ду а бохучух лаьцна.

"Террорхойн а, экстремистийн а" тептар латтош ду Росфинмониторинган сайта тӀехь, "зуламашца тIедогIу ахча лечкъорна а, терроризмна ахча латторна а" дуьхьало йан Iалашонца. Цу тептарна юкъавахначу стеган банкан чоьташ дӀакъовлуш йу: бакъо ло цунна шена а, шен доьзалан декъашхочунна а баттахь 10 эзар гергга ахча чоьтера схьаэца.

ХIоранна а дуьйцуш лелар ма вац хьо, комментарийна лайк йина аьлла таIзар дина бохуш

Оцу тептаран чулацам кхин а абсурде хуьлуш бу: товбеца-бутт болалуш "Холод" сайто хьесап дира, цу тептарехь хӀинцале а 79 кхиазхо ву, царех хӀора ворхӀалгӀа Къилбаседа а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара схьаваьлла ву аьлла. Тептарехь ву хӀинца а 18 шо кхаьчна воцу 11 кхиазхо. Къилбаседан регионашкара уггаре а жимачу "террорхочу" 15 шо ду, иза вехаш ву Краснодаран кӀоштахь. Иштта цу тептарехь ду Дагестанера а, ГӀебартойн-Балкхаройчуьра а, Ставрополан махкара а, Кхарачой-Чергазийчуьра а, Волгоград-махкера а, Ростовера а "экстремисташ" бераш.

"Террорхойн" тептаршкахь кхиазхой боцуш а, тоъал пенсхой а бу: Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан Къилбаседанера а 65 шо кхаьчна лаххара а 70 стаг, царех воккхачун, Дагестанера вахархочун, 86 шо кхаьчна ду.

2024-гӀа шо рекордан шо дара оцу тептарна юкъабаьхначу нехан терахьца. Охан-баттахь "Новая газета Европа" гIирсо таллам зорбане баьккхира "террорхойн а, экстремистийн а" терахь дикка алсамдаларх лаьцна: шеран хьалхарчу беа баттахь 669 стаг. Цул сов, церан "портрет" мелла а хийцаделла: Украинера "экстремистийн" терахь алсамдолуш ду, ткъа Къилбаседа Кавказерчу республикашкара нехан терахь лахлуш ду.

"Нагахь санна Дагестанера меттигера бахархойн терахь – реестрехь уггаре а йоккха тоба йу и – 2021-чу шарахь дуьйна 1,5-зза лахделлехь, тӀаккха Украинера меттигера бахархойн терахь 2,6-зза алсамдаьлла", - яздо "Новая" газетан талламхоша.

Иштта билгалдоккху, 2024-чу шарахь Росфинмониторинган тептаре баьхначу нехан терахь кхин дӀа а алсамдолуш хилар. "Российская газета" гIирсан публикацеш нийса йелахь, шо доладелчхьана 1,5 эзар сов стаг ву тептарш тӀехь.

Низамца ду а бохуш репрессеш йар

Терроризмна йа цуьнца уьйр хиларна жоьпалла тӀедожош йолу низаман бакъонех (бакъдар, ахча латтор редакцин билгалдаккхар) вуно шуьйра а, шен лаамехь а пайдаоьцу пачхьалкхо, комментари йира "Мемориал" центран юристо Немова Марияс.

Iедална критика йийраш йа тӀамехь Украинана гӀортор йеш берш жоьпе озоран хьокъехь низам

Цуьнан хьесапашца, низаман текст йуьхьанца дуьйна йазйина йу тайп-тайпанчу кепара тида а, и лело а йиш йолуш: "Оцу муьрехь Ӏедало сацам бира цунах пайда а оьцуш, 2018-чу шарахь Ӏедална критика йеш йа Украинана гӀортор йеш берш жоьпе озо. "Террорхойн" артиклашца бехктакхаман гӀуллакх дӀадахьар бехкевинчу стагана кхин а тӀаьхьалонаш йохьуш ду. Къаьсттина, иза бохург ду йукъараллин тептарехь хилар, чоьташ дӀакъовлар, низамхоша леррина тидам тӀебахийтар. Цул совнах, йукъаралла вуно негативе хьоьжу террорхошка".

Терроризмна бехкеваран йоккха маргинализацин эффект йу, тӀетуьйхира Немовас: "Хьо массо а кхетон гIертар йац, хӀара таIзар, масала, ФСБ-н неӀарх цӀетасарх йинчу комментарийна лайк хIотторна дина ду, террорхойн "Исламан пачхьалкх" тонаехь дакъалацарна дац бохуш. Оцу гӀуллакхо халонаш йохьу социализацихь а, балха ваха меттиг лохучу хенахь а, доттагIий лехарехь а".

