ГIадужу-бутт бовш "Ахмат" СОБР-н эскархошца хиллачу цхьанакхетарехь Кадыров Рамзана хьахийра, махкахь кхин дIа а мобилизаци хила тарло аьлла. Цул хьалха "сатанизмана а, керстана-бусулабшна а" (иштта кхетадо Оьрсийчоь Украине гIортарх Оьрсийчоьнан а, сорьлжа-ГIалин а пропагандо. – Редакцин билгалдаккхар.) юкъарчу тIаме кхин а 300-400 стаг хьажон веза элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо, и ду меттигера доьалгIа дакъа, хаамбира Кавказ.Реалиин сайто.
Гезгамашин-беттан 22-чохь, Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхийначу шолгIачу дийнахь, Кадыровс дIакхайкхийра, республикехь мобилизаци хир яц аьлла. Цо бахарехь, "254 процентана план тIех кхочушйина" Нохчийчоьно. Бакъду, масех де даьлча Вахидов Iилмана, Кадыровн пресс-секретаро керстдира хьаькаман дешнаш, Нохчийчохь мобилизаци юхаяккхарх хаамаш "Оьрсийчоьнан зорбанаша а, вайн республикерчу гIирсаша а баржийна бацара, оппозицин дог-ойла йолчу ресурсаша а, телеграм-каналаша а баржийнера" аьлла. Кадыровс "254 процентех" олуш сюжет ЧГТРК-н каналехь гайтина йоллушехь.
ГIадужу-беттан 28-чохь тIеман министро Шойгу Сергейс дIахаийтира, мобилизацин барамаш бирзина аьлла. Оцу кепара президентан омра дац. Оцу юкъанна Нохчийчохь кхоьру, Украинана дуьхьал болчу тIаме юха а хьийсорна.
Мобилизацин тIаьхьалонех а, мобилизаци хьакхаеллачу нанойн кхерарх а, боьхна хьийзарх а дийцира Кавказ.Реалиига Нохчийчуьра зударша.
"Ас тIамна вина вацара кIант..."
Iайшат, Веденан кIошт, 65 шо, хIусамнана
— Кхо кIант вара сан. Воккхахаверг машенахь бохам хилла велира 12 шо хьалха, юккъераниг Карагандан кIошта (Казахстанехь ю иза.-Редакцин билгалдаккхар.) болхбан ваханера, цигахь цхьана наркоманаша вийра иза, суьйранна шен доттагI волчуьра цIа вогIуш. Зуда а, виъ кIант а висина цуьнан. Жимахволу кIант соьца цхьаьна Iаш вара, ши шо хьалха зуда ялийра оха цунна а, йоI а ю церан кхуьуш.
Гезгамашин-беттан 26-чохь тхан кхузара полисхо веара тхоьга, кIанте тIекхойкхуш, кехат а дохьуш. Со Iадийнера, хIунда аьлча, цкъа делахь, Кадыровс "юхаяьккхинера" мобилизаци, суна сайна ма хезна цо иштта олуш. ШолгIа, доьзалехь цхьаъ бен воцу кIант вуьгур вац аьлла, дуьйцуш ма дара. Оцу кехатца ("повестка". – Редакцин билгалдаккхар.) Iуьйранна военкомате яхара со, сайн хьолах уьш кхетийра ас. Тхан лулахо ву цигахь болх беш, цунна тIе нисъеллера со, ша цхьа йист йоккхур ю хьуна аьлла, тIелецира. Цаьргахь и кехат дитира ас, элира: со дIайига шайна ма-ттов, амма кIант ас царна лур вац.
Сан йишин маьрйишас дийцира, шаьш дехачу Iалхан-Юьртахь цхьаъ бен воцу ненан кIант тIекхайкхинера аьлла, кхо бер ду боху цуьнан, хIетте а кху деношкахь Украине хьажош ву иза. Ас кхин хан ца йойуш – Туркойчу билет ийцира кIантана.
Дахначу кIиранах тхан лулахой болчу баьхкинера военкоматера кехаташ дахьаш, церан доьзалехь кхоъ ву [божарий] тIекхайкха хан йолуш. Денна йоьлхуш ю сан лулахо, уьш бахьа меттиг боцуш. Нохчийчуьра араволуьйтуш вац, махкара дIа мел воьдучунна тIехь латтош терго ю, дIабахначийн гергарчаьрга шайн бераш цIа даладе аьлла, ца хуьлчу далахь, Iедалца сингаттам бер бу бохуш.
Тхоьга кхин цул тIаьхьа баьхкина бац, багIахь ас эр ду, кIант тIамна вина вац ас, сайна вина, къена къанъеллачу хенахь суо лелон а, суо дIайоллийта а. Соьлжа-ГIалахь митинг кхайкхийначу дийнахь, со а, сан кхо лулахо а ма яра оцу митинге йоьдуш, юьртара арадовллучу хенахь юхадерзийра тхо, полисхой бара цйу дийнахь чувогIург а, араволург а зуьйш.
Нохчийчохь кхозлагIа тIом баьлча санна сурт хIуьтту суна, массо а сингаттамехь ву – къена а, къона а. Цхьа тамашен тийналла лаьтта тхан эвлахь, догӀана хьалхара мохтиле йолуш санна хIара.
"ХIора буса дIавуллу ас иза…"
Лариса 54 шо, Соьлжа-ГIала, медйиша
— Сан сайн бераш дац, сайн вешин кIентан Iуналла деш ю со, иза сайн цIартIе а ваьккхина. Сан цхьаъ бен воцу ваша кхелхина, шен белхан декхарш кхочушдечу заманчохь Соьлжа-ГIалахь 2010-чу шарахь. Цуьнан хIусамнана дукха жима яра, маре а яхана, дIанисъяла лууш яра иза, йисина ши шо даьллачу хенахь, кIант соьца а витина, дIаяхара иза. Марехь доьзалхо ца хилла, хIусам йоьхна, цIахь яра со.
Вешин кIант сайн волуш санна кхиира ас, соьх мама а олу цо. Школа яьккхинчул тIаьхьа Нохчийн Пачхьалкхан университете деша вахара иза, шолгIачу курсехь волуш шарахь шозза сесси яла а воьдуш, деша волавелира, тIаккха сайна вевзачу пациентехула Нохчийчуьра цхьахйолчу тIеман структурин декъа балха тесира.
Украинехь леррина операци йолийча, ас къамел дира сайн кIентан батальонан командирца, кхетийра сайгарчу хьолах: вешин кIант буобер хилар, цуьнан да эскархочун гIуллакх кхочушдеш валар а.
Гезгамашин-беттан 23-чу буса эскархойн чате хаам кхечира, ши де даьлча уьш Украине буьгуш бу, шайца оьшург схьаэца аьлла. Дикка хьаьдда лийлира со кеп-кепарчу инстанцешкахула, цхьанна а со хезаш яцара, сан кIентан командире телефон йеттарх- дIа а ца кхечира. Эххар а Украине дIавигира иза.
Хьераяллал холчахь ю со, оццул ехачу ханна тхо цкъа а къаьстина дацара, иза жима бер ду хIинца а, хIун тIемало хир ву цунах, дагадогIу суна, моза а ца белора цуьнга…Сан дахар ирчадаьлла. Далла бу хастам, цкъачунна телефонехула зIе ю тхан, делахь а, чIогIа кхоьру со цунах. Вон гIенаш го суна хIора буса, хIора буса из дIавуллу ас.
"Тахана санна ирча хьал цкъа а хуьлийла дац"
ПетIимат, 62 шо, пенсхо, Сиржа-Эвла
— Сайн гIорасизна дуьне мел ду мохь бетта лаьа суна – хьанна хезна а, суо хезар ю, цхьангара орца а кхочур дар-кх аьлла. Сан жимахволу кIант заьIапхойн гIудалкх чохь дIасалелош ву, воккхахаверг армехь хилла ву, зуда а, ши бер а ду цуьнан, тIекхойкхуш кехат деана цуьнга кIира хьалха. Цкъачунна "резервехь латтош ву", ши кIира даьлча тIамтIе хьажон куц ду.
Дуккха а хан яра болх боцуш кIант чохь висина, ах шо хьалха пицца дIасакхоьхьучу балха тасавеллера иза. Сан пенси тIехь а, несо доккхучу ахчанца а хене дуьйлура тхо – бедарш тоьгуш, тойеш ю иза. Шозза дагна операци йина суна, стенташ хIиттийна, мичча хенахь а саца йиш йолуш ду сан дог. Суна хIун оьшура хIара сингаттамаш? Сан кIант гIерта сан са тедан, "хIуммаъ хир дац, кхинберш а санна, вахана вогIур ву со а", амма ненан дог ца Iа, цо вониг хьоьху…
Мел дукха бехира ас кIанте: "Даккхийтахьа арахьара паспорт, юург ца йоьху, эцца дIа Iуьллур дара, ла ца дуьйгIи. И доцуш стенга гIур ву? Телевизор чохь денна Кадыровс а, кхечу мажош йолчу Iеламнаха а дуьйцу, "гIазот ду хIара", "доккха ирс ду Украинерчу тIамехь кхалхар" бохуш. Шайн бераш дуьгуш, шаьш гIой, ле тIаккха цигахь. Йа АллахI, тахана хIоьттина ирча хьал кхин цкъа а хуьлийла дац!
***
- Хьалхо оппозицин 1АДАТ боламан телеграм-канало хаамбора, Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа Нохчийчохь массо а паспорташ дахийта кехаташ чулуш бу аьлла. Жигархойн хаамашца, къайлах лелачу Кадыровн омрана тIе а туьйжуш, дуккаъчарна дуьхьало йинера документаш чуэца, паспорташ даха кехаташ чуделла дукхахболу божарий лечкъийна хиллера.
- Дечкен а, марсхьокху а беттанашкахь Нохчийчуьра 948 вахархо дIавахара пачхьалкхера, стохкалерачу терахьца дуьстича, кхозза сов ду и. Иштта махкахь чоьхьара миграци а цхьаьна кхиъна – Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан кхечу регионашка дIаоьхурш алсамох бу юхаоьхучул а.
- Гезгамашин-беттан 21-чохь масех иттанашкахь зударий гIоьртира мобилизацина дуьхьал протест ян Соьлжа-ГIалахь, уьш берриш а лийцира. ОьгIазвахийтира цара Кадыров. Цул тIаьхьа нохчийн бакъонашларъярхочо, оппозиционеро Янгулбаев ИбрахIима дIахьедира, шегарчу хаамашца, митингехь лецначу кхечу нохчийн зударийн кIентий, хIусамдай, кхинболу гергара нах а "лаамхой" санна, тIамтIе хьийсийна аьлла.
- ГIадужу-беттан 21-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахаийтира махкара Украине рогIера "лаамхойн"парти хьажорах. Оцу юкъанна, кхул а цхьа де хьалха къаьстира, Кадыровн берхIийтта шаре бовлаза кIентий оккупаци йинчу украинхойн дозанашкара юхабаьхкина, цигахь масех де а даьккхина, бохуш.