ТIаьхьарчу шина-кхаа дийнахь масех Iоттабаккхам хилла Австрехь, нохчех хьакхалуш. Шинарин дийнахь Лакхарчу Австрерчу Штадл-Паура олучу меттехь 12-й, 13-й шераш долчу шина кIантах летта цкъачунна ца вевзаш волу талорхо.
Полицино бинчу хаамца, шайн цIанна генайоцучу цхьана арахь бераш ловзуш а, паркур Iамош а йолчу спортан майданахь ловзуш хилла ИсмаIалий, Муслимий цIераш йолу ши кхиазхо. Гарехь, мелла волчу цхьана стаго шайн агIор хичаш йича, и ши кIант цигара ведда дIаваха гIоьртина, и стаг шайн коча ца ваийта.
Амма талорхо тIаьхьа ведда царна. Цу шиннах воккхах верг, 13 шо долу Муслим, ког тасбелла охьакхетча, талорхочо лаьттахь Iуьллуш йолу дечиг схьа а эцчна, беран коьртах йиттина иза. Жимах волчу кIанта халла озийна шен ваша цу талорхочун карарваьккхинчул тIаьхьа кадаьлла шина кхиазхочун ведда кIелхьаравала.
Муслим карарчу хенахь лоьрийн цIийнахь ву. Цуьнан бIаьрг вуно чIогIа Iаржбина, бистина бу. Иштта кортах масех чов йина хилла цунна. Амма иза гIолехь ву. Чевнаш сов дера ца хиларна цуьнан хьал кхерамехь дац.
Талорхо цкъачунна лаца аьтто ца баьлла полицин. Iедалхоша цуьнан сибатах лехамашка виллина ву иза. ТIехьажарехь 20 шарера 25 шаре кхаччалца хан йолуш, лекхачу дегIехь а, оза а волуш ву иза. Дерзинчу дегIа тIе капюшон йолу пхьуйшаш доцу куртка йоьхна а хилла иза, шина вешин дийцарна тIе а тевжаш полицино бинчу хаамца.
Шен рогIехь цу шина кIентан дас, Фейсбукехь Аслан Макс аьлла цIе лелош волчу, хилларг дуьйцуш хаам битина социалан машанехь. Цо доьху шен хаамехь, шен шина берах леттарг лохуш гIо даре. „Тхо дерриш а шок хилла ду.
Боллу доьзал а боьлхуш бутхан. Полицига оха дIахьедар дина, амма шуьгара гIо оьшу тхуна. Муьлха а информаци пайдехьа хир яра тхуна. Тхан берашна метташунарш хила а тарлора. Боккъалла а гIо дахьара аш тхуна хIара информаци яржош“, - аьлла ду дас битинчу хаамехь.
Ала догIу, вуно йоккха халахетаран а, солидараллин а тулгIе гIаттийна цу хаамо. Иза зорбане баьлла дей-буьйсий далале 25 эзар герга фейсбук лелорхочо дIасабаржийна иза. Эзарнаша наха белшашгIорторе дешнаш яздина берийн дега. И зулам дина волу талорхо хIинца а лохуш ву полицино.
Кхаарий сарахь Венехь кхин цхьа а зулам хилла, къона нохчо закъалт а волуш. Цу гIаларчу Пратерштерн социйлина уллохь цунна урс тоьхна цхьана цавевзачу зуламхочо. Жимма хьалха цу Пратерштернан гена йоцучу меттехь кхаа стагах лаьттачу австрихойн доьзална а цхьана цкъачунна вевзаш воцучу зуламхочо урс диттинера. Полицин векало Майерхофер Патрикс дийцарехь, дай-наний, церан кхиина йоIий сарахь японхойн ресторане доьдуш хилла.
Цу ресторанна хьалха царна урс детта волавелла талорхо. Кхоанна а дера чевнаш йина, уьш лоьрийн цIийна кхачийна. Ткъа лазийначех цхьаъ валаран-висаран дозанехь ву. ТIелатар динчу меттехь цхьана полисхочо юхаденваран орца кхачор бахьана долуш валанза ваьлла иза. И тIелатар динарг ведда Пратерштерн агIор къайлаволуш гина тешашна. Цигахь хье ца луш, урс диттина цавевзачо шен новкъа схьавогIучу нохчийн къомах жимчу стагана. Иза а дера чевнаш йина лоьрийн цIийна кхачийна.
Австрихойн доьзална а, нохчочунна а урс диттинарг цхьа стаг ву я и ши зулам тайп-тайпанчу наха дина ду бохург цкъачунна къастийна дац полицино. Сахиллалца зуламхо лохуш лерина операци дIахьош яра Венера полици. Цу Iалашонца Iедалхоша цхьана юкъана дIакъевлинера Пратерштернера метро. БIеннаш полисхой арабевллера уллера паркаш а, урамаш а талла. Амма цкъачунна кхиамза бисина и лехамаш.