Диктатурано адамаш "террорхой" хилар къобалдаран темп алсамйоккхуш ю, хӀунда аьлча, иза шен бахархошна "мостагӀийн мухIар" идеологи йохка гӀерташ йу, бохура адвоката Захватов Дмитрийс: "Вайна гонаха беккъа мостагӀий бен бац: арахьара, чоьхьара. Ӏедална пайден ду террорхой ала йиш йолу нах алссам хилар. Бахархошка дӀахаийта мегар ду, церан дерриг а вон хилар маьрша кхелаш ца хиларна а доцуш, вай долчахь баккъалла а нийсо лело полици цахиларна ду. Беккъа террорхой бу-кх гонаха. Цундела бу цу тептаршкахь кхиазхой а, хӀусамнаной а, пенсхой а".

Цунна хетарехь, Ӏедалхоша ларамаза хьийзош бу "террорхо" боху кхетам, амма диктатура дӀахӀоттийна йу, шен бахархошна "кхерамазалла" йохка гӀерташ.

Шен логикаца болх беш ю ницкъаллин аппарат, ткъа и "ролик" сацо хала ду, аьлла хета политологна Айсин Русланна.

"ХӀинца кхерамазаллин аппаратан, коьртачу декъана аьлча, Оьрсийчоьно урхалла деш хиларна, иза шен ницкъаш чӀагӀбан гӀерта, адамашна тIехь террор латтон керла барамаш а, уьш Iадон механизмаш а лоьхуш“, - боху политолого. Цо бахарехь, Ӏедало кхуллуш йу "политикан -кастийн система", цу чохь билггал болу нах дӀакъаьстина хилийта гӀерташ.

"Террорхой" болчуьра дӀабаьхнарш

Амма иттаннашкахь нах а бу цу тептарна йукъара бохуш. Масала, товбеца-баттахь Нохчийчуьра схьаваьллачу Сулиманов Адамах хаамаш дӀабаьхна цу тептарера: 2008-чу шарахь тӀемалошна гӀо деш хилла аьлла, бархI шо хан туьйхира цунна. Иза тептарера ваккхаран бахьана хууш дац.

Дукха хьолахь оцу тептар тӀера дӀабаьхначарна цунах лаьтцна хууш хуьлу керланашкара. Цу кепара, 2023-гӀа шо чекхдолуш Францехь йехачу бакъонашларъярхочо, Нохчийчуьра политикан тутмакх хиллачу Муртазалиева Зараа дийцира Кавказ.Реалиин редакцига, шен Фейсбукан агоIне йазвеллачуьнгара хиира шена, ша тептарера дIайайъарх аьлла.

Ӏедалан хьукматашка кхайкхам бар дуьхьалонан цхьа кеп йу

"ХӀинца сан бакъо йу ахча дехьадаккха а. Суна сайна а интересе ду, даккхалур дарий хьажа, амма цкъачунна цаторийла йац. Оьрсийчоьнца цхьана а тайпа финансийн зӀенаш йац сан, амма хӀинца сан аьтто бу, масала, сайн нанна совгӀат дан", - элира Муртазалиевас.

Террорхойн а, экстремистийн а тептарера дӀавоккху, цига кхачаран бахьане хьаьжжина бохуш, дуьйцу "Мемориал" центран юристо Немова Марияс. Дукха хьолахь, цу тептарера дӀаваккхар хуьлу "терроран" артиклаш цунна тIера дIайохий, йа тоьхна хан йаьккхинчул тIаьхьа.

"МаьӀне ду, ша террорхойн а, экстремистийн а тептаре ваккхарна реза цахилар къовсар. Ӏедалан хьукматашка латкъам бар – иза протестан кепех цхьаъ йу, нагахь санна, кхайкхамехь билгалдаьккхина дехар кхочуш ца деш дисахь а. Амма собарца мах хадо беза Iалашонийн, перспективан, латкъамбар пайдехиларан а" - дерзадо къамелхочо.

  • ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а 20 сов стаг а вуьйш, синагогашна а, килсашна а динчу тӀелатаро юха а хеттарш кхуллу къайлах лелочу экстремизмаца къийсам латтор пайде хиларх. Оьрсийчохь "терроризмаца къийсам латторах" Ӏедал шайн карахь сецоран гӀирс хилла муха дӀахӀоьттина а, ницкъаллин структурийн кепаша ницкъбар кхин тIе а марса стенна доккху а дийцира бакъонашларъяран "Мемориал" юкъараллин кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Александра дийцира "Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу интервьюхь.
  • Оьрисйчохь бихкина бан а боцу "Дуьненайукъара ЛГБТ болам", экстремистийн а, террорхойн а тептаре йазбина болам. Оьрсийчоьнан Iедалхошна хетарехь, "боламо" хьалхатоьтту адамашлахь а, конфессешлахь а гамо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG