Эрмалойн махкахь 40 эзар езид Iаш ву. Уьш курдойн орамаш болуш нах бу, амма церан дин керста а, зороастран а, бусулба тIарикъатийн а элементаш юкъалоцуш ду. Шен дукхаллица 2-гIа къам ду и Эрмалойчохь, эрмалой 98 процент а болуш. Езидашна дукха тIеIаткъам бина исторехь, амма хIетте а шайн дин а, култура а Iалашъян хиина царна.