ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрера нохчийн ши жима стаг ведда Шема


Австри -- Линц гIалахь кхеле вуьгуш ву Шемарчу ДАIИШ тобанца уьйраш хилла аьлла шеко йолуш лаьцна жима стаг, Товбецан-бутт 27, 2016
Австри -- Линц гIалахь кхеле вуьгуш ву Шемарчу ДАIИШ тобанца уьйраш хилла аьлла шеко йолуш лаьцна жима стаг, Товбецан-бутт 27, 2016

Австрехь террорхошна дуьхьал йинчу леринчу операцехь 11 стаг лаьцна меттигерчу Iедалхоша. Ткъа Германехь кхеле озийна 16 шо долу ДаIишан агIонча, даханчу шарахь полисхочунна урс тоьхна, цул тIаьхьа едда Шема дIаяха гIоьртина йолу.

Джихадхой я Iедало цаьрца нийса лоруш болу радикале хьежамаш исламхой тIаьхь-тIаьхьа алсамох бовлуш бу пхийтара а бовланза болчу я 16-17 шераш долчу Европерчу кхиазхошна юккъехь.

Нагахь санна Шемахь я Иракъехь ДаIишан а, кхечу тIемаш бечу тобанийн а могIарех дIакхета дагахь Малхбузерчу пачхьалкхашкара дIаоьхучу кегирхойн а, кхиазхойн а терахь тIаьхьарчу беттанашкахь мелла лахделлехь, - ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIишо тIеман эшамаш ловш хиларца доьзна, - Германехь а, Австрехь а терроран тIелатарш дан луучу я уьш дан кечлучийн терахьаш, мелхо а, лакхадовлуш ду, меттигерчу полисхойн а, къайлахчу сервисийн а векалша чIагIдарехь.

Иштта, масех де хьалха йоккха IалагIож елира хIинцалца схьа террорхойн тIелатарш ца хуьлуш схьайогIучу Австрехь. Венерчу Фаворитен кIоштахь иттанаш меттигерчу тоьллачу леринчу сервисийн белхахойх лаьттачу зондер-тобано схьалецира 17 шо долу кхиазхо. И Лоренц цIе йолу кIант, албанхойн къомахчу доьзалехь кхуьуш волу, бехке веш ву Австрин коьртачу шахьарахь террорхойн тIелатар дан кечлуш хиларна.

Оцу сохьта хаамийн гIирсаша „радикале исламхо“ санна вийца ваьккхина волу иза, дIа теллича, бусалба динца башха дIогара суьпалла йолуш вац карарчу хенахь, ткъа хьалха-м тешна а ша кериста лоруш хилла ву, кочахь доккха жIар а лелош, цуьнан шен социалан машанашкарчу сарташа ма-гайтара.

Мухха делахь, тIаьхьарчу цхьана-шина шарчохь ДаIишан идеологица бала кхочуш а, исламхойн риториках пайда оьцуш а хилла бохуш дуьйцу Венерчу полисхоша и кIант. Ша динан бехкамаш банне а ларбеш воцучу цунна и риторика, хетарехь, шен эшаршкахь пайдаэца оьшуш хиллачух тера ду, хIунда аьлча рэппер санна гэнгстер-рэп олучу стилехь эшарш йохуш хилла иза.

ХIинца амма цу стагца зIенехь а хилла, цуьнца террорхойн тIелатарш дан кечлуш а хилла бохучу шеконашца Германехь а, Австрехь а кхин 12 стаг лаьцна. Царех Германехь лаьцна верг – теша мел тамашийна делахь а, - 12 шо долу бер ду, Лоренцица ватсаппехула шен куьйгашца бомба муха йо бохург дуьйцуш а, Iедалхоша чIагIдарехь, цуьнан Венехь терроран тIелатар дан йолчу Iалашонах лаьцна хууш а хиларна бехке веш ву и жима кIант.

Нохчи чIогIа тIемлой бу бохуш шайга хабарш дийцича нохчийн кегийрхой Iехало.

Ткъа кхаари дийнахь Австрин масех гIалахь 800 леринчу Iедалан ницкъийн белхахоша цхьана хенахь дIаяхьанчу террорхошна дуьхьал операцехь лаьцна кхин 11 стаг, 25 шарера 49 шаре кхаччалца. Царна юккъехь меттигера кхо австрихо а, шиъ боснихо а, шемахо а, болгархо а, ткъа иштта кхин а масех цкъа мацах Югославин юккъехь хиллачу мехкашкара нах бу.

Нагахь санна лийцинчарна юккъехь цхьа а нохчо ца хилар Австрехь бехачу вайнахана боккха кхаъ белахь а, хIетте а Шема агIор дIаоьхуш бу кхин дIа а нохчийн къомах болу кегирхой. Иштта кху деношкахь гIардаьлла Венера бер-берхIитта шераш долу ши кIант цIерачарна а ца хоуьйтуш, къайлаха ДаIишах дIакхета вахана хилар.

Австрерчу нохчийн диаспорин жигархо волчу Тахаев Руслана дийцира Маршо радионе, доллучу дуьнено а емал еш йолчу цу тобанах дIакхета лаар а, тIаме баха лаар а тIамех бевдда баьхкинчу нохчийн доьзалшкахь кхуьучу берашна мичара болу бохучух лаьцна шена хетарг.

Тахаев Руслан: „Цу вайн кегирхойн дайшна-наношна тIом гина, халонаш а гина. ТIамах бовдйина уьш схьабахкочу хенахь уьш кегий бераш хилла ду.

ХIинца кхузахь цхьацца кхечу къомах долчу бераша – маьждигехь нисделча я цхьанха арахь – нохчи чIогIа тIемлой бу я нохчашна санна тIом бан хууш нах бан а бац, нохчийн къам бахьана долуш бусалб дин гIоттур ду бохуш шайга хабарш дийцича а, тIаккха цу берашна, тIамах довдийна дахкийна долчу, и тIом гинарш а, и тIом бинарш а шаьш долуш санна, белшаш нисйой, лапп олий, шаьш чIогIа хеташ буьйлало, тIакккха уьш кар-кара а оьцуш, цхьаццаболчу ницкъаша Iехон буьйлабо.

Юха цул тIаьхьа эцца цIерачарна хууш-ца хууш цхьацца маьждиг чохь цхьа-ши буьйса а йоккхий, цигахь и шайн хIумнаш царна чу а дуттий, уьш цара Шема дIахьовсабо“.

Цу юкъана Германехь еарин дийнахь 6 шо хан кхайкхина ХIанновер гIалахь масех бутт хьалха полисхочунна логах урс а тоьхна, цул тIаьхьа едда Шема дIаяхьа новкъаяьлла хиллачу 16 шо долчу йоIана. Баханчу чиллан баттахь полисхочунна ша урсаца тIелатар дечу хенахь цу йоьIан 15 шо бен а ца хилла.

XS
SM
MD
LG