Европера нохчийн дахар цара шаьш цIерабовлучу хенахь са ма -тийсара атта а, аьхна а доцийла гойту тхан Малхбузерачу Европера корреспондента Азимова Сийлахас кечйинчу рогIерачу материало. Цхьацца бахьанашца Iедало бераш дIа а даьхна, меттигерачу доьзалшка дIасадекъначу вайнехан доьзалех лаьцна ю иза. Хала хеташ делахь а, хенаца алсам долуш ду иштта дIадаьхначу вайнехан берийн терахь.
Венерчу ткъолгIачу кIоштанахь ю „ХIинца – массарна а хиндерг Iалашдар“ цIе йолу цхьаьнакхетаралла. Мигранташца, къаьстина бусулба дин лелочаьрца, болх беш ю иза. Цу кхерчан хIусмехь гулбеллачу зударшна юккъехь ю цхьа къона нохчи зуда а. Бусулба Iедалехь дIахьулъелла ю иза, хаза унахцIена сибат а долуш, товш адам ду.
Цуьнца Iоттаделларг шена хууш ца хилча, цхьанна а дага а догIур дац и къона зуда кху тIаьхьарчу масех баттахь боккха бала бадийна лелаш ю аьлла. Цуьнгара меттигерачу берийн гIуллакхий хьукмато, - цунах немцойн маттахь Югендамт олу, - диъ бер дIадаьккхина, доьзалехь царна етта аьлла йолчу шеконца.
Тайп-тайпанчу австрихойн доьзалшка дIасадеккъна, дIатардина ду цуьнан и кхиаза долу бераш, цхьаъ царех ур-аттала иштта дай-наношкара Iедало схьадаьхначу берашна лерина йолчу юкъараIойлахь Iаш ду. ХIинца и шен доьзал юха цIаберзон гIерташ къахоьгуш ю и зуда.
Иза цхьаъ хилла а ца Iа. Еккъа цхьана Венехь иттанашкахь бу и тайпа доьзалш, Iедало бераш дIа а даьхна, меттигерачу бахархойн доьзалшка дIабелла болу. Ткъа цу берийн терахь, хIора доьзалера уьш кхоккха, деъ-деа дIадохуш хиларна, бIе тIех хила там бу, нийсадолу терахьаш цхьанна а хууш дацахь а.
„ХIинца – массарна а хиндерг Iалашдан“ цхьаьнакхетаралла Венехь цу кепара - бух болчу я боцучу бахьанашца, - доьзалшкара дIадаьхна бераш юхадерзорехь къахоьгуш ю. Цуьнан куьйгалхо Кандил Силвияс дийцарехь, къаьстина бусулбачу доьзалшкара Iедало схьадохуш долу берашна а, церан дай-наношна вуно боккха ницкъ а, бала а хуьлу, и тайпа хIума шайна тIеIоттаделча, хIунда аьлча и бераш кхаьчна болу керла доьзалш, массо а аьлча санна, кериста хуьлу, ткъа берашна хенаца шайн дин а, мотт а, Iадаташ а дицло.
Ша и болх бан йолаялар ларамаза иштта цхьана туркойн доьзалца хиларг шена хазар дара бохуш дуьйцу цуо. Цу доьзалера дIа а даьккхина, австрихойн доьзале дIаделла долу цхьа диъ шо кхаьчна бер шен ден-ненаца цхьаьнакхета далийча, цуьнан кочахь кхозуш кериста жIар гучудаьллера царна. ТIаккха и бахьана долуш цигахь даьлла дов бахаьана долуш и бер кхин шен дена-нанна ца гойтуш хIинца кхо шо а даьлла бохуш дуьйцу цуо.
Кандил Силвия: „Даханчу шарахь цхьа хьал девзинера тхуна. Бусулбачу туркойн доьзалера дIадаьккхина долу цхьа бер кериста доьзалехь дара. ТIаккха цу беран дена-нанна цуьнан кочахь кериста жIар гучудаьллера, царна иза чIогIа новкъа деанера. ХIетахь дуьйна бераш дIадаьхначу бусулба доьзалшца болх беш ду тхо. Цу доьзалехь, масала, тхан каделира доккхах долу кхо бер цIадерзон, ткъа жимох долу кхоъ кеста цIадерза мегаш а ду. ХIетахь дуьйна иштта долу масалаш дукха кхаьчна тхоьга“
Венехь бехачу нохчийн доьзалшкара бераш дIадахар тIаьхь-тIаьхьа алсам долуш хиларна, меттигерачу вайнахалахь шуьйра дийцаре деш ду и хIума. Дуккха а эладиттанаш а, шеконаш а, ур-аталла къайлахчу сервисаша а, мафино нохчашна дуьхьал къайлах лелочу питанех лаьцна дийцарш а ду цу юккъехь. Даханчу шарахь цкъа-шозза Венехь митинг а йира вайнаха цу хIуманна дуьхьало еш. Доккхачу декъехь вуно йишйохар а, гIелонехь шаьш хетар а ду меттигерачу вайнахалахь и хIума бахьана долуш даьржина.
Кандил Силвияс, боккъал а нохчийн доьзалшкара бераш алсамох доху бохург бакъ дуй аьлла Маршо радионо шега хаьттича, шегахь а, я цхьангехь а бакъйолу статистика яц, амма тIаьхьарчу хенахь нохчийн бераш массарна а багадахана хилар а, нохчийн доьзалшна тIехь алсамох терго Iедало еш хилар а бакъ ду, элира.
Кандил Силвия: „Шена тидам тIебохуьйтуш дерг ду, дукхахьолехь я гIийла бохкучу австрихойн доьзалшкара, я мигрантийн доьзалшкара бераш дIадохуш хилар. Меттигерачу лоьрийн, я хьехархойн, я кхечу цу кепарчу тIегIанашкарчу нехан бераш дIадохуш меттигаш суна ца гина. Нохчех дерг аьлча, цхьаъ ду тидам тIе бохуьйтуш - нохчий вуно хазаъ, европахойх тера а бусулба къам ду. Меттигерачу бераш тIеэца кийча болу доьзалш бусулба бераш башха ца оьцу, уьш тIеэцна дуйла нахана гушхиларна.
Ткъа нохчийн доьзалшкара бераш, уьш бусулба делахь а, схьаэца резахуьлу меттигера австрихой, хIунда аьлча и бер шайн долуш санна кеп ян йиш хир ю церан. И цхьа бахьана хила там бу. Кхин цхьа проблема а ю: Венерчу ишколашкахь нохчийн бераш вуно багадахана ду хьехархошна, цара де аьлларг ца до, церан дисциплина яц, бохуш. ТIаккха цу хьехархоша Югендамте аьрзнаш яздо. Иштта гIарадевлла долу бераш тIаккха дIадохуш нисло. Ас бинчу тидамашца ала йиш ю, Венерчу нохчийн доьзалшна тIехь Iедало беш кIирбелла тидам бу, аьлла“.
Дукхахьолехь и бераш дIадахаран бахьана царна доьзалехь ницкъ бина хилар я йиттина хилар хуьлу, Кандил Силвияс дийцарехь. Цхьа а бахьана доцуш Югендамто бераш дIадаьхна бохург шена шеконе хета, бохуш дуьйцу цуо, хIунда аьлча, ма-дарра дийцича, цу хьукматера белхахой берана дикох йолу агIо лохуш хуьлу. Цара беш болчу балхехь наг-нагахь кхачамбацарш а, харцахьа кхел яр а, дукха сов -тIеха чIагIалла а хилахь а.
Шена зеделлачу бераш дIадахарехь царна доьзалехь тоьхна я уьш Iалашдар ледарчу хьолехь хуьлуш карийна шена, бохуш, дуьйцу цуо. Амма и бохург дац, боху адамийн бакъонаш ларйархочуо, и бераш катоьхна цу доьзалера дIа а даьхна, хийрачу нахе дIадала деза бохург.
Дукха хьолехь „берашна йиттина“ бохуш долу инзаре дош, дIа ла доьгIча, цхьа тIара тохар санна гучудолуш хилар тидаме эцча-м муххале а. Цул совнаха, шайн австрихойн доьзалшкахь, 70 процент берашна шайн дай-наноша тухуш хилар официала тIечIагIдина хилар тидаме эцча – хIетте а.
Маршо радионца къамел динчу шегара бераш дIадаьхначу цхьаьна Зарема цIе йолчу нохчийн зудчуо дацаре до, шегара дIадаьхначу берашна ша йиттинера бохург.
Зарема: „КIантана берийн бешахь мерах цIий деанера сан. Сан кхин а чохь ши бер а дара жима, со суо а, доьзалхочух а йолуш, кесталгIа лоьрийн цIийна яха езаш яра. Ткъа хIусамда цIахь вацара сан.
Цундела ас чехкачу орцан машен схьа а кхайкхина, и кIант лоьрийн цIийна вигитира. Цигахь лоьро хаьттина хиллера, кхуьнан нана мичахь ю аьлла, ткъа иза дIавигинчу чехкачу орцан машен тIерачу белхахоша цуьнга аьллера, нана схьа ца еъна, аьлла. Сан чохь долу важа бераш шаьш дита йиш йоцун дела, со ца йогIуш йисина хилар ца хьахийнера.
ТIаккха цу лоьро ас кIантана коьртах йитина хиларна оьхуш ду цунна цIий, аьлла, сацам а бина, Iедал даийтинера суна. Чу а лилхина, озийна карара II бутт кхаьчна кIант а, ши шо къаьчна йоI а дIадаьккхира соьгара. Юха цул тIаьхьа больницехь операци а йина, дуьненчу ваьлла волу жимох волу сан кIант а, соьга шина кIирнахь больницехь лела бен ца войтуш, дIа а ваьккхина, цIа хьажийра со“.
Карарчу хенахь Заремин воккхах волу доьзалхо хала а, атта а цIаверзийна, амма кхаа тайп-тайпанчу доьзалшкахь дIасакхийсина ду цуьнан кхин а кхоъ бер. Хийрачу нахаца кхууьш долчу шен берашна нохчийн мотт а, Iадаташ а дицделла ца Iаш, ур-аттала ша шайн нана хилар а дицлуш лаьтта, бохуш, дуьйцу къоначу зудчо. Къаьстина ялх шо кхаьчна йолу шен йоI шена дуьхьал йолуш лаьтта, боху цуо.
Заремехь санна долу хьал кхин а дукхаъчу нохчийн доьзалшкахь ду. Цхьа а бахьана а доцуш, бераш Iедало дIадоху бохург мелла а тIедетташ дуьйцуш хила там белахь а, амма шен дех-ненах а даьккхина, хийрачу доьзале дIаделлачу берана бен а дац, шена хилларг муьлхачу бахьанийца я хьенан гIалатаца хилла ду бохург.
Цунна хьалха ши некъ бу: иза я ша юха шен доьзале цIадерзаллца сингаттамехь а, баланехь хуьлу. Я цхьа хан-зама яьлча, шен бакъдолу да-нана а, шен мотт а, дин а, Iадаташ а диц а лой, керлачу доьзалех а дIа а оьй, цигахь даха а, кхиа дуьсу. Цу шина некъах цхьа а бац гIоленарг